ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Нохчийн жигархо Тепсуркаев лачкъорна шеконехь волчунна Доьналлин орден елла


Нохчийчоь, Соьлжа-ГIала

Нохчийн полицин майорна Таймусханов Iийсанна Доьналлин орден елла "белхан декхарш дIахьочу юкъанна стогалла, майралла а гайтарна". Нохчийчуьра 19 шо долу оппозицин жигархо, 1ADAT телеграм-каналан модератор Тепсуркаев Салман лачкъийнарг хета Таймусханов Iийса.

DonPress зорбано а, кхечу гIирсаша а хаам бо, тIом боьдучу юкъанна Кадыров Ахьмадан цIарахчу полкан 4-чу батальонан буьйранча вара Таймусханов – стигалкъекъа-беттан 22-хь тохарш дича чевнаш йира цунна хенан маьӀгана а, мочхална а. Товбеца-беттан 4-хь Regnum зорбано яздира, СКФО-хула МВД-н министраллин куьйгалхо Бачурин Сергей а, Нохчийчухула йолчу МВД-н министр Алханов Руслан а цхьанакхийтира тIамехь лазийначаьрца Ростоверчу дарбан цIийнахь – царлахь вара Таймусханов а. "Декхарш кхочушдарехь хьуьнарш гайтарна" мидал елира цунна.

Дагадоуьйту, 2020-чу шеран гурахь, Тепсуркаев Салман лачкъийначул тIаьхьа, социалан машанашкарчу пайдаэцархоша билгалваьккхира иза лачкъийначехь цхьаъ – Кадыровн цIарахчу лрринчу полкан 3-чу батальонан буьйранча хилла волу Таймусханов воцург, цуьнан гIовс Юнусов Джамалан а цIе яьккхира цара.

Цул хьалха "Iазапашна дуьхьало яран Комитето" (хIинца "Iазапашна дуьхьало яран тоба") гайтира Тепсуркаев лачкъорца низамхой боьзна хиларан тоьшаллаш. Масала, бакъоларъярхойн хаамашца, иза лачкъийначара лелийна йолчу машенан долахо Нохчийчоьнан полицин карарчу хенара белхахо ву.

  • 2020-чу шеран гезгмашин-беттан 6-хь Геленджикера лачкъийра Тепсуркаев. Бакъоларъярхоша бахарехь, зулам дарна бехке бу Нохчийчухула йолчу МВД-н урхаллин карарчу хенара белхахой. Цуьнан шортта тоьшаллаш доллушехь, Соьлжа-ГIалахь масийттаза реза ца хилира жигархо лачкъор талла.
  • "Iазапашна дуьхьало яран Комитето" Европан адамийн бакъонехула йолчу кхеле латкъам хьажийна Тепсуркаев Салманан бакъонаш талхорна тIехула, иза дина цо ша-ша сийсазвеш, шишанна тIехаа гIерташ видео гIаръяьллачул тIаьхьа. Иза Геленджикера лачкъийначул тIаьхьа зорбане яьккхира видео.
  • Зазадоккху-баттахь Кавказ.Реалиино хаамбира, Тепсуркаев лачкъорах лаьцна материалаш нохчийн талламхоша шайн Краснодарерчу белхан накъосташка кховдийна, аьлла.
  • 2021-чу шеран охан-баттахь "Мемориал" бакъоларъяран центро Тепсуркаев Салман политикан тутмакх лерира, жимстаг волу меттиг билгалбаккхар тIе а дожийра.

Коьрта теманаш

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG