ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Нохчийн ницкъахоша герз диттина вийна меттигера вахархо, лачкъийна цуьнан зуда а, доттагI а


Соьлжа-ГIала, Нохчийчоь
Соьлжа-ГIала, Нохчийчоь

Стигалкъекъа-беттан 24-хь Нохчийчоьнан Теркан кIоштара ЧIулга-Юьртара (Знаменское) вахархо Бисултанов Мохьмад вийна полисхоша, цуьнан хIусамнана а, доттагI а лачкъийна. Цунах лаьцна шайн хьостанашна тIе а тевжаш дуьйцу 1ADAT боламо, иштта ASTRA хаамийн гIирсо а.

ТIаьххьарчо яздарехь, лакхара лейтенант Кусиев Расул, майор Мусаев Хьасан, лейтенант Мудаев Адам дийнахь 11 сахьт аьлча баьхкинера Бисултановн хIусаме. Церан бахкар официалехь цхьа а бух болуш дацара - ЧIулга-Юьртан вахархочунна дуьхьала болийна таллам бацара. 1ADAT-н хаамца, иза ницкъахоша хьалхо лачкъийнера, Iазапехь латтийнера, республикера Iедал тIаьхь даьллера цуьнан оппозицин хьежамаш бахьанехь.

Хаамбо, Бисултановс уьрсаца куьйганна чов йина хилла Мусаев майорна – дийцарехь, бахьана хилла, ницкъахо цуьнан хIусананна "тIекхийдар". ТIаккха Бисултанов герз диттина вийра, цуьнан хIусамнана лачкъийра - 1ADAT-н информацица, иза хIинца Теркан кIоштан ОВД чохь латтош ю.

Цига вигина Бисултановн доттагI Эльмурзаев Ильяс а, герз детташ хезча вийначуьнга телефон тоьхна хиллера цо. 1ADAT-о дуьйцу, дуьххьара цуьнан вада аьтто баьлла хиллера, амма Эльмурзаев а, цуьнан шича Ислам а федералан лехамашка велира. ТIаьххьарниг шен лаамехь Теркан кIоштан РОВД-н керта веара, цигахь иза Iазапехь латтийра, дуьйцу бакъоларъярхоша, ткъа Ильяс тахана дIалаьцна Краснодаран махкахь.

  • Дечкен беттан 20-хь Чоьхьарчу гIуллакхийн министраллин (МВД) белхалоша ЯнгулбаевгIеран петар чу а лилхина нуьцкъаха, тIе йовха бедарш а ца йохуьйтуш, бакъонашларъярхочун нана Мусаева Зарема Соьлжа-ГIала дIийигира, теше санна хеттарш дан. Цкъа дуьххара Мусаевана кхело 15 дей-буьйсий туьйхира чохь даккха, полисхо сийсазварна аьлла, цул тIехьа цунна дуьхьал бехктакхаман гIуллакх диллира протокол хIотточу юкъанна полисхочунна тIекхетта ницкъ бина аьлла, бехке а еш.
  • Шо хьалха Нижний Новгородехь ницкъхоша лачкъийра вежарий Магомадов Салахь а, Исаев ИсмаьIал а, Оьрсийчуьрчу ЛГБТ-машано Нохчийчуьра дIаваха аьтто бинчул тIаьхьа. Юьхьанца уьш лачкъийна бохург бакъ ца дора меттигерчу полисхоша, амма тIаьхьо элира адвокате, шаьш тешаш санна дареш дан кхайкхина талламо. Вежарий Гуьмсе кхачийра, бехкебира террорхошна гIодарна.
  • Нохчийчохь ГIура-бут болабелчхьана республикан куьйгалхочун Кадыров Рамзанан критикийн гергарнах лечкъийра. Шайн доьзалера нах къайлбовларх дийцира ялх стага – бакъоларъярхоша Янгулбаев Абубакара а, Садулаев Мансуран а, Арцуев Асланан а, иштта оппозицин блогерша Абдурахманов Тумсос а, Халитов Хьасана а, Мализаев Микаила а.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG