ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Нохчийн политикан Закаевн вашас цунна критика йина шен керта ницкъахой баьхкича


Закаев Ахьмад ву Украине оьрсийн чугIортарна дуьхьала хIоттийначу акцехь. Лондон, 2022-чу шеран Зазадоккху-беттан 5-гIа де

Закаев Iелас, къобалъязчу Ичкерин урхаллан куьйгалхочун Закаев Ахьмадан воккхахволчу вашас, шен гергарчу стага Украинехь динчу дIахьедаршна критика еш видеокхайкхкам дIаязбина. Хьалхо Кавказ.Реалиина хиира, Закаев Iелин Хьалха-Мартанчуьра хIусаме цхьана дийнахь шозза ницкъахой баьхкина хиларх, шайца видеооператор а волуш.

Кхайкхам нохчийн маттахь арахийцира телеграмерчу "Про Чечня" каналехь.

"Закаев Украине вахана, Ичкерин векал ву ша бохуш, Нохчийчуьра [тIаме] боьлхучаьрга Оьрсийчоь агрессор ю бохуш хьийза. Аса сайна хетарг эр ду цуьнан хьокъехь. Оьрсийчоь – агрессор яц. Кхузара новкъабевлларш вайн бусулба дин а, шайн пачхьалкх а ларъян арабевлла… Нахана хаьа, аша [Закаевн делегацис] мел-дуьйцург пайда боцу хIума хилар", - аьлла Закаев Iелас. (Нохчийн маттера Кавказ.Реалиин гочдар).

Цо иштта тIетоьхна, нохчий "меттахIоттийначу республикехь хIумма а тIе ца оьшуш" бехаш бу аьлла.

Стигалкъеъка-беттан 23-хь Кавказ.Реалиина хиира, Закаев Iелин хIусаме ницкъахой баьхкина хиларх, шайца видеооператор волуш. Хьолана уллорчу хьостано хаамбина, Закаев нуьцкъаха видео тIе дIа а язвина, дIабахана хилла уьш, иза шайн куьйгалле дIагайта, амма юхабаьхкина оцу жамIана шаьш реза ца хиларна. ТIаьхьо Закаев Iелас камерана хьалха дIабийшира цара кечйинчу текстан чулацам. Закаев Ахьмадан Киеве вахарца а, цо цигахь динчу зевнечу дIахьедаршца а доьзна хета иза къамелдечунна.

  • Иза дуьххьара дац нохчийн ницкъахоша Закаев Ахьмадан гергара нах Iедалехьа йолчу видеош тIехь дIаязбала декхаре беш. Дайначу шеран ГIуран-баттахь Закаев Iелас къам дика деха бохуш, шен вешига Iедална критика ма йе бохуш, видео дIаязйира. Иштта цо бохура, Нохчийчоьнан куьйгалхочо Кадыров Рамзана цуьнан цхьахдолу дехар кхочушдина: "Суна гIо дина, суна кхузахь вайн паччахьо (Кадыров Рамзана. - ред.) гIо дина, вошалла дина, сан дехарна жоп делла. Делан пурбанца, [нохчийн] къам дика деха, къоманна хIумма ца оьшу. Дала диканиг дойла".
  • 2021-чу шеран Гезгмашин-баттахь Закаевн гергарчара камерана хьалха неIалташ элира цунна. Гезгмашин-беттан 22-хь Закаевн гергарнаш бевзаш боцчу герзаца болчу наха дIабигира. Гезгмашин-беттан 23-хь масех Кадыровгахьа йолчу инстаграмерчу агIонашкахь гучуелира цаьрца видео.
  • Хьалхо къобалъязчу Ичкерин векалш, шен коьртехь арахьарчу урхаллин хьалханча Закаев Ахьмад а волуш, цхьанакхийтира Киевехь Украинан Лаккхарчу радан профилан дуьхьалонан комитетан векалшца а, депутатца Гончаренко Алексейца а, Оьрсийчохь магийна йоцчу ГIирмерчу гIезалойн боламан куьйгалхочуьнца Джемилев Мустафаца а, хьаькамашца а, иштта, Украинан ТIеман ницкъийн могIанашкара нохчийн тIемалошца а. Закаев ца х1оьттина цхьанакхетарх лаьцна дерриг охьадийца, амма д1ахьедина, делегацино Украинана "дукха хIуманна тIехь" г1о дийр ду аьлла.

Коьрта теманаш

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG