ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Нохчийн ницкъахой наркотикашца дIалецна Ставрополехь. Нохчийчуьрчу МВД-но иза бакъ ца до


Гайтаман сурт
Гайтаман сурт

Ставрополан наркотикашна дуьхьало латточу комиссино "Георгиевск-Новопавловск" некъа тIехь нохчийн полицин белхахой дIалацарх хаам бина – церан машенахь наркотикаш карийна.

Официалан версица, машен лелориг 26 шо долу Нохчийчуьра лахара сержант вара, цуьнца цхьаьна кхин а шиъ махкахо а хиллера – царах цхьаъ республикан полицехь болх беш ву. Таллам боьдучу юкъанна тIаьххьарчо шен хечин киснара хьала а яьккхина, дIакхоьссира порошокан кепехь хIума чохь йолу ларча. Цо дийцина, ша интернетехь эца а эцна, Георгиевскехь "закладка" схьаэцна, аьлла.

Комитетехь хаам ма-барра, 32 шо долчу ницкъахочунна дуьхьал бехктакхаман гIуллакх долийра, низамехь доцуш наркотикаш лелорна – кхаа шаре кхачалц хан тоха мега цунна.

ТIаьхьо Нохчийчуьрчу МВД-но официалехь хаам арахийцира, и информаци харц а еш – хьукматехь тIе ца дуьту, наркотикаш лелорна бехкевеш волчу стага республикехь цкъа а полицехь болх бина хилар.

  • Наркотикийн гIуллакхехула "Ахмат" клубера ММА-н латархо Жамалдаев Салман шина баттана лаьцна вуьтуш сацам бира дайначу шеран лахьан-баттахь Москварчу Кунцевскан кIоштан кхело. Лахьан-беттан 8-хь дIалецира Жамалдаев Москварчу "Внуково" аэропортехь Соьлжа-ГIала ваха кечлучу хенахь. Талламан хаамца, спортхочуьнгахь наркотикаш гучуевллера. Кхаа шарера итт шаре гергга хан кхачо догIу спортхочунна низамехь доцуш, наркотикаш лелорна тIехула йолчу артиклаца.
  • 2015-чу шарера 2017-чу шаре кхачалц Кадыров Ахьмад-Хьаьжин цIарахчу Росгвардин 141-чу ("Север") полкан буьйранча хилла волу Абдулкадиров Рахьман 2021-чу шеран гIадужу-баттахь лецира Москвахь наркотикех вехна а волуш, машен лелорна.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG