ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Нохчийн ницкъахо хилла Халидов политикан тутмакх лерина "Мемориало". Ницкъбарх дийцинчул тIаьхьа дIавайна иза


Гайтаман сурт
Гайтаман сурт

Адамийн бакъонаш Iалашйечу "Мемориал" Центро политикан тутмакх лерина нохчийн полицин а, ОМОН-ан а хилла белхахо Халидов Ясин. Кху шеран аьхка вайна иза, бехкзуламан гIуллакхаш шайггара дуьхьал дахарх, Украинана дуьхьал тIом барх, балхара дIавала хоьвзинчул тIаьхьа шега гIело хьегийтарх дийцинчул тIаьхьа Казахстане вада гIоьртича.

Бакъоларйархошна хетарехь, 20 шо долу Халидов лачкъийра нохчийн ницкъахоша Кадыров Рамзанан рожана критика йарна.

"Кадыровн рожо лоьхура Халидов иза "йамартхо" волуш санна. Цуьнан дахарна кхерам лаьтта - нагахь санна иза дийна велахь", - дIахьедина "Мемориалехь".

Кху шеран стигалкъекъа-баттера схьа дуьйна хууш дац ницкъахо хилларг стенгахь ву. ХIетахь йаздира "Новая газета Европа" гIирсан журналисто Милашина Еленас Халидовх лаьцна артикл зорбане йаьккхира. Цу тIера хиира, лаьцнарг шен 17 шо долуш дуьйна чоьхьарчу гIуллакхийн министраллин Шела кIоштарчу декъехь болх беш хиллийла. Цул тIаьхьа ОМОН-н транспортан декъе дехьавелира иза. Шина шарахь болх бина цо республикера экстремизмана дуьхьало латточу Центран ("Э" Центр) оперативникашца, иштта дакъалаьцна социалан машанашкахь питанаш лелош а, бехкзуламан гIуллакхаш дуьхьал ийдеш а.

2022-чу шеран гезгамашин-баттера схьа дуьйна Украинана дуьхьал болийначу тIамехь дакъалаьцна цо. Цул тIаьхьа сацам бинера цо, низамлардаран органашкара дIавала, амма куьйгалло и лаам къобал ца бира, кхерам тесира, терроризмаца доьзна шаьш бехктакхаман гIуллакх дуьхьал доккхур ду, нагахь санна, иза дIавала гIортахь аьлла.

МуьтIахь цахиларна Халидовх шеконаш кхоллайеллачу селхана цуьнан белхан накъостий хиллачара "официалехь доцуш" лецира иза. Шина кIиранах латтийра иза йетташ, "бепигна а, хина а тIехь", йаздо Мемориало.

Зазадоккху-баттахь Нохчийчуьра водучу Халидовс гIо дехнера оппозицин 1ADAT боламе, Оьрсийчуьра араволуш. Цуьнгара информаци шайна схьа ма кхеччинехь, жигархоша цуьнца йолу зIе хадийра. Украинехь маьршачу нахана, нохчашна зуламаш лелийначунна гIо дан шаьш декхарийлахь дац аьлла. Иштта 1ADAT-о цуьнан дийцар гIарадоккхуш, анонс йира иза пачхьалкхера ара а валале.

Цул тIаьхьа кадыровхой баьхкинера ницкъахо хиллачун да-нана долчу, лехамашка а велира иза. Омскан кIоштара Казахстанца дозанехь йолчу постехь сацийнера иза, тIаккха дIавелира нохчийн ницкъахошка

Карарчу заманчохь хууш дац Халидов стенгахь ву а, йа иза дийна вуй а.

  • Йоккха резонанс йира оцу гIуллакхо Къилбаседа Кавказехь белхаш бечу бакъонашларйархошлахь. 1АДАТ-н жигархой тешна бара Халидов лацар шаьш цунах лаьцна гIарадаккхарна дац аьлла, цул хьалха дуьйна а иза лоьхуш вара боху цара. Ткъа 1АДАТ- боламо цунах лаьцна дIахьединчу бакъоларйархоша иза пачхьалкхера араваккха а ца хьоьвсира.
  • Нохчийн оппозиционераша Халидовца лелийнарг гIиллакх-оьздангалла йоцуш, "ца хилча ца маггал харцо" йу аьлла, мах хадийна цхьайолчу бакъоларйаран организацеша.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG