ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Бохамна цхьа гIулч гергахь


Чухарова Елизавета

Къилбаседа ХIирийчохь ирхъоллавелла ненах къаьстина кIант

Стенна хьо беро шена тIе куьг?

КIира хьалха ерриг а ХIирийчоьнна дагахьбаллам хилла - ирхъоллавелла Зелги юьртара 9 шо бен а доцу къона вахархо. Гергарчара школа йо бехке, юьртахоша – доьзал. Москох балха яхана кIентан нана массех шо хьалха. Иштта баха тIедоьжна дукхахболучарна – бац ярташкахь белхаш.

Хуучара бахарехь, сагатдина 3-чу классехь волчу кIанта нанна, амма иза дац ша-шена тIекховда бахьана. Ирхъоллавала доккха бахьана оьшу.

Берийн психолого Козинская Надеждас, ца ваьлла цIераволучо шеца дига деза шен бер, боху. "Шен шо бен дацахь а, беро сагатдо ненах даьлча. Ша жоьпе юйла хаа деза нанна", - билгалдоккху цо.

Делахь а, еккъа цхьа нана бехке яр а дац нийса, тешна ю Козинская. Боккхачу доьзалехь вехаш ма хиллий кIант.

" Цхьа проблема берах хьакхаелча, иза цуьнца цхьаьна кхуьш лела. Иза эца деза тидаме. Нагахь санна бер ша-шена чудоьлла, гонна дегабаамаш беш лелахь, школерчу психологна мукъане а тIедига деза. Амма менталитето ца торуьйту иза дан а", - боху Козинскаяс.

Говзанчаша бахарехь, беранна бен-башха дац, ша муьлхачу бахьаница дас я нанас дIатесна – цунна цхьаъ ду, ахь болх карийна ша дIатесча а, керла доьзал кхоьллина дитича. Доккха бер кхета а тарло, жиманиг – ца кхета, цунна нана оьшу, бахьанаш ца оьшу.

"Тхан ненан кхин дан хIума дацара, - дуьйцу 25 шо долчу кхечу доьзалерчу, шен нана а Москох болх бан яхна, цигахь яьхначу йоIа Ленас. – Сой, сайн йиший тхаьш дисира. Мамина тхаьш ца дезара ала а дац сан: цо дерриг а дора тхан дуьхьа. Москох болх бан а яхара тхо кхабархьама".

ЙоьIан нана хIинца БуьритIехь еха. Бераш кога шега ма хIиттаделли, цIаеана иза.

Барт, чIана тоьаш йоцу доьзалш тидамехь кхобу берашца болх бечу полицин урхалло. Доьзалера хьал царна довзуьйту лоьраша а, куьпах жоп лучу полисхоша а.

"Иштачех 229 доьзал бу БуьритIехь, 432 бер, - дуьйцу кхиазхойн гIуллакхехула йолчу полицин урхаллан куьйгалхочо Урумова Джульеттас. Цо бахарехь оцу доьзалех 60% тIехь я да, я нана йоцуш ду".

Шена тIе куьг а даьхьина, амма Iожалле кхача аьтто ца хилла бераш а ду. Уьш леррина тергалдо полицино. "Ларамза беро шена оьшуш доцу молха меллехь, иза а тидаме оьцу оха. Наггахь бен ца хилахь а, нисло иштаниг. Кхушара БуьритIехь хааделла дац ша-шен ден гIоьртина бер", - хаамбира Урумовас.

Кхиазхой муха ларбан беза суицид шена ярх? Цунна дац дуьззина дала жоп. ХIора доьзал латтабойла дац полицин тергонна кIел, кхечу гIаланашка балха эхар а дац церан дай-наношна доьхкийла. Статистиках теша бен а ца дуьсу цкъачунна – цо бахарехь, Кавказехь цхьа наггахь бен ца ле бераш кхетамчохь а долуш лехначу Iожаллах.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG