ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Кху кIиранан бIаьрла хиламаш


Къилбаседа Кавказан карта.
Къилбаседа Кавказан карта.

Даханчу кIирнах Къилбаседа Кавказехь а, цунна гонаха а хиллачу маьIенчунна хьесапдо аналисто Фуллер Элизабета. Нохчийчохь хуьлург къаьсттина шен тидамехь латтош ю аналист.

Фуллер Элизабет: «Кадыров Рамзанан зорбан конференцеш даиман а хуьлу шайна тIе тидам бохуьйтуш. Цхьадолу цо дуьйцург дIоггара догIуш а ца хуьлу офицала Iедалша дуьйцучуьнца. Цу кеппара яра цо 2012-чу шеран жамIаш деш дIаяьхьна зорбан конференци а.

Социалан а, экономикан а кхиамаш буьйцуш, Кадыровс шина кепара статистика ялийра, дIоггара теша хала долу. Цкъа-делахь, индустрино арахоьцу сурсаташ шозза алсам девлла элира цо. ШолгIа-делахь, болх боцучу нехан терахь лахделла бахара Кадыровс 10 3 иттолгIа процентана. Вуьшта аьлча, тIаьхьарчу хенахь балха хIоьттина ву 20 эзар стаг. Ткъа болх боцуш ву республикехь 169 эзар стаг - болх балур болчу нехан 30 процент.

Цу хеннахь Оьрсийчоьнан Росструд олучу урхаллан куьйгалхочо Герций Юрис дийцарехь, Нохчийчохь 2012-чу шарахь болх боцучу нехан терахь ду 36 3 иттолгIа процент. 2008-чу шарахь и терахь дара 33 5 иттолгIа процент».

Кадыров Рамзана Нохчийчохь чIирхошна юкъахьбарт барх лаьцна аьлларг а дагадоуьйту аналисто Фуллер Элизабета.

Фуллер Элизабет: «Кадыровс элира зударий идор дIадаьккхина шаьш аьлла. ЧIирхойх лаьцна аьлча, церан барт баран процесс кхочцуш дIаерзийна мегар ду, бахара цо. Амма и дIахьедар цо хьалха а динера. 2011-чу шарахь чIирхойн барт баран комисси дIасахецна аьлла хаам бинера цо.

Кадыровс, хьаха а ца беш, битира Оьрсийчохь 2012-чу шарахь хилла коьрта хилам – Путин Владимир юха а президент харжар. Цо Путин хьахийра шозза. Цкъа хаьхийра ша Азербайджане йина шен визит юьйцуш. Галваьлла аьллехь а, президент Путин 2012-чу шарахь Нохчийчу веара элира Кадыровс. Бакъалла а аьлча, Путин Нохчийчу йина йолу визит хилира 2011-чу шарахь, иза Оьрсийчоьнан премьер-министр волуш».

Оьрчийчоьнан чохьарчу гIуллакхийн министралло далийра шаьш 2012-чу шарахь Къилбаседа Кавказехь байинчу темолойн терахь бохуш, дуьйцу аналисто Фуллер Элизабета.

Фуллер Элизабет: «Федералан чохьарчу гIуллакхийн министралло дIахьедар дина, дIадаханчу шарахь 48 тIемалойн командир вийна шаьш аьлла. Царна юкъахь уггаре а безаш берш бу Дагестанан эмир Даудов ИбехIимхалил а, ГIебартойн-Балкхаройчоьнан а, Карачойн а эмир Занкишиев Алим а, Нохчийчура Авдорханов Заурбек а. ТIаьххьарниг хьалха схьалаьцна бохуш, хьехош а вара».

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG