ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Нохчийн оппозицин 1ADAT канал экстремистийн лерина

Гайтаман сурт
Гайтаман сурт

Нохчийн юкъараллин "Халкъан болам 1АДАТ" вовшахтохаралла, оппозицин 1АДАТ телеграм-канал аьлча дика евзаш йолу, йихкинчу экстремистийн организацийн реестре язйина. Хьалхо Нохчийчуьрчу Лакхарчу кхело лерира иза экстремизме.

Дечкен-баттахь Соьлжа-ГIаларчу Заводской кIоштан кхело телеграмера масех публикаци экстремистийн ю аьлла, билгалъяьккхира – оцу искаца хIетахь вистхилира Нохчийчоьнан прокуроран гIовс, махкара Роскомнадзор а, юстицин министралла а, адамийн бакъонаш Iалашъян векал винарг а юкъа а валош. Жоп дала дезарг цхьаьна а воцуш листира гIуллакх – цуьнан метта тIеозийра нохчийн омбудсмен Нухажиев Нурди, амма иза а кхеле ца веара.

ТIаьхьо экстремистийн ю аьлла, дIакхайкхийра йоллу юкъаралла, боламан векало Янгулбаев ИбрахIима хIетахь дIахьедира, оцу сацамца 1ААДАТ къийсалур яц, хIунда аьлча, боламо "террорхошца дийцарш ца до" аьлла.

2020-чу шарахь болх болийна оппозицин 1АДАТ боламо, Нохчийчуьрчу бахархошна хаамаш дIакхачон а, церан бакъонаш ларъян а Iалашонца. Хаамаш гулбеш, тексташ язъеш, видеороликаш йохуш, бакъоларъяран болх беш проектан командехь 30 сов стаг ву. Масала, тахана боламо дIаяздеш ду Украинан дозана тIехь кадыровхоша лелочух а.

  • Жигархо Янгулбаев ИбрахIим- бакъоларъярхочун Янгулбаев Абубакаран ваша а, полисхочунна тIелетта аьлла, бехкейинчу Мусаева Заремин а кIант а ву – Охан-баттахь къайлах лелаш волчуьра гучуваьллачу цо дийцира, 1АДАТ оппозицин боламца шен йолчу уьйрех. Болам кхоьллинчех а, цуьнан куьйгалхойх а цхьаъ ву иза
  • Лахьан-баттахь Роскомнадзоро Оьрсийчоьнан территори тIехь дIакъевлира оппозицин 1АДАТ боламан интернет-ресурсийн цхьа дакъа, Заводской кIоштан кхелан сацаман буха тIехь. Блок тохаран бахьанех лерира Нохчийчоьнан прокуроран гIовса "зуламе Кадыровн режим" аьлла, зорбане хIоттийна материал.
This item is part of
XS
SM
MD
LG