ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Нохчийн парламентан спикер хилларг ФК "Ахматан" президент волчуьра дIаваьлла. Цуьнан меттиг дIалаьцна Кадыровн кIанта


Magomed Daudov
Magomed Daudov

Нохчийчоьнан куьйгалхочун уллорчу накъосто Даудов Мохьмада "Ахмат" футболан клубан президент волчуьра дIаваьлла, цу даржехь волу 13 шо а дара иза, 2011-чу шарера дуьйна. Дахначу кIирнах цо ишта охьадиллира республикан парламентан куьйгалхочун дарж а. Оцу белхашкара иза дIаваларан бахьана хууш дац.

Клубера дIавахарах лаьцна Даудовс хаамбира шен телеграм-каналехь – цо билгалдаьккхира, ша даржера дIаваларх “йуьстах волуш вац” ша клубехь эцна пайда кхин дIа а бекъа дагахь ву аьлла. Карарчу хенахь Даудовгахь дисна "СВО-н" гIо ден регионалан штабан куьйгалхочун дарж – ишта олу Оьрсийчоьнан Iедало Украине чугIортарх.

ФК "Ахмат" клубан керла президент хIоттийна селхана спортан министр хIоттийна волу Нохчийчоьнан куьйгалхочун 18 шо долу кIант Кадыров Ахьмад. Оцу даржехь цуьнан хьалхара гIовс хIоттийна культуран а, спортан министраллехь и санна долу дарж дIалаьцна волу Даудов Iумар. Коьрта директор висина Айдамиров Ахьмад, Рамзанан стунваша, Кадыров Медни ваша.

  • Нохчийчоьнан парламентан куьйгалхочо Даудов Мохьмад шен хенал а хьалха дарж охьадуьллуш ву. Цунах лаьцна дIахьедина парламентан спикеро йоьдучу кхеташонехь, хаамбина ЧГТРК "Грозный" телеканало. "Нохчийчоьнан урхалхочуьнца Кадыров Рамзанца цхьанакхетар хиллачул тIаьхьа ас сацам бина сайна тIера декхарш охьадохкуш", - дIахьедина Даудовс.
  • Стигалкъекъа-беттан 21-чохь шегара дарж охьадиллира Нохчийчоьнан премьер-министро Хучиев Муслима, цунах лаьцна хаамбира мехкан урхалхочо Кадыров Рамзана. Цо бахарехь, Хучиев кхечу балха дехьаволуш ву – стенга, билгал ца даьккхира цо. Цуьнан декхарш цкъачунна кхочушдийр ду Тумхаджиев Iийсас – автомобилан некъийн министр ву иза республикехь, Кадыровн нуц лоруш ву иза.
  • Нохчийн мотт Iалашбан, кхион вовшахтоьхначу экспертийн кхеташонан дIахIоттам карлабаьккхира Нохчийчоьнан куьйгалхочо Кадыров Рамзана зазадокху-баттахь, шен йоI Хадижат (Карина) а, кIант Ахьмад а цу йукъа а тухуш.
  • Дахна шо доьрзуш Хадижат а, цуьнан 18-шо долу ваша Кадыров Ахьмад а лахьан-беттан 30-хь йолийна гIуран беттан 12-чу дийне кхаччалц Дубайхь дIайаьхьначу климатан СОР28 саммитан Оьрсийчоьнан делегатийн тобанан тептаран йуккъе дахара. Церан болх-некъ цхьана а кепара климат хийцайаларца боьзна боцушехь. Цига уьш бахар доьзна дара регионан куьйгалхочо шен берийн статус хьалайоккхуш, уьш политикан дахарна жигара йукъаийзош, аьлла билгалдаьккхира Кавказ.Реалии редакцино хеттарш динчу эксперташа.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG