ТIекхочийла долу линкаш

Австрехь нохчийн доьзална депортаци ечу хенахь полицино шога болх барна гонахь IалагIож иккхина. Маршо Радионо бинчу талламца, оршот Iуьйранна бархI стагах – дех-ненах, ялх берах- лаьтташ болу доьзал, Дублин-3 цIе йолчу бартаца догIуш ма-хиллара, Полше дIахьажорхьамма лаца церан хIусаме баьхкинера мухIажирийн хьукматан белхахой шайца масех полисхо а волуш.

Амма могIарера депортаци яран операци тийсадаларшка яьллера. Масех де хьалха Венерчу полицин векалша Маршо Радиоца хиллачу къамелехь чIагIдарца, цу доьзалан 58 шо долу ненан да полисхошна лата чу гIоьртинера.

„И стаг цхьа Iедалхо охьавожон гIоьртира, тасадаларехь Iедалхо вай лаза а веш“, - иштта дийцира полицин векало хилларг. Цул сов, цу мIаьргонна депортацина кечбинчу доьзалан петаре кхача гIоьртинера, Iедалхоша чIагIдарехь, ша цу доьзалан доттагIа а ю, журналист а ю бохуш чIагIдеш йолу цхьа зуда.

Полисхоша ша чу ца йитича иза девне яллера, цхьана зудчун-Iедалхочунна когах цергаш йохка а гIоьртинера иза. Цу шинна дуьхьал бехкталламан гIуллакх схьадиллина Iедалан векалшна шайн декхарш кхочуш дан новкъарло яр бахьана долуш, ткъа депортацин ян сацам бина болу доьзал цу дийнахь Полше дIахьажийна. Иштта ю хиллачун хьокъехь полицин верси.

Маршо Радионо къастийна ма-хиллара, Iедалхоша буьйцург вевзаш волчу нохчийн адамийн бакъонашларъярхочун Банжаев Вахин йоьIан доьзал бу. Ткъа полицина дуьхьало йина бохуш дуьйцуш дерг ша Банжаев Вахий, цуьнан хIусамнана, Wiener Zeitung газетан корреспондент Шольц Инесий ду.

ХIара шо долалуш букъана операци йина волу Ваха заьIапхочун гIудалкхаца бен дIасалелалуш а воцуш, цомгуш ву, цундела цуьнан цхьана а кепара ницкъ хир бацара Iедалхойх лата.

Мелхо а, адамийн бакъонашларъярхочо дийцарехь, цунна а, цуьнан йоIан берашна а, хIусамнанна а дуьхьал шога ницкъ бинарш полисхой шаьш бара.

Дуьйцу Банжаев Вахас.

Банжаев Ваха: „Кхечу нахана тIехь Iедалхоша харцонаш лелайойла хууш вара со, сайца ца нисделлехь а. И доьзал Дублин-3 сацамца Полше дIабига безаш бара, амма цу сацамна юккъехь дуккхаъ юкъардахарш ду. Тхо апелляци а йина, Iедалан сацаме хьоьжуш дара, амма аш депортаци ян еза бахахь шуна дуьхьал даккха хIума дац тхан, со шуна ма гарра инвалид ву, элира ас.

Вуно шога бара уьш. Цу берех цхьа йоI заьIап ю, хьала гIатталуш яц иза шен ницкъаца. Полисхо цунна тIечевхира, хьо хIунда Iа, хьалагIатта, кечло, аьлла. Цу йоIа ша шен нанас хIинца кечйийр ю элира. ТIаккха полисхо цунна тIе а яхана, иза хьалхагIатто гIоьртира, ткъа йоIана иза шена гIодан тIееана моьттура.

Полисхочо иза дIахецна охьайожийра. ТIаккха ас цуьнга элира, собарде жимма, заьIап ма ю иза, аш хIун лелдо, аьлла. ТIаккха уьш суна тIебирзира. Сан гIудалкх харцийра цара, охьа а вожош. Суна букъ тIе гола а гIортийра, операци йиначу метте.

Дукха чIогIа лазийна сан дог гIелделла хиллера, со меттавеача, суна тIехь хьийзаш лоьраш бара. Ткъа сан йоIан доьзал цара дIабигнера. ХIинца суна а, Инессина а дуьхьал бехктакхаман гIуллакх схьадиллина. Кхел ю тхан хила езаш“.

Цу тIехь Банжаевна а, цуьнан доьзална а гонахьара IалагIож дIа ца йирзина. И дов иккхинчу дийнахь полицино хилларг дийцарх тешначу Wiener Zeitung газетан куьйгалло балхара дIаяьккхинера дуккхачу шарахь шайца болх беш хилла йолу шайн корреспондент Шольц Инес.

Амма журналистано шен бакъдерг Австрерчу адамийн бакъонашларъярхошка а, прессин маршо ларъяран цхьаьнакхетараллашка а довзийтира леринчу хаамехь. Цо дийцарехь, цо ша йогIуш лаьтташехь ша доьзалан дакъа хилар а, журналист хилар а хаийтинера Iедалхошка.

Амма тIаккха а цара иза петар чу ца йитинера. Цул сов, схьайиллинчу неIарехула цу петарехь доллург гина чоьхьаяла ша гIоьртича, полисхоша ша тIекхетта лаьтта охьайиллира бохуш яздо журналисто.

Охьайоьжначу шен корта неIаран сагIи юккъехь нисбелча цхьа зуда-полисхо шен корта когаца дIатоьттуш яра, неI дIакъовлархьамма, тIаккха ша цуьнан когах тасаелира.

Полисхочуьнга шега ког дIахеца, тIаккха ша хьо чу йоуьйтура ю аьлча ша оцу сохьта дIахийцира, амма Iедалхочо ша ког дIахоьццушехь неI дIакъевлина ша арахь йитира. Иштта ду журналистан дийцар.

И дIахьедар зорбане даьккхинчу Австрера Asylim Not адамийн бакъонаш ларъяран цхьаьнакхетараллан куьйгалхочо Геннер Михаила, Банжаев Ваха а, цуьнан хIусамнана а шена дика девзаш волчу, кхайкхам бира Wiener Zeitung газете шаьш балхара дIаяьккхина журналист юха балха дIа а хIоттае, иза шайна къинтIера а яккха, ткъа Венерчу полицин урхалле шайн белхахоша мухIажиршна шога хиларна бехкенарш жоьпалле а озабе, аьлла.

Ала догIу, хаамийн гIирсашкахь хилларг гIар а даьлла, полицин лелам а, газетан редакцин сихаллехь бина сацам а емал бинчул тIаьхьа, Wiener Zeitung газетан куьйгалло хаам арахецна, шаьш Шольц Инес балхара дIа ца яьккхина, таллам дIаберззалц балхах мукъайитина аьлла.

Шуна хетарг

Гайта комментареш

XS
SM
MD
LG