Нохчийчохь массарна а хьалха бехкаш даьхна рогIерчу "хIумахуучу" зудчуьнгара, цунах лаьцна сюжет гайтина республикерчу "Грозный" телеканалан эфирехь.
Евзаш йоцчу зудчо берцан Iов тосу петар чу воьдучохь. Стенгахь яьккхина видео, билгалдоккхуш дац.
Цул тIаьхьа, хетарехь, изза зуда ю МВД-н декъехь гойтуш, цуьнгара бехкаш дохуш ву, Нохчийчохь "жинаш арадохуш", Кадыров Рамзанан уллорчу гонера волу "Исламан медицинан Центран" куьйгалхо Эльжуркаев Адам.
Муьлхачу низаман бух тIехь лаьцна "хIумахуург", къаьстина дац. Ша динчух цо кхетаво "Грозный" каналан эфирехь, эмгараллица доьзна дара аьлла.
"19 шо а ду, шен дуьххьара хилла зуда схьаяло гIертачу цIийндеца со Iаш йолу… Цундела яхара со и дан. Iов церан неIаре тасарца, шен дуьххьарлера зуда юхаяло сан цIийнден лаам бохо гIоьртира со", - боху видео тIехь лаьцначо.
"Грозный" ЧГТРК-н эфирехь оцу юкъанна билгалдоккху, "хIумахуучо" петарца галъяьлла кхечу нехан неIаре тесна хилар Iов.
- Оккультисташна тIаьхьабийла буьйлабелла Нохчийчохь масех шо хьалха дуьйна. Цхьана 2021-чу шарахь оцу кепара лецарш хилла, меттигерчу телехьожийло гайта а гойтуш, мел кIезиг а 14-зза. Кху шарахь массарна хьалха "бозбуанчалаш" лелорна бехкаш дохуш практика кхин дIа а хьош ю – Кавказ.Реалиино хаамбира оцу тайпачу хиламех гIуран-баттахь а, зазадокху-баттахь а. Даим санна, шайгара даьллачунна дохкобуьйлу лецна балийнарш, камерана хьалха бехк ца биллар а доьхуш. "Терроризмел а, наркоманел а кхераме" ду боху сюжеташкахь цара лелориг.
- Нохчийчуьрчу бахархойн "сийсазе гечдар доьхуш" видеон тидам бира Американ Цхьаьнатоьхначу Штатийн Комиссино шен дуьненаюкъарчу динан маршонех лаьцна 202I-чу шарахь арахецначу рапортехь. Талламан авторша хьийхира Вашингтонна, хьалхо ЧГТРК "Грозный" телехьожийлан директор хиллачу, Нохчийчоьнан зорбан министрна Дудаев Ахьмадна дуьхьал санкцеш яха аьлла.