ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Нохчийн политикан тумакхан Мусаева Заремин могушалла йуха а телхина йогIу


Мусаева Зарема
Мусаева Зарема

Устрада-ГIалара колонихь йолу, цхьа могIа дIа ца йовлу цамгарш токхучу нохчийн оппозиционерийн ЯнгулбаевгIеран ненан Мусаева Заремин могушалла йуха а цIеххьана галъйаьлла, йола а ца йалало иза, дIахьедо цуьнан кIанта, бакъоларйархочо Янгулбаев Абубакара.

Мусаева дарбан цIийне йуьгуш йу аьлла, йаздина Янгулбаевс шен телеграм-каналехь. Кавказ.Реалии сайтана йеллачу комментарихь цо дийцина, Нохчийчохь бехачу шайн генарчу гергарчу нахера хиъна шена ненан могушалла эшна хиларх. Цара хаамбинера, ур-атталла Iасанашца а лелалуш йац иза, гIудалкх чохь дIасалела аьлла.

Цунна хетарехь, цуьнан бахьана доьзна хила тарло колонихь Мусаевана "говзалла йолу лоьраш а, дика молханаш а" кхачош цахиларца,

Делахь а, билгалдоккху бакъоларйархочо, цунна хетарехь, Мусаева йолчу камери чу колонин белхахой бахначух тера ду, дукха хан йоццуш кеп-кепарчу зорбанашна Нохчийчоьнан куьйгалхочун Кадыров Рамзанан могушаллех а, политикехь хиндолчух а лаьцна а ша йен комментареш дIагайта. Иза тешна ву, цара цунна психологин Iаткъам бина хир бу аьлла – хетарехь, тIаккха кхин а тIе "вон хиллачух тера ду цунна".

Дахначу кIиранах Мусаева Заремин могушаллин хьолах лаьцна дина жамIаш хийцира лоьрийн комиссино Нохчийчохь. Хьалхо хIоттийначу диагнозехь билгалдаьккхинера, шолгIачу кепехь йолу цуьнан диабет дуккха а чIагIйелла йогIу аьлла, ткъа хIинца йаздина диабет чолхаллаш йоцуш йу аьлла. Оцу тIехула Мусаеван дог дохийла йац могушалла бахьана долуш набахтера арайоккхур йу аьлла, кхетийра цуьнан адвокато Савин Александра.

Ши кIира хьалха Мусаевас дийцира ша йолчу веанчу шен адвокате Савин Александре инсулинан барам шена совбаккхарх дукха хан йоццуш дарбанан цIийнехь шен могушалла зийначул тIаьхьа. Иштта масех кIиранашкахь когехь лаьттинчу са ца тохалучу лазарша буса наб йайъинера цуьнан, даим лазар теден молханаш мела декхаре йара иза, церан барам а алсамбаьккхинера.

Мусаева дарбанан хIусаме охьайилларх хаамбира зазадокху-бутт бовш. ХIетахь лазарш доцург а, цо латкъамаш дора цIеххьана бIаьрса лахделла шен бохуш - бIаьргашна дуьхьал марха а йеана аьллера лоьраша.

  • 2022-чу шеран дечкен-баттахь Нижний Новгородерчу петар чу а лилхина, нуьцкъаха Мусаева Соьлжа-ГIала дIийигира кадыровхоша. Мусаева Заремина полисхо сийсазварна, лазорна бехкейина, чохь даккха 15 де-буьйсий туьйхира кхело. Цул тIаьхьа цунна дуьхьала бехктакхаман гIуллакх гIаттийра – дийцарехь, протокол хIотточу юкъанна полисхочунна тIелеттера иза. Кадыров Рамзана бахарехь, "цхьана мIаьргонна цуьнан бIаьрг боккхуш" хиллера цо. ТIаьхьо хьарамлонаш лелорна бехке а йира и.
  • Товбеца-баттахь Соьлжа-ГIалахь Мусаевана пхи шо ахшо хан кхайкхийра набахтехь йаккха, тIаьхьо хан йацйира кхин а эхашарна. Бакъоларйархошна хетарехь, цунна тIаьхьабовлар "цуьнан доьзалера божарий цIа бахкийта Iалашонца, йа царна бекхам беш" дина хIума ду аьлла. Адвокаташа дIахьедора цуьнан гIуллакхца харцонаш лелорах. 2023-чу шеран гIуоан-баттахь хенал хьалха Мусаева Зарема набахтера арайаккха дуьхьало йира.
  • Бакъоларйархошна хетарехь, цунна тIаьхьабовлар "цуьнан доьзалера божарий цIа бахкийта Iалашонца, йа царна бекхам беш" дина хIума ду аьлла. Адвокаташа дIахьедора цуьнан гIуллакхца харцонаш лелорах. 2023-чу шеран гIуоан-баттахь хенал хьалха Мусаева Зарема набахтера арайаккха дуьхьало йира.
  • ЯнгулбаевгIеран доьзална кхерамаш тийсира Кадыровс, Мусаева лачкъийна шолгIачу дийнахь. Дукха ца Iаш шен кхерамаш хазийра цо дIайазйинчу видео тIехь. Кхерамашна тIетайра нохчийн лаккхара ницкъахой а, хьаькамаш а, Соьлжа-ГIалахь дIайаьхьира ЯнгулбаевгIеран доьзална дуьхьал хIоттийна митинг. Цигахь дагийра, когашца хьийшира, этIийра церан суьрташ.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG