ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Нохчийн спецназан командирана Алаудиновна Украинехь дIовш делла хилла аьлла дIахьедина Кадыровс


Алаудинов Апти
Алаудинов Апти

Лерринчу "Ахмат" декъан командир, сепаратистийн "ЛНР" олучу халкъан милицин 2-чу корпусан урхалхочун гIовсана Алаудинов Аптина дIовш делла Украинехь. Цунах лаьцна шен телеграм-каналехь дIахьедина Нохчийчоьнан куьйгалхочо Кадыров Рамзана.

Цо бахарехь, чиллан-беттан бархIолгIачохь гIоьнчашкахула кехат кхаьчна хилла Алаудиновга, "дIовш тоьхна" – муьлха дIовш, хууш дац, говзанчаш бу анализаш йохуш. Спецназан командир а, цуьнан ши адьютант а хьалхара лоьрийн гIо кхачийначул тIаьхьа Москварчу клинике дехьаваьккхина – Нохчийчоьнан куьйгалхочун дешнашца, церан дахарна кхераме хIуммаъ дац карарчу хенахь. Мел зен дина могушаллина, хууш дац. Кадыровс дIахьедина, оцу гIуллакхехула талламабар долийна, "жамIаш хIинцале а долуш ду". Ша Алаудиновс хиллачух лаьцна йеш комментарий йац. Инцидент тIечIагIйеш а, Аладудиноа дарбанан цIийнехь хиларх а лаьцна йозуш йоцчу хьасташкара цхьана а кепара тоьшаллаш дац.

Оцу юкъанна чиллан-беттан 10-чохь Дагестанан куьйгалхочо Меликов Сергейс дIахьедина шен телеграм-каналехь видео а хIоттош, ша Украинехь хиларх. Оцу видео тIехь цуьнца цхьаьна ву Алаудинов Апти.

  • Сепаратистийн халкъан "ЛНР-н" милицин 2-чу армин корпусан командиран гIовс хIоттийра Алаудинов Апти стохка лахьан-баттахь. Цул а масех де хьалха Нохчийчоьнан экономикан а, юкъараллин а кхерамзаллин секретаран даржера Алаудинов дIаваьккхира.
  • Марсхьокху-беттан юьххьехь нохчийн Совбезан секретаран дарже ваьккхинчу Алаудиновна, Оьрсийчоьнан Турпалхочун седа белира.
  • Кадыровн рожан критикаша дIахьедира Кавказ.Реалиига, Алаудинов тIамтIе ваханера "бехкех цIанвала" - Кадыровна хьалха "бехк дIабаккха", "Новая газетан" хаамашца, 2019-чу шарахь "забар йеш, Кадыров Рамзанан суьртана тIара тохар" дара цунна дуьхьал даьккхинарг. Алаудиновс дохку бехкаш харцдира, "сох лаьцна и боьха хIуманаш яздийриг схьакарор ву, жоп а доьхур ду" аьлла, видео дIаязйира цо.
  • Марсхьокху-беттан 25-чохь Украинан кхерамзаллин Урхалло шеконашка ийцира Алаудинов Украинан цхьаалина тIекховдарна а, цуьнан бух бохон гIортарна а. Дуьйцург ду зазадокху а, охан а беттанашкахь Алаудиновс Украинана дуьхьал Оьрсийчоьно болийначу тIамехь дакъалацар, "Ахмата" Рубежныйхь а, Кременнойхь а, Северодонецкехь а лелочунна тIехь куьйгалла а деш.
  • Цхьаьнатоьхначу Штатийн Пачхьалкхан департаментан санкцийн тептаре вазвира Алаудинов Апти. ТIаьхьо цунна дихкира Латви ван а. 2020-чу шарахь санкцеш йехира нохчийн ницкъахочунна дуьхьал Британино а.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG