ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Нохчийн тIемалочо гечдар дехна Кадыровга ша Украинехь каравахарна


Украинан дозана тIехь бу нохчийн эскархой. 2022 шо. Гайтаман сурт
Украинан дозана тIехь бу нохчийн эскархой. 2022 шо. Гайтаман сурт

Украинера йийсарехь Iийна цIа баьхкинчу "Север-Ахмат" нохчийн полкан пхеа эскархочух цхьаммо, Хамидов Тамирлана, массарна а хьалха бехк ца биллар дехна мехкан урхалхочьунга Кадыров Рамзане, дош делла йуха а тIаме ваха.

Гечдар доьхуш дIайазйина видео гучуйелира Кадыровн официалан телеграм-каналехь де хьалха. Хамидовс къамел дира "Север-Ахматан" 78-чу полкан тIеман гIала Серноводск эвлахь схьайоьллучехь. Оцу барамехь дакъалецира 3000 гергга поисхоша а, Нохчийчоьнан Iедалхоша а, иштта Оьрсийчоьнан тIеман министраллин векалша а.

Кадыров Рамзанах "мехк-да" аьлла Хамидовс – и цIе тиллира цунна кху шеран чиллин-баттахь. Кадыровс дIахьединера, йийсаре бахнарш патармаш чекхдевлла хиллера аьлла, бакъбойла дац аьлла.

Эскархочо къинтIера ваьккхина регионан куьйгалхо а, боллу нохчийн салтий а, нохчийн маттахь тешийна цо уьш, йийсарехь лаьттинарш Украинана дуьхьал боьдучу тIамехь шайн синош дIадала догреза бу аьлла.

Бехказвийлар тIедожийна хилла Хамидовна, йа ца хилла, хууш дац. Бакъду, къурд алийтар Нохчийчохь могIарера хIума долу масех шо а ду – "бехкала бахначийн" видеош кест-кеста зорбане йоху меттигерчу каналаша а, хьаькамаша а.

Нохчийн пачхьалкхан телехьожийлехь а, меттигерчу хьаькамийн аккаунташкахь а кест-кеста гучуюьйлу къурд олуьйтуш видеорепортажаш. Бахархой "сийсазбечу видеон" терго йира Американ дуьнеанюкъарчу динан маршонан Комиссино шен 2021-чу шарахь арахецначу рапортехь.

Оханан-бутт йуккъе баьллачу хенахь Нохчийчу балийра йийсархой Исмаилов Зелим, Юнуев Жабраил, Тасуев Апти, Гайтамиров Салахь, Хамидов Тамирлан а. Нохчийн эскархошца цхьаьнакхета дуьхьал хилла Нохчийчоьнан куьйгалхо Кадыров Рамзан – тоъал кечам ца бинера аьлла бехк баьккхина цо цаьргара, иштта дIахьедина, "шайн лаамехь карабахна цахиларан тоьшалла деш", йуханехьа фронте баха беза уьш аьлла.

  • Республикера Украинанан дуьхьал тIаме хьажийна хиллачу веа йолахочо ролик дIайазйинера, цу тIехь цара дIахьедира, шаьш тIамтIера йухадаьхкинчул тIаьхьа деш дарба дац шайна аьлла. Нохчийчоьнан куьйгалхочуьнга лерина дара церан бистхилар – масех де даьлча пачхьалкхан телехьожийлан сюжетехь цара а гечдар дийхира.
  • Нохчийчоьнан куьйгалхочо Кадыров Рамзана ша тIаьхьаваьлла лелар ву аннекси йинчу ГIирман бусулбачу нехан динан Урхаллин куьйгалхочунна Рустемов Айдерна – ишта реакци йина цо йийсаре лаьцна болчу нохчийн эскархошца цо къамелдарна. Политико дIахьедина, йийсархой Оьрсийчу кхачахь, уьш оцу сохьтехь тIаме йухаберза беза, Рустемовна дIадекъархьама.
  • Кавказ.Реалиина еллачу интервьюхь украинхойн блогеро Золкин Владимира дийцира, шен роликийн турпалхойх хиллачух, кадыровхойх уггар лакхара мах стенна хIоттийна а, Оьрсийчоьнан салташца Украинера муфтий цхьаьна хIунда кхеттера а.​

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG