ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

19 шо даьлла Норд-Остана тIелатар дина


Закъалтхой байъина рогIера шо. Архивера сурт
Закъалтхой байъина рогIера шо. Архивера сурт

19 шо дуьзи Москварчу Дубровкерчу театрехь "Норд-Ост" мюзикл йоьдучу заманчохь цу чуьра 1000 гергга стаг закъалте лоцуш, нохчийн тIемалоша тIелатар дина. Театр дIалаьцначара Кремль декхарейора Нохчийчохь тIемаш бен эскарш арадаха. Кхо де даьлча, беш лаьтта барт а бохийна, Iедало тIелатарца мукъаяккха йолийра гIишло.

ХIинца а, муьлха хилла хоуьйтуш йоцу, газ чу а хецна, хIаллакбира нах. 130 маьрша вахархо велира, 700 стеган могашалла талхийра, байира массо а тIемалой.

Цул тIаьхьа 8 шо даьлча Европан адамийн бакъонашкахула йолчу кхело сацам тIеийцира, Оьрсийчоьнан Iедало нехан дахар а хадийна, нийса кхел ян а новкъарло йина аьлла. Ткъа Оьрсийчоьнан Талламан комитето ца айдира штурм йиначарна дуьхьал бехктакхаман дов.

Терактехь байинарш дагалоьцуш хIора шарахь ламаст хилла дIахIоьттина Москвахь коьрта барамаш дIахьуш. "Эхо Москвы" радиостанцино хаам барехь, шолгIа шо а ду, пандеми бахьана долуш барамаш ца хIиттон.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG