Нохчийчуьрчу Iедалхошна дуьхьал йолчу оппозицин IАДАТ боламо дIахьедина, де хьалха шайн йиллинчу сайтана хакерш тIелетта аьлла. Хьалхо социалан машанашкахь, дукха хьолахь телеграм-каналехь кхуьуш яра IАДАТ болам.
Сайт болх бан йолаеллера церан кху беттан 7-чохь, ткъа шолгIачу дийнахь DDoS-атака йолийра царна дуьхьал, дийцина Кавказ.Реалиига IАДАТ-н векалша.
DDoS-атака – хакерийн тIелатар ду. Цо блок туху сайтан балхана, магийначул а сов нах церан агIоне язбала гIоьртича.
"DDoS-тIелатарш хIинца а деш ду. Оха царна дуьхьало хIоттийна, говзанчаш ларабо цаьрца, цара юхатуху уьш. Цундела дуьххьара а санна, сайт болх беш ю кху мIаьргонехь, нехан аьтто бу сайте бахка", - дийцина IАДАТА-н куьйгалло портале.
Шайна динчу тIелатарна боламан жигархоша бехке лору Нохчийчоьнан Iедалхой.
"Тхешан сайт тхуна хила луу дикка хан яра, цхьа шо дара оха оцу тIехь къахьоьгу. Тхуна оьшуш ю иза, хIунда аьлча, муьлххачу заманчохь Роскомнадзоро социалан машанашка дIакъовлийта тарло. Цундела йозуш йоцу майда оьшу тхуна", - дийцина къамел динчо.
Хаамийн гIирс санна регистраци йийр юй шун сайтана аьлла, деллачу хаттарана жоп дала ца хIоьттира боламан векалш, хIунда аьлча, жигархой талламаш бина, публикацеш язйина ца Iаш, "бакъоларъяран а, гIоьналлин а, политикан а гIуллакх лелош бу" аьлла.
Стохка Охан-баттахь кхоьллинчу IАДАТ телеграм-канало ша "Кадыровн диктатурина дуьхьал йолийна халкъан болам" лору. Нохчийн оппозицин IАДАТ телеграм-каналан зерашца, яхначу аьхка Нохчийчохь лачкъийна вигира мел лахара а 212 стаг. Маршо Радионо шен агIонашкахь яздира лачкъийна бигинчу цхьаболчийн кхолламех.
Зазадоккху-баттахь юкъаяьккхира телеграм-канало "Ютуху мозий" проект: мила, мичахь вадийна, хIун зуламаш дина кадыровхоша хоуьйту цо. "Вайша" меттигашкара дIакхачайо информаци, иза листа а луьстий, бакъ хилча, зорбане йоккху IАДАТ-о – иштта боху цуьнан администратора. Шайн "ютуху моза" лаьцна меттиг нисъелча, сихха баржабо орцан кхайкхам.
Каналан администратора бахарехь, 60 гергга информатор ву IАДАТ-ехь. Цкъачунна "ютуху мозашлахь" 90 стаг ву, амма ши-кхоъ бен вац жигара.
Кавказ.Реалиица къамел динчу "Iазапна дуьхьалояран комитетан" юриста Янгульбаев Абубакара бакъ лору IADAT-о яржош йолу информаци.
"Суна гарехь, IADAT-о информаци лецначийн, байначийн гергарчаьргара, лулахошкара лахьайо. Цо аьлла масех меттиг зен сан а дезна, паблик бакъ луйьш карийна", – элира юриста.
Карарчу хенахь IАДАТ канале язвелла ву 16 эзар стаг, дийнахь 250 эзар стага йоьшу цара зорбане йоккху материал, дуккхаъчара пайда а оьцу царех, - аьлла ду йиллинчу статистикехь яздина.