ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Нохчийн наноша митинг хIоттор ю шайн кIентий Украинерчу тIаме ца бигийта


Соьлжа-ГIалара "Сердце Чечни" маьждиг
Соьлжа-ГIалара "Сердце Чечни" маьждиг

Украинерчу тIаме шайн кIентий хьийсорна дуьхьал митинге гулбала дагахь бу нохчийн зударий – иштта кхайкхам баржийна меттигерчу мессенджерашкахь. Цу тIехь дуьйцу, митинг гезгмашин-беттан 21-хь хир ю Соьлжа-ГIаларчу "Нохчийчоьнан дог" маьждигна уллохь.

"Вайн барт хилар дIагайта дезаш долу де тIекхаьчна. Вайн бераш хIаллакхилийта тIаме хьовсийна, сан берриг кIентий цигахь бу, царах шиъ велла хIинцле а. Биссинарш ас царна дIалур бац. Со цхьаъ маьждиге араялахь, суна кхерамаш туьйсур бу, йа кхин а галдаьлларг дийр ду, амма вай массо цхьанакхетча, вайн бераш – тоьпан дилха дац аьлча, вайн бераш вайца хир ду. Машанашкарчу статусашца вайга бераш кIелхьарадахалур дац", - аьлла дуьйцу хаамехь.

Оцу хеначохь, Кавказ.Реалиин хьасташа ма-дийццара, Нохчийчуьра куьйгалхочун уллера волу Веданан кIоштан къеда Джафаров Iаьрби керташкахула лелаш хиллера, меттигерчу бахархошка билгаляьккхинчу хенахь цIахь совцар доьхуш.

Гурахь йолчу "коьртачу а, резерверчу а арме кхайкхаран комиссин дакъойн" мобилизацин омрана Кадыровн администрацино куьйг яздича, Нохчийчохь жигара даржадо шайн бераш тIаме ма хьийсаде боху кхайкхамаш. Масала, иштта хаам арахийцира "Другой Кавказ" телеграмерчу каналехь. Вевзаш воцу авторо Кадыров Рамзанан нене Кадырова Айманига кхайкхамбо, куьйгалхочух "лараме воккхахволу ваша, дог-майра стаг" а олуш.

"Рамзан Ахматович, тхан лераме куьйгалхо, тхан кIентий, вежарий, бераш цIахь дитар дехар ду хьоьга. Царах дукхахберш лазийна, дуккха а байъина оцу тIамехь… Вайн къоман нана Аймани, ахьа хьайн кIентана ойла йича, хьо кхетар ю тхоьх. Доьху хьоьга, ма бигийтахь тхан божарий Украине. Ма хала ду тхуна", - боху хаамехь. Иза баккъала хилар билгалдаккха аьтто бац.

  • "Адамийн бакъонаш ларъярехь доккха дакъа лацарна, тIекхуьу тIаьхье ламасташца кхиорна, республикера гражданскан юкъаралла кхиорехь дакъа лацарна а" Кадыровн орден елла къедана Джафаров Iаьрбина.
  • Проектаца а догIуш, мобилизацин кампани йолалур ю гIадужу-беттан I-чохь, дIаяхлур йолуш ю шо чекхдаллалц. Махкарчу чоьхьарчу гIуллакхийн министраллина тIедуьллур ду, къехкашберш гучу а бохуш, тIеман коммисариаташка уьш дIакхачон. Оцу гIуллакхна "ресурсаш кечъе" аьлла, кхаьчначу рекомедацех лаьцна хаамбина урхаллин структурашкарчу Кавказ.Реалиин хьасташа.
  • Кадыров Рамзана дIахьедира, оьрсийн регионашкарчу куьйгалхоша "самомобилизаци" кхайкхо еза, Украинерчу тIаме лаамхой а кечбеш, Кремлехь тIеман хьал хIоттолац ца Iаш. Нохйчийчоьнан куьйгалхочунна хетарехь, хIора регионо цхьа эзар стаг мукъане кечвича - "лерринчу операцин Iалашонаш кхочушъяран хаттар уггар йоццачу хеначохь дерзо йиш хир яра".
  • Бакъоларъярхоша дIахьедо, Нохчийчохь "лаамхой" хила декхаре бо заьIап нах, хан тоьхнарш а. ТIаме нуьцкъаха хьийсабо аьлла духхьара хаамбинчех бара 1ADAT болам: цуьнан векалша бахарехь, Нохчийчохь кегийрхой лечкъабо, харц бехктакхаман гIуллакхашца кхерамаш а туьйсуш, Украине баха декхаре бо, йа даккхийра ахчанаш доьху маьршаваккхарна дуьхьал.
  • Зуламан кодексе "мобилизаци" а, "тIеман хан" а дешнаш юкъаоьцуш низаман проект кховдийна Пачхьалкхан думан депутаташа.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG