ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Стенгахь ю алсам кхерамазалла – Британехь я Къилбаседа Кавказехь


Британи - 2012-чу шеран Олимпикан аьхкенан ловзаршкахь дакъа лаьцначу пачхьалкхийн байракхаш Лондонна юккъехь, 15Ман2012
Британи - 2012-чу шеран Олимпикан аьхкенан ловзаршкахь дакъа лаьцначу пачхьалкхийн байракхаш Лондонна юккъехь, 15Ман2012

Къилбаседа Кавказе ма гIо аьлла, Британин арахьарчу гIуллакхийн министралло британхошна дина хьехар дегабаамца тIеэцна Нохчийчоьнан куьйгалхочо. «Нохчийчохь Англехьчул а паргIат ду, марша догIийла» аьлла, яздина Кадыров Рамзана Твиттер тIехь. Амма Британин Iедалша Нохчийчоь хIинца а, Дагестанца, ГIалгIайчоьнца а цхьаьна, террорца боьзна лакхара кхерам болуш меттиг лору.

Британин арахьарчу гIуллакхийн министралло Стигалкъекъа беттан 3-чу дийнахь шен махкахошна динчу дехарна дуьхьала яздинера Кадыровс, «Нохчийчохь йолу кхерамазалла Англехьчул а чIогIа ю. Марша догIийла». Твиттер тIера шен агIонна тIехь арахьара хьеший кхайкхийна Нохчийчоьнан куьйгалхочо.

Цхьанатоьхначу Пачхьаллин арахьарчу гIуллакхийн урхаллин хьехамна реза вац Дагестанан парламентан депутат Давдиев Камил а. Дагестане, Нохчийчу, ГIалгIайчу а ма гIо ала цхьа а бух бацара цу урхаллин аьлла, Давдиевс. Цо билгалдаьккхира, ша къоман векало санна ца боху иза, могIарерчу вахархочо санна боху, аьлла.

Иштта, Кхарачой-Чергазойчуьра депутата Токов Iабдуллаа а аьлла, «Кхарачой-Чергазийчохь терроран кхерам бу ала йиш яц. Тхо долчехь тийна ду». Цунна хетарехь, Британин арахьарчу гIуллакхийн министраллин хьехам, Оьрсийчоьнна дуьхьала йина провокаци ю.

Оццу хенахь, шаьш долче а дуьйлий, ГIалгIайчохь кхерамазе дуьйла а, дика садоIийла юйла а шаьшша хьовса аьлла, кхайкхам бина ГIалгIайчоьнан президенто Евкуров Юнусбека дерриг а дуьнентIера туристашка.

Маршо радионо дагадоуьйту, даханчу пIераскан дийнахь динера Британин арахьарчу гIуллакхийн министралло шен махкахошна хьехар, Нохчийчу, ГIалгIайчу, Дагестане, цхьа моггIа Ставропол кIошташка а дахар кхераме ду, аьлла. Ца девллий бен, Къилбаседа ХIирийчу, Кхарачой-Чергазийчу, ГIебарта-Балкхаройчу а ма гIо, цигахь лакхара терроран кхерам бу, аьлла дара цу хьехамна тIехь.

Делахь а, цу урхалло шен махкахошка ларло аьлла, Москох а, Петарбухехь а деношкахь урамашка довларх, цигахь, политикан митингаш хир йолуш ю, аьлла. «Урамашкахь дечу зуламех лаьцна диц ма де», бохуш хьехам бо Британин арахьарчу гIуллакхийн урхалло.
XS
SM
MD
LG