ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Нохчийн ши мухIажар Францино дIалуш царна кхерам хилар ца лерина аьлла ЕСПЧ-но


Страсбургера ЕСПЧ кхелан Штаб-квартира, Франци
Страсбургера ЕСПЧ кхелан Штаб-квартира, Франци

Францин Iедалша шайна депортаци йечу сацамна Нохчийчуьрчу шина мухIажаро бинчу шина латкъамна жоп делла адамийн бакъонашкахула йолчу Европера кхело. Шина а гIуллакхехь Европан Конвенцин адамна тIехь Iазап лело а, стеган сий дойъуш, цуьнца шога хилар а доьхкуш йолу 3-гIа къепе йохийна хилла аьлла кхело. Оцу хьоле кхачавора латкъам бина шиъ, нагахь санна, Оьрсийчоьне дIалахь.

R. (арзхойн цIераш йохуш яц, кхелан пресс-релизехь а хьалхара элпаш бен яздина дац) Франци веанера ша жима бер долуш, боллу доьзална мухIажарийн статусаш елира. Масийттазза зуламан жоьпалле озийнера иза, 2017-чу шарахь бехкевира «Исламан пачхьалкх» шех олучу террорхойн тобанех дIакхета гIортарна, цунна чохь яккха ялх шо хан туьйхира. ХIетахь дIаяьккхира цуьнгара мухIажаран статус.

2020-чу шарахь сацамбира цунна депортаци ян, цуьнан аьтто ца хилира цунна латкъамбан. 2020-чу шеран лахьан-баттахь кхело дуьхьало йира депортаци яр юкъахдаккха. ШолгIачу дийнахь оцу сацамна дина арз дIатеттира цо, тIаьхьа чуделлера, дуьззина а дацара аьлла, оццу дийнахь R. Оьрсийчу дIахьажийра.

ЕСПЧ кхелана хетарехь, R мухIажаран статусах воккхучу хенахь Женевон конвенцино хIиттийна долу бахьанаш лерина ца хиллера, иштта мухIажар виссира R., тергоне ца ийцира иза а депортаци йеш. Цул совнах, францхойн кхело депортаци йар сацор луьстучу юкъанна, ЕСПЧ-на хетарехь, Оьрсийчу R. дIалахь цунна хиндерг кхачам боллуш теллина а дац. 7920 евро компенсаци хIоттийна R-на.

ДIахьедар дина W. Франци кхаьчна, мухIажаран статаус йелира цунна 2007-чу шарахь. Цул тIаьхьа шозза Оьрсийчу ваханера иза – Санкт-Петербургехь цомгаш волчу шен дена тIехIотта а, Къилбаседа ХIирийчохь керла арахьара паспорт даккха а. 2020-чу шарахь Францин чоьхьарчу гIуллакхийн министралло процедура йолийра, W. Исламистийн боламца уьйраш йолуш ву, 2010-чу шарахь Пакистанехь тIеман Iаморашкахь хилла ву аьлла, шеконаш кхоллаяларца. 2021-чу шеран дечкен-баттахь ЕСПЧ-но Iалашваран бараман къепехь сацийра W-на Оьрсийчу депортаци йеш бина сацам.

W-с шен латIкъаман хьокъехь аргументаш ялийна, цуьнгарчу хаамашца, иза нохчийн гIаттамхошлахь хилла ву аьлла, шайн кхоллаелла шеконаш Оьрсийчоьнан Iедалхошка дIакхачийна францхойн Iедалхоша, и бахьанехь лаца а, ницкъбан а тарло цунна Оьрсийчохь аьлла. Францин префектурин Оьрсийчоьнан кунсулаллица къамел хиллачул тIаьхьа, шозза иза тIекхойкхуш кехат деанера цуьнга Соьлжа-гIалахь, ницкъахой баьхкина хиллера цуьнан гергарнаш болчу. Оцу юкъанна Францин Iедалхоша и тIекхайкхар бух болуш дац элира.

ЕСПЧ-но жамI дина, тIекхойкхуш даьхкина кехаташ баккъал дацара алар тоъал лард долуш дац, реза хилла латкъамбинчуьнца, цунах лаьцна хаамаш францхойн Iедалхоша Оьрсийчоьне дIакхачорца цунна кхерам лаьтташ хиларх. W-на компенсаци хIоттийна 4500 евро, цул совнах, ЕСПЧ-но тIечIагIдина, кхин дIа а иза Iалашвен барамаш оьшуш хилар.

Охан-баттахь бакъонашларъяран «Мемориал» центре кхечира, политикан тховкIело йоьхуш хиллачу, Оьрсийчоьне дIавеллачу Нохчийчуьрчу Мурадов Дауда шайга кхачийна конфиденциалан информаци Оьрсийчоьнан официалан органашка Францин Iедалхоша дIакхачорах тоьшаллаш. Иштта дIакхачийнера Мурадовс шен гергарчех а, шена гIо динчу бакъоларъяран организацех а шайга мел дийцинарг. 2020-чу шеран гIуран-беттан 11-чохь Францира араваьккхира Мурадов, Оьрсийчу дIа ма кхаччара лецира иза, цунна тIехь ницкъ бинера, велира иза чиллан-беттан 6-чохь, Нохчийчохь лаьцна латточу заманчохь. 19 шо дара цуьнан лечу хенахь.

  • Нохчо Ш.Артур Оьрсийчоьне дIавала кечвеш ву Швецино - мухIажаран статус цунна яла дуьхьало йира Швецин миграцин Iедалша. «Вайфонд» ассоциацихь дийцира Кавказ.Реалиина, Нохчийчохь Ш.Артурна тIехь гIело латтийна аьлла.
  • 36 шо долу Нохчийчуьра Гериханова Амина лецира Зазадокху-беттан 13-чохь шен жимачу бераца Румыница долчу дозанехь Украинера араяла гIертачу хенахь. Оьрсийчоьнан дехарца Интерполон лехамашка еллера иза – мухIажар бехкейо Шеман дозана тIехь боьлхучу тIемашкахь дакъалацарна. Пхи шо гергга хьалха Нохчийчуьра дIаяхара Гериханова, цул тIаьхьа Киевехь ехира иза. Румынехь иза дIалецира, цуьнан кIант берийн цIийне хьажийра – тIаьхьо цуьнан гергарчу стага дIавигира иза цигара. Шена экстрадици йеш хиларх Гериханова Аминас чуделла арз луьстуш ду ЕСПЧ кхелехь. Цкъачунна иза Iалашъеш, кхело сацам тIеэцна Гериханована экстрадици яр доьхкуш, цуьнан арз теллина даллалц.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG