ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Нохчийн зудчунна тIелеттарг дIаваккхарх хаттар листина дац депутатийн Кхеташоно


Гайтаман сурт
Гайтаман сурт

Муниципалитетан куьйгалхо Закускин Александр ("Единая Россия") хенал а хьалха даржах мукъавоккхуш хаттар ца листина Москварчу Мещанскан гонашкарчу депутатийн Кхеташоно. Хьалхо Нохчийчуьрчу пенсхочуьнца Юсупхаджиева Салимица хилла конфликт бахьана долуш, вийца ваьккхира шахьарара депутат, яздо Кавказ.Реаллино.

Москварчу Мещанскан гонашкарчу Кхеташонан депутата Рейнхиммель Юрийс Кавказ.Реалиига дийцарехь, Закускин даржах воккхуш цо айдина хаттар кхоже ца диллира кхеташо дIахьочо – "Единая Россия" партин цIарх депутато.

"Со нийса кхеттехь, шегара бакъонаш охьайохкуш Закускина кехат ца яздина хиларна, дина хир дацара цо иза. И хаттар листинчул тIаьхьа Закускина кхин дIа яьхьира кхеташо, со цигара дIавахара", - билгалдаьккхина Рейнхиммеля.

Чиллан-беттан 10-хь Москварчу Машаран проспектерчу маьждигна хьалха йоьхьаш духкуш хиллачу Юсупхаджиева Салимина тIелеттера Закускин Александр. Юсупхаджиевас бахарехь, цуьнан яьшки тIе мийра бетта волавеллера Закускин, ша "Нохчийчу депортаци йийр ю" а аьлла, цул тIаьхьа бурчан баллон юьхьтIе тоьхна хиллера – зудчун бIаьргаш дагийна.

И дов иккхиначул тIаьхьа Закускине телефон тоьхнера Нохчийчоьнан цIарах Оьрсийчоьнан думехь волчу Делимхановс, цунна "урод" а олуш. Делимхановс телефон тоьхначул тIаьхьа "Единая Россия" партин декъашхочо дIахьединера полицига, социалан машанашкахь шена кхерамаш тийсарх. Шен веха меттиг хийца дийзира Закускинан, иштта шена гечдар доьхуш видео а дIаязйира, иза дахаран хьелашца йоьзна конфликт яра аьлла билгалдоккхуш.

  • ТIаьхьо Пачхьалкхан "Грозный" телехьожийлехь видеосюжет гайтира, гечдар доьхуш. Оцу ролика тIехь Юсупхаджиева Салимина тIевахначу Закускина кховдадо цуьнга зезагаш, стоьмаш а, марзолгаш а чохь тускар. Со доллучух а кхетта. Хьо сан ненан хенара ю. Иштта хьоьца хила вацара со", - дIахьедоира депутата видео тIехь.
  • Москварчу политико, Пачхьалкхан Думе кхача гIиртинчу Вихарева Эльвирас Нохчийчоьнан куьйгалхочьунга йистхуьлуш, видео дIаязйира, хаттар деш: "ХIинца цуьнан а [депутатан Закускинан]" корта боккхур бу ахь?"
  • Бакъоларъярхочун Янгулбаев Абубакаран гергарнаш а, шен эфирехь дина къамел нохчийн матте гочдинарш а хIаллакбийр бу, бохуш, Инстаграмехь эфир дIаяьхьира Делимхановс. Коьртеш дохур ду аьлла, чIагIо йира цо.
  • 2018-чу шарахь зорбанашкахь яздора, депутат вехачу цIа чохь йолчу исбаьхьалин школе деша еанчу Москван яхархочунна Закускин тIелатарх.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG