Низам лардаран органийн белхахой байъарна бехкевина, 21 шарна чувоьллина волчу Тангиев Тимура кху шеран мангал-баттахь дуьйна Науран кIоштан кхеле а, Нохчийчоьнан Лакххарчу кхеле а 42 административан латкъам хьажийна, № 2 йолчу Чернокозоверчу колонина дуьхьал, иштта Нохчийчухула йолчу ФСИН-н а, МВД-н а урхаллашна дуьхьал а. Ша чохь латторан хьелаш низамца догIуш дац боху цо. Латкъамийн доккха дакъа листа а ца луьстуш йухадерзийна цуьнга.
Тангиевс чIагIдора, колонин белхахоша цуьнан долара хIуманаш схьайаьхна , цхьа а бух ца балош, царлахь цуьнан гата, маркераш, йовха бедар, куй а хилла. Иштта цо дийцина, лоьрийн гIо ца до шена, низамехь а доцуш профилактикан чоьте ваьккхина ша, оьшу хьелаш доцучу автозакаш чохь дIасавигина, иштта латкъамаш бина кхин а, чувоьллинчо бахарехь, чохь латторан хьелаш хьешарна.
Науран кIоштан кхело йухадерзийра Тангиевн административан латкъамаш, амма Нохчийчоьнан Лаккхарчу кхело билгалдаьккхира, латкъамехь бух буьйцуш бац аьлла, цундела хьалхарчу инстанцин кхеле йухаберзийра цара и.
Кавказ.Реалиин сайто йаздарехь, Тангиевс латкъамаш бора шена изоляци йарна а, "кхерамазаллечу меттиге" чуволларна а, ФСИН-н белхахошна хетарехь, тутмакх ша цхьаъ чохь латторан чоь йу йуьйцург.
2003-чу шеран Чиллан-баттахь Соьлжа-ГIалара вахархо а, ши милцо а вийна, бандиталла, талораш лелийна, герз лачкъийна аьлла, бехкевинера хьалхо Тангиев Тимур. 2004-чу шарахь кхело чохь даккха 24 шо хан кхайкхийра цунна, гIуллакх юхатоллучу хенахь 21 шаре охьаяьккхира хан. ХIетахь адвокато чIагIдора, бехккъасторхоша озабезамашца листина, ткъа цхьа могIа тешаша билгалдоккхура, цунна бехке дохку зуламаш дина бохучу заманчохь Тангиев кхечу меттигехь вара бохуш. 2013-чу шарахь ЕСПЧ-кхело 45 эзар евро кхачийра цунна талламаш дIахьочу хенахь тIехь гIело латтийна аьлла – лаьцначо дIахьедора, ницкъахоша йиттира шена, шен дегIа тIехь цигаьркаш дIайойура, ток йоеттийтира бохуш. Цо чIагIдо, бехкаш тIелаьцна ша, шена тIехь Iазап хьегийтича аьлла.
- Гезгамашин-беттан 26-чохь бакъоларъяран "Iазапашна дуьхьалояран Командо" "Арифметика пыток" аьлла рапорт арахийцира Къилбаседа Кавказерчу мехкашкахула долчу хьолах. Бинчу талламашца а догIуш, Къилбаседа Кавказ ша цхьаъ бен йоцу регион ю, масех шарахь шайгарчу бакъонел совбуьйлуш, ницъбинчу ницкъахойн хьокъехь цхьа а таIзар ца кхайкхийначех.
- Адвокаташа а, бакъоларъярхоша а дечу тоьшаллашца, тIемалой хиларна бехкебеш жоьпе ийзиначу наха дукха хьолехь кхелашкахь хаам бо, шайга ницкъаша дареш дайтина, олий.
- Велла дIаваллалц набахтехь таIзар такха кхел йинчу Ражаев Мансура Оьрсийчоьнан финансийн министралле кховдийна иск ах къобалйира Нохчийчоьнан Лакхарчу кхело, низамечу хенахь цуьнан кхелан гIуллакхах йистъяьккхина цахиларна. ГIаттамхо лаьттинчо шена динчу зенна дуьхьал 300 эзар сом тIедожийнера, кхело иттозза лахбира оцу ахчанан барам.