ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Нохчийн политологна Кутаевна компенсаци хIоттийна Европерчу адамийн бакъонашкахула йолчу кхело


Руслан Кутаев, архивера сурт
Руслан Кутаев, архивера сурт

"Кавказана къаьмнийн Ассамблейн" куьйгалхочун, нохчийн политологан Кутаев Русланан латкъам теллина, цунна жоп делла Европерчу адамийн бакъонашкахула йолчу кхело. ГIуллакх доьзна ду 2014-чу шарахь наркотикаш латтийна аьлла бехкевина, деа шерахь гергга набахтехь латторца.

Кутаевн хьокъехь адамийн бакъонех йолчу Конвенцин къепеш: ницкъбар цамагош, нийсонца довхатта йелла бакъо, маршонан бакъо, стагана тIекховда йиш цахилар ца лардина аьлла, тIечIагIдина кхело.

ЕСПЧ-н сацамехь билгалдоккху, иск чуйеллачу компенсацин барам къастийна бацара, кхелана тIехь битинера и харжам. 52 эзар евро цунна дIадалар тIедожийна кхело.

Кавказ.Реалиина йеллачу комментарехь Кутаевс билгалдоккху, ЕСПЧ кхелан сацамехь коьртаниг ду таIзар дар тIерадаккха бух битар а, "сан гIуллакх таллар, цуьнан мах хадийна, жамI дар, суна дуьхьал долйина гIуллакх фабрикаци йара, политикан бух болуш аьлла" сацамбар. Сацам кхочушбарх лаьцна Кутаевс дегайовхо къадийна, политикан тутмакхаш а, шайггара гIуллакхаш дуьхьалдаьхнарш а маьршабахаран перспективаш а санна, йоьллур ю "Оьрсийчохь гергарчу хенахь Iедалан коьрте демократи йохьу нах баьхкича".

Бакъоларйархочо Чиков Павела тергойина, адамийн бакъонашхкахула йолчу Конвенцина юкъара Оьрсийчоь йаьллачул тIаььшхьа ЕСПЧ кхело листинчу Оьрсийчуьра шина гIуллакхах цхьаъ хилар Кутаевн латкъам. ЕСПЧ-хь Оьрсийчоьнан гIуллакхийн жоьпалла тIедиллина Болгарин кхелахочунна Грозев Йонконо.

  • Кутаев Руслана а, цуьнан адвокаташа а наркотикех гIуллакх шайггара Iедалхоша кхоьллина дара олу. Лацале масех де хьалха 1944-чу шарахь нохчий а, гIалгIай а дIабохийна рогIера шо кхчарца доьзна конференци хIоттийнера Кутаевс. Мехкан урхалхочуьнца Кадыров Рамзанца дагабевлла хIоттийна бацара и барам, депортацих лаьцна дийцар дихкинчу цуьнан политикаца йогIуш йацара конференци.
  • Кутаевс дийцира, гIуллакх Iаламат шога вовшахтоьхна дара, полисхоша наркотикаш а ца тийсира цунна, протокол хIоттира карийна шайна аьлла. Цул тIаьхьа лаьцча ницкъбира Кутаевна. Бакъоларйаран "Мемориал" центро политикан тутмакх лерира иза.
  • Зазадокху-беттан 16-чохь Оьрсийчоь Европан Кхеташонна юкъара йаьккхира Украинехь тIом болорна. Цунна дуьхьал жоп луш Москвано сацамбира ЕСПЧ кхелан тIедахкарш цул тIаьхьа дуьйна кхочуш ца дан. Иштта низамна куьйгйаздира Оьрсийчоьнан перзиденто Путин Владимира мангал-беттан 11-чохь.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG