ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Нохчочунна депорт йарх сацам йуха листа декхарейина ООН-н Комитето Финлянди


Хельсинкера полицин машен, Финлянди (гайтаман сурт)
Хельсинкера полицин машен, Финлянди (гайтаман сурт)

Финляндин Iедалхоша шена Оьрсийчу депортаци йеш сацам барна латкъам бинчу Нохчийчуьра вахархочун арз теллина гIело латторна дуьхьал йолчу Цхьаьнатоьхначу Къаьмнийн Организацин Комитето. Цуьнан дехар йуха а зер тIедожийна Комитето.

Нагахь санна, шайга гIо дехнарг, цуьнан цIе йоккхуш йац, Оьрсийчоьне дIалахь, "цунна тIехь билггал Iазапаш лелор ду", цундела цунна депортаци йаро дохош ду адамийн бакъонашкахула йолчу Конвенцино дихкина долу ницкъбар, адамалла йоцуш лелар, хаамбо Финляндин оьрсийн маттахь керланаш арахоьцучу Yle телекомпанин редакцино.

Финляндина тIедожийна Комитето, тховкIело йоьхучун дехар йуха а листар, иштта пачхьалкхан Iедалхошка доьху, цунна депортаци ма йахьара.

  • Хорватин кхело дуьхьало йира Нохчийчуьра пхеа вахархочунна политикан тховкIело йала а, уьш Iалашбан а. Тарло царна хIинца Оьрсийчу депортаци йан.
  • Иштта оханан-баттахь Европерчу адамийн бакъонийн кхело (ЕСПЧ) Францин Iедале дехар дира, нохчо Т. Бувайсар Оьрсийчоьне дIавалар хенаца дIататта аьлла. Даймахкахь ши адам дерна бехке лоруш ву иза. Амма цуьнан адвокато и бехке хиларехь дерриге дийцина ца даьлла, тоьшаллаш оьшу боху. Иза дIалахь, оьрсийн Iедалан белхалоша цунна гIело йарна кхерам бу а аьлла.
  • Стохка гIадужу-баттахь Финляндихь мухIажаран статус йелла вехачу 31 шо долчу нохчийн мухIажаро Абубакаров Джабраила дийцинера Соьлжа-ГIалахь бисина шен гергара нах лечкъийна аьлла. Оппозицин нохчийн 1АДАТ телеграм-каналехь анонимехь ша нохчийн Iедалхошна йинчу критикаца доьзна цо иза.
  • Стохка гурахь Европан адамийн бакъонашкахула йолчу кхело Нохчийчуьра шина мухIажарна францхойн Iедалхоша Оьрсийчу депорт йеш бинчу сацамийн хьокъехь жамIаш дира. Шинхьа а Европан Конвенцин 3-гIа артикл йохина элира кхелахоша: къизаллаш, Iазапаш лелор, адамалла йоцуш лелар, стеган сий дайар. Оцу шина мухIажарна и дерриг а хила тарлуш дара депортаци йинехь.
  • Украинана дуьхьал Оьрсийчоьно тIом бечу, мобилизаци дIахьочу, репрессеш лелочу йукъанна Евробертан мехкашкахь тховкIело лоьху Нохчийчуьра бахархоша. Кавказ.Реалиин редакцино хеттарш динчу бакъоларйархоша а, тховкIело лоьхучара а дийцира, шайх Iитталучу халонех.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG