ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Туризман "кханено" кхобу кавказхой


Кхиина а яьлла, дикка пайда бохьуш лелла туризм хIаллакйира 30-35 шо хьалха. ТIаьххьарчу шерашкахь иза денъян гIерташ хьийза Къилбаседа ХIирийчоьнан а, федералан а Iедал. Хьаькамийн дикка аьтто а баьлла цхьана декъанна шайн Iалашоне кхача. Делахь а, тахана олуш ма-хиллара, туризман хиндерг сирла ду бахарх, гучудаьлла дац цкъачунна цо дахарна делла ниIмат. Цундела туризмо кхана йохьур йолчу сане сатийса бен а ца дуьсу хIирашна. Ткъа кхочуррий-те и "кхане"?

Мехкан экономика кхиоран министралло далочу терахьаша бахарехь, Къилбаседа ХIирийчу богIучу туристийн терахь, шел хьалхарчу шарца дуьстича, 2017-чу шарахь дебна 10 процентна. Меттигерчу туризман фирманаша даьккхина 600 миллион сом, Iедална цара охьайиллина ял кхечира 39 миллион соьме – хьалхарчу шарца дуьстича, и терахь лакхадаьлла 22 %-на.

- ХIирийчу кхушара а баьхкина дукха туристаш. Оьрсийчуьра бара дукхашберш – Ростов, Ставропол-мохк, Воронеж, Липецк. 1-2 денна биллина лела кхуза, масала, Израилера туристаш. Китайхой а богIу. БогIу Европера а, къаьсттина Нидерландера а. Цхьаьнакхеттачу Штаташкара туризман операторш а хуьлу тхоьга кхузара хьелаш хоьттуш, - дийцира"Кавказ.Реалии" Къилбаседа ХIирийчоьнан туризман кхеташонан куьйгалхочун гIовсо Габуева Ольгас.

… ХIирийчу эзарнашкахь немцой, китайхой лелар бу, бехира стохка БуьритIерачу куьйгалхоша, хIиттийра цхьацца пачхьалкхашкарчу турфирманашца контракташ. Амма реляцешца баьхначуьнца ца догIу жамIаш – тIех беха а бац махка лелачу хьешийн могIа.

Бакъдерг - бакъ ду, туризмца доьзна керла Iалашонаш а кхиина мехкан. Германерчу аьчка некъашца туристаш дIасалелочу компаница юкъаралла лелор долуш контракт хIоттийна хIирийн Iедало. И санна контаркт хIотто дагахь ду Израилерчу туризман операторца а.

Дуьненахула туристаш дIасалелочу фирманаша даредо ХIирийчохь хаза лаьмнаш а, сирла шовданаш а, цIена хIо а хиларх. Амма яц олу цхьана а кепара инфраструктура. Махкара некъаш бу вон, хьешацIеношкара хьелаш ду беркъа, ур-атталла яц БуьрийтIехула ваьлла лелачунна эшча, чуэккха нишканаш а наггахь бен.

"ХIирийчоь чIогIа хаза ю. Амма атта дац Гуьйжийчуьра цига кхача. Вевзаш стаг вацахь, лела а хала ду оцу махкахула. Суна, масала, лехарх, ца карийра махкахула лело мехах туристе машен луш меттиг", элира "Кавказ.Реалиига" кхушара ХIирийчохь хиллачу Серберчу вахархочо Милоша.

ХIирийн хьаькамаш а кхета, шайн махкахь туристашна оьшу хьелаш доцийла цкъачунна.

"Туристна кхерамзалла оьшу, лаьа шерачу некъашца дIасабаха, еза комфорт хьешан цIеношкахь, мехаш хила беза турист резаволуш, сервис хила еза ма-оьшшу", билгалдаьккхира деношкахь ХIирийчоьнан парламентехь спикеро Мачнев Алексейс.

2019-чу шарна алссам ахча ду хьажош ХIирийчуьрчу туризмна лерина. Меттигерчу а, федералан а бюджеташа луш ду иза. Оцу ахчано мелла а сервис, махкара инфраструктура меттаялор ю аьлла дегайовхо ю БуьритIехь туризмах жоп лучу хьукматийн.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG