ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

"Нохчийн республикана динчу гIуллакхашна" аьлла, мидал елла Кадыровс шен 21 шо долу йоIана


Кадыров Рамзан
Кадыров Рамзан

Нохчийчоьнан куьйгалхочо Кадыров Рамзана омрана куьйгъяздина, шен 21 шо долчу йоIана - Соьлжа-ГIаларчу школазхойн дешаран департаментан хьаькамна Кадырова Хадижатна, "Нохчийн республикана динчу гIуллакхашна" аьлла, мидал луш. Кадырова Хадижатна совгIат дарх шен инстаграмехь хаамбинчу нохчийн Iедалхойн администрацин куьйгалхочо Таймасханов ГIаласа яздарца, "бахначу муьрехь гIалин школазхойн дешаран сферехь баккхий кхиамаш хилла".

Иштта Кадырова Хадижатна совгIат дина, "школазхойн дешаран система кхиорехь дакъалацарна" а, хьанал, ала хIума доцуш болх барна" а.

Шен 20 шо долуш, 2020-чу шеран ГIуран-баттахь, дарже хаийра Кадырова Хадижат. Цул хьалха Соьлжа-ГIаларчу цхьахйолчу берийн бешан куьйгалхо лаьттира иза.

Кадыров Рамзанан йоккхахйолу йоI - 22 долу Кадыров Iайшат- культурин министр хIоттийра гурахь.

Кху шеран Товбеца-баттахь Кадыров Рамзанан нанна, Кадырова Айманина I-чу тIегIан билгало елира, "ГИБДД-хь гIуллакх деш кхиамаш гайтарна".

Американ Цхьаьнатоьхначу Штатийн пачхьалкхан департаментан санкцийн тептаре ваьккхира Товбеца-баттахь Нохчийчоьнан куьйгалхо Кадыров Рамзан а, цуьнан хIусамнана Медни а, ши йоI Iайшат а, Хадижат а.

Американ Цхьаьнатоьхначу Штаташа дуьххьара тухуш яцара санкцеш Кадыровна – 2017-гIа шо доьрзуш Штатийн финансийн министралло ваьккхира иза а, цуьнан гонера массех стаг а санкцийн "Магнитскийн тептаре". "Кхел йоцуш нах хIаллакбарна а, адамийн бакъонаш хьешарна а, къоманна тIехь къизаллаш лелорна" аьлла, билгалдаьккхинера министраллехь

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG