ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Дийнан сурт: хьаькамаллин лами а, жоьпалла а


Кемеровохь гулам
Кемеровохь гулам

Къилбаседа Кавказ, 28.03.2018

Политикехь шена атта позици лаьцна Кремло – таронаш я ахча декъар дийца даьккхича, и дан бакъо уггаре хьалха шен ю, олу цо, ткъа Кемеровохь яьлла цIе санна болу бохам бийца баьккхича олу, пачхьалкхехь федерализм лела, меттигерчу Iедало дала деза жоп.

Тахана, Оьрсийчоьно цIергахь иттаннаш бераш а, церан дай-наной багар а далхочу хенахь, къаьсттина доладо наха жоьпалла хьехо.

Iедална, адам шена духьалдолуш нисбелча, сихонца карабо нах совцо некъаш. Сочехь Путинна дуьхьал пикет хIотторна лаьцна меттигера жигархо Туаев Валерий. "Дела Кхоьллинарг, дIалалла Путин хьайн Езачу Конституцин а, Доккхачу МаьIнин а дуьхьа. Алюминь", тIеяздинчу плакатца мэрина хьалха лаьттинера Туаев.

Оццу Сочехь лаьцна Навальныйн штабера жигархо Титков Дмитрий – президентан харжамашкахь харцо лелла, церан жамI юхаэца, аьлла? мэрина хьалха дIахIоьттинера иза а.

Къилбаседа ХIирийчохь лоьрашна тIеIаткъам бо шайн хьолан хьокъехь президенте латкъарна.

Краснодарехь кхело дихкина Навальныйн Коррупцина Дуьхьалоечу Фондна олигарх Дерипаска а, Медведевн гонера хьаькам Приходько Сергей а мехкаршца маьттаза леларх лаьцна дийца.

ГIебарта-Балкхаройчохь школашкахь ненан мотт хьехар лагIдо, аьлла даьржира, амма резабоцуш меттахбевллачу бахархоша, гарехь, Iедале юхабаккхийтина сацам. Филологаш-жигархой шега дехаре бевлча, мехкадас Коков Юрийс сацадайтинчух тера ду мотт хьаша болор.

Иштаниг нисделла ХIирийчохь а. Дешаран министр Iийначу, хIинццалц берийн центрехь къахьоьгучу Салбиева Зитица ийгIина Iедал, амма иза бакъдац боху баккхийчу хьаькамаша. Делахь а, контракт дIахадийна цуьнца таханлерчу дешаран министро Азимова Иринас. Бахьана – (накъосташа дийцарехь) министро дечу омранех шена нийса дац аьлла хетарг кхочушдеш яцара Салбиева. Хиллачо гIовгIа эккхийтина махкахошлахь.

XS
SM
MD
LG