ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Нохчийоьнан прокуратурано ялх а, бархI а шераш тохар дехна терроризмана гIо латторна бехкевечу шина вешина


Магамадов Салахь а, Исаев ИсмаьIил а
Магамадов Салахь а, Исаев ИсмаьIил а

Чиллан-беттан 11-хь ТIехьа-Мартанан кхелехь прокурора баккъала а чохь яккха хенаш тохар дехна Нижний Новгородера дIавигначу шина вешина – 20 шо долчу Магамадов Салахьна а, 18 шо долчу Исаев ИсмаьIилна а. Уьш бехкебо вийначу, герзашца леллачу тобанхойн декъашхочунна гIо дарна – дийцарехь, цара цуьнга кхачанан сурсаташ чохь долу тIоьрмаг кховдийна.

Кавказ.Реалиига оцу вежарийн гIуллакхна тидам латточу "СК SOS" тобанехь ма-дийцара, прокуратурано дехна Магамадов Салахьна 8,5 шо тоха – хьалхара ши шо колонехь а, йиссина хан шогачу рожан колонехь а токхуш, ткъа Исаев ИсмаьIилна 6,5 шо тохар дехна юкъарчу рожан колонехь даккха. Башхалла йоьзна ю шена тIехьерчон зулам дечу юкъанна Исаев 18 шо кхачанза хиларца. Кхелан сацам Чиллан-Беттан 18-хь тIеоьцур бу.

Вежарша тIе ца лоцу шайга кхийдон бехкаш, цара тIечIагIдо бехктакхаман гIуллакх харц даьккхина хилар. Адвокаташа боху, церан гIуллакхехь дац бехк гучубоккху тоьшаллаш. Шина вешех цхьаъ гей, ткъа важа кхечу гендере дехьавала гIерташ хиларна, цара радикалан исламистана гIо дина бохург дош ца хета адвокатана Немов Александрна.

Адвоката Алексеев Марка дIахьедина, тешаш дуьйцург вовше догIуш ца хилар, талламна билгал ца даьлла бехкебечеран НВФ-н декъашхочуьнца Борчашвилица къамел хилар а, цул сов, вийна Борчашвили гIаттамхо хиларан тоьшаллаш а дац хIинца а далийна.

  • "Чолхе хьал: нохчийн шиъ жима стаг валарна кхерам бу" цIарца дуьненаюкъарчу ЛГБТ-н бакъонаш ларъяран All Out платформи тIехь арахецначу петицина кIел вазвелла 100 эзар сов стаг. Тайп-тайпана мехкашкара бахархоша доьху Американ Iедалхошка глобалан дипломатих а, дуьненаюкъарчу зIенех а пайда а оьцуш, Соьлжа-ГIалахь чохь латтон ши ваша, 20 шо долу Магомадов Салахь а, 17 шо долу Исаев ИсмаьIил а кIелхьараваккхар.
  • Дахначу шеран Марсхьокху-баттахь вежарша дIахьедира, бехкаш тIелаца бохуш, шайна тIехь гIело латтош ю, аьлла. Талламан комитетан Нохчийчухула йолчу урхаллехь реза ца хилира и гIело латторна бехктакхаман гIуллакх долон.
  • Магомадовс, Исаевс шайн гIуллакх таллар кхечу регионе дехьа даккхар доьхуш арз дира, царна хетарехь, Нохчийчохь дIахьо кхел озабезаме ца хиларе даха дог дац. Кхело арз къобал ца дарна дуьхьал мацалла кхайкхийра вежарша, оцу хьолехь Iийра и шиъ Дечкен-Беттан 9-гIа дийне кхаччалц. Дечкен-Бутт чекхболуш Нохчийчоьнан Лаккхарчу кхело тIаьххьара тIе ца ийцира оцу хьокъехь кховдийна арз.
  • Бакъонашларъяран "Мемориал" центро (Оьрсийчохь арахьара агент лерина ю иза, амма оцу сацамна реза яц) Магомадов а, Исаев а политикан тутмакхаш лерина.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG