ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

"Новая газета Европа": Нохчийчуьра хьал талхориг хилла Кремльна гергахь Кадыров


Кадыров Рамзан
Кадыров Рамзан

Федералан Iедална гергахь Нохчийчоьнан урхалхочун Кадыров Рамзанан культах а, монополих а хьал талхоран бакъдолу бахьанаш хIоьттина. Кадыров могуш вац бохуш, хабарш даьржинчу йуккъехула цуьнан метта хIоттон стаг хоржучу заманчохь Кремль кхерам боцуш Iедал кхечаьрга дала дезаш хиларан гIайгIа беш йу, аьлла ду "Новая газета Европа" хьосто кечдинчу регионан политикан ландшафтан таллам баран шолгIачу декъехь йаздина.

Материалехь къастийна Кадыровн метта хIоттон тарлучу цуьнан цхьа могIа гергарчийн а, бIанакъостийн а дика агIонаш а, кхачамбацарш а, Нохчийчохь церан дош лелаш хиларе а, федералан Iедало республикана тIехь урхалла дар Iалашдаре а хьаьжча. Публикацин авторша жамI дина, Кремльна царна йукъахь тIехваьлла дика кандидат карийна вац аьлла.

Когаметта стаг хIотторан хаттар листаро, билгалдоккху "Новая газета Европас", чолхе доху Кадыров Рамзанан хьуьнарш - цуьнан шеконашца хилар, шен куьйгакIел болчара лелочунна тIехь леррина терго латтор, политикехь уьш маьрша ца битар.

Оршотан дийнахь зорбане баьккхинчу талламан хьалхарчу декъехь чIагIдора, Кадыровн метта хIоттон нохчийн "Ахмат" спецназан командир Алаудинов Апти вогIуш хила тарло аьлла хетар Кремльна. Билгалдоккхура, могушалла бахьана долуш Кадыровн аьтто бац кхин дIа а мехкан куьйгалла дан. Газетана хетарехь, стохка гезгамашин-баттахь дуьйна Оьрсийчоьнан президентан администрацихь кечйеш сценарий йу, цIеххьана Нохчийчуьра Iедал хийца дезахь а аьлла.

  • Кавказ.Реалиин редакцино иштта йаздира, Кадыровн метта хIоттон тарло Алаудинов Апти аьлла.
  • Кеп-кепарчу тIегIанехь пачхьалкхан даржаш дIалецна Кадыров Рамзанан 100 гергарчу наха – цуьнан бераш, йишин-вешин доьзалхой, шичой, маьхчой. Кавказ.Реалиин редакцино дуьззина тептар вовшахтуьйхира, пачхьалкхан структурашкахь белхаш бечу Кадыровн цIийнах мел волчух.
  • Кадыров Рамзанан йоьIаршна керла даржаш доькъу, совгIаташ до, бизнесера са хьулу царна. Матриархат йаржор ду и аьлла хета Нохчийчоьнан куьйгалхочун критикашна, тарло, боху цара, политикан цхьахйолчу йоIа мехкан урхалла дан а. Оцу йукъанна Кавказ.Реалиино хеттарш динчу эксперташа карладоккху: республикера зударийн бакъонаш кест-кеста хьоьшуш йу, ткъа шайна хеттарг дан йиш Кадыровн гергарчийн бен йац.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG