ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

"Новая газетан" коьртачу редакторна Нобелан машаран совгIат далар ца тайна Нохчийчохь


Умаров Джамбулат
Умаров Джамбулат

"Новая газетан" коьртачу редакторна Муратов Дмитрийна Нобелан машаран преми делла, Оьрсийчоьнна дуьхьал пропаганда лелорна а, нохчийн къомах лаьцна ямарт харцдерг дийцарна а аьлла Нохчийчоьнан вице-премьеро Умаров Джамбулата. Шен инстаграмерчу аккаунтехь яздина цо цунах лаьцна.

"Цецволийла дац кхузахь, оцу персонажана шен "Иудин сребреникаш" кхаьчна, Оьрсийчоьнна дуьхьал пропаганда лелорна а, вайн къомах лаьцна ямарт харцдерг дийцарна а. Дерриг а логикаца догIуш ду. Вайн замане хьаьжжина ду, шуна ма-гарра, вай Iадош, шайн цIарматчу йишмаIашца, схьайогIуш йолчу", - дIахьедина Умаровс.

Цунна хетарехь, тоххара Нобелан совгIатан лауреаташ буьйлура гениале Iилманчаш, амма тахана преми кхача тарло ямартбовларна а, шайна товш боцчу политикашна дуьхьал демагоги а, сийсазалла а лелорна а. "Доцца аьлча, дIакхаьчна вай", - дерзийна Умаровс.

Кху шарахь Нобелан машаран премин лауреаташ къастийна "Новая газетан" коьрта редактор Муратов Дмитрий а, Филиппинашкара журналист-талламча Ресса Мария а.

"Новая газето" кест-кеста материалаш зорбане йоху, Нохчийчохь адамийн бакъонаш йохорах лаьцна. Зазадокху-беттан 15-чохь "Новая газето" зорба туьйхира, Нохчийчохь кхел йоцуш байъинчу нахах ша бинчу талламан шолгIачу декъана. Кадыров Ахьмадан полкан хиллачу белхахочо, лакхарчу сержанта Гезмахмаев Сулеймана Нохчийчохь лелочу Iазапех а, байъинчу бахархойх а дина мукIарло дара иза.

"Новая газетан" информацица, 2017-чу шеран Дечкен-баттахь Нохчийчохь лецира, цул тIаьхьа вийра 27 стаг. Лецначарна ха деш хиллачех теш карийра талламан авторшна. Цо тIечIагIдира, мел лахара а 13 стаг кхел йоцуш вийна хилар.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG