ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Нохчийчохь Кадыровн цIарахчу полкехь нах байъарх "Новая газетано" язйина материал толлуш ю Талламан комитето


Нохчийчохь кхел йоцуш байъинчу нахах лаьцна "Новая газетано" язйинчу материалах таллам болийна Оьрсийчоьнан Басманан кIоштехула йолчу Талламан комитетан декъо, яздо Baza телеграм-канало. Юьйцург ю журналисто Милашина Еленас "Со нохчийн полицехь болх бина ву, суна ца лаьара нах байъа" цIе йолуш язйина артикл.

Оцу публикацехь дуьйцу, Кадыров Ахьмадан полкехь болхбинчу лакхарчу сержанта Гезмахмаев Сулимана Нохчийчохь Iедалан белхахоша нах хIаллакбарх. Гезмахмаевс дийцина, кадыровхоша лецначарна тоьпаш тохарх а, легаш Iуьйдуш байъарх а. Цхьаболчийн цIераш а яьхна цо.

Дуьйцург мел бух болуш ду талла Iалашо ю Талламан комитетан.

Чиллан-беттан 15-чохь "Новая газетано" зорбане биллинчу талламехь документашца тоьшалла а деш дуьйцу, мел лахара а 30 меттигера вахархо вийна хиларх. 2016-чу шеран чакхенехь а, 2017-чу шеран юьххьехь а полисхойн постана тIелатар динера аьлла, лецна хилла кегийрхой бу уьш.

Кадыров Ахьмадан цIарахчу полкехь латтийна хилла уьш. "Новая газетан" каракхаьчна чоьхьарчу гIуллакхийн министралло, оцу лецна балийначех хIиттийна хилла тептарш. Царлахь журналисташна гучубевлла, шайн информацица, 2017-чу шарахь къайлахчу набахтехь байъина хилларш а.

Оьрсийчоьнан пресс-секретаро Песков Дмитрийс дIахьедира, "Новая газетан" талламбарх дуьйцуш, и материал "билггал нах байъина хиларх тоьшалла санна хуьлийла дац, я тIеоьцийла а дац" аьлла.

Хьажа комменташка

Коьрта теманаш

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG