ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Магомадов а, Исаев а СИЗО-хь ву, боху Нохчийчуьрчу юкъараллин жигархоша


Нохчийчуьрчу набахташкара хьал тидамехь латточу юкъараллин тергамхойн комиссин декъашхоша хаам бина, шаьш Соьлжа-ГIаларчу номер 1 йолчу СИЗО-хь хилла, ши ваша Исаев Исмаил а, Магамадов Салехь а мухачу хьелашкахь латтош ву хьожуш аьлла. Оцу комиссин векало Межиева Хадижас дийцина цунах лаьцна. Хьалхо "Оьрсийчоьнан ЛГБТ-машано" дIахьединера, лаьцна латтош волчу оцу шина вешех лаьцна информаци яккха аьтто ца хуьлу шайн аьлла.

"Карантин хиларна камераш чухула талламаш бойтуш бац. Амма тхуна магийра чоьхьарчу зIенехула тутмакхашца къамел дан. Мониторан микрофонехула къамел дар ца нисделира, амма тхуна уьш гуш бара, тхо царна а. НеIарна тIерачу ангалин бIаьргачухула дистхилийтира тхо. Исаевца къамел дира цкъа хьалха, тIаккха Магамадовца а. И шиъ вайна вац", - хаам бина комиссин декъашхочо Межиева Хадижата.

Нагахь санна, Исаевн а, Магамадовн а адвокаташ шайга бовлахь, цаьрца юкъарло лелон а реза ду шаьш аьлла цо.

Шина вешин адвокато Немов Александра дийцинера, шина кIантаца цхьанакхета дахначу пIераскан дийнахь билггал мича бахьанашца ца магийна шена хаийтина цахиларх.

"Официалан документ даккха гIиртира со, амма изоляторехь ха дечо багах схьаэлира соьга, ковидна тIехула хIоттийначу карантинехь ву и шиъ аьлла. Стенца йоьзна ю и карантин, ца дийцира. Шега цхьа а чу ма вита аьлла, ур-атталла, адвокат а цхьана аьллера ха дечо. Прокуроре а телефон туьйхира ас. Цигахь а тIечIагIдира суна, хьолах дерг хууш ду шайна, оцу тIехь беш болх а бу аьлла. Цул тIаьхьа кхин суна хIума хаийтина дац", - дийцина адвокато.

Исаевн а, Магамадовн а гIуллакх ТIехьа-Мартанарчу кхеле дIаделла ду, амма гIуллакх листар хIинца а долийна дац аьлла, билгалдаьккхина Немовс.

Марсхьокху-беттан 15-чохь дийца даьккхира, Соьлжа-ГIаларчу талламан изоляторехь латтош хилла ши ваша Исаев Исмаил а, Магомадов Салехь а вайна аьлла. Цунах хаам бинера Дождь телеканале Оьрсийчоьнан ЛГБТ-машано, яздора "Эхо Москвы" радионо.

  • Магамадов а, Исаев а лецира Чиллан беттан 4-хь Лахарчу Новгородехь. Полицехь масийтта сахьтехь бакъ ца дора и шиъ дIалаьцна хилар. Адвокато кегийрхой лачкъийна хиларх лаьцна дIахьедар деш кехат чуделлачул тIаьхьа бен бакъ ца дира Нохчийчуьрчу Iедалхоша, уьш шайн карахь хиларх.
  • Бютукаев Асланан тобанехь дакъалаьцна ву шаьшиъ аьлла, мукIарло дина Магамадов Салехьа а, Исаев Исмаила а, чIагIдо меттигерчу Iедалхоша.
  • Магамадов а, Исаев а дуьххьара лецира 2020-чу шеран бIаьста, Osal Nakh 95 цIе йолчу оппозицин телеграм-каналан модератораш хилла аьлла. Цул тIаьхьа видео арахийцира цара нах къинтIерабохуш – оцу чохь гуш ду царна йиттина хилар. Стохка аьхка "Российская ЛГБТ-сеть" цхьаьнакхетаралло гIодира шина кIантанна Нохчийчуьра Нижний Новгороде дIаваха.
  • Европерчу адамийн бакъонашкахула йолчу кхело (ЕСПЧ) дIахьедар дира, Магамадов а, Исаев а лацаран бахьанаш довзийта шайна, ишта, царна тIе адвокаташ а, лоьраш а, да-нана а дита аьлла.
  • Лахарчу Новгородехь лаьцна вигинчу Нохчийчуьрчу шина вахархочун Магамадов Салехьан а, Исаев Исмаилан а гIуллакх таллар дехна федералан омбудсмено Москалькова Татьянас Оьрсийчоьнан инарла прокуратуре.
  • Оьрсийчоьнан омбудсменан пресс-гIуллакххоша хаам барехь, Зазадокху-баттахь Москалькован цIарах хаамийн гIирсашкахула диллина кехат кхаьчна шина кIентан ненера Магамадова Зараэра.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG