ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Новочеркасскерчу лоьрийн доьшийлера студенташ хиджаб лелорна дIабаьхна


Нохчийн йоIарий бу "Нохчийчоьнан дог" маьждигна хьалха, Соьлжа-ГIала. 2020-чу шеран товбеца-беттан 29 де

Ростовн махкарчу Новочеркасскерчу лоьрийн доьшийлера пхи студент дIаьйаьккхина хиджаб лелорна. Лор-йишин гIуллакх Iамош хилла уьш цигахь.

Колледжан директоран гIовсо Кострова Людмилас куьгйаздинчу дIаваккхаран кехатехь дуьйцу, чоьхьара низамаш дохорна бина ишта сацам бохуш. Цо боху, хьукматехь динан билгалонаш лело магийна дац, хIунда аьлча, "кхечу дешархошна зуламе Iаткъам бо цара".

"Хиджаб – иза динан билгало йац, лоьрийн куйна кIелахь гуш дац ала мегар долуш йовлакх ду", – боху студентийн адвоката Нурбагомедов Мохьмада.

Кеп-кепарчу инстанцешка латкъамаш дина уьш доьшийлера дIабахарна тIехула, иштта омранаш схьакхаьчначул тIаьхьа кхеле арз хьажор ду, дийцина Кавказ.Реалиин редакцига Нурбагомедовс. Донерчу махкахошка орца дехна студенташа, вукхара колледжан куьйгаллица къамел дина, амма хIумма а хийца аьтто ца хилла церан.

Адвоката бахарехь, йоIарий Новочеркасскера, Нохчийчуьра, Дагестанера а бу, дика доьшуш бу уьш, кхуечу студенташца, хьехархошца а девнаш дац церан. И тIечIагIдо цуьнгахь йолчу педсоветехь дIайазйинчу аудио тIехь а.

Цул сов, билгалдоккху Нурбагомедовс, керста жаIарш оьхкина лелачу студенташка цхьанне кепара хеттарш дац хьукматан куьйгаллин.

Колледжан директоран тIеоьцийлехь реза ца хилира студенташ дIабахарх лаьцна Кавказ.Реалиин редакцина комментари йан.

  • 2022-чу шеран гезгмашин-баттахь хиджаб йоьхна Дагестанера йоI хьукматан директоро чу ца йитиначул тIаьхьа Тюменерчу школо ца хийцийра дешархойн духарца доьзна низамаш.
  • Студентийн билет схьадоккхур ду бохуш, кхерамаш туьйсуш, 2021-чу шеран гезгмашин-баттахь Астраханан пачхьалкхан лоьрийн университетан студенташка хиджаб дIайаккхийта гIиртира. Цул тIаьхьа Нохчийчоьнан куьйгалхочо Кадыров Рамзана республикан парламентан урхалхочуьнга Даудов Мохьмаде листа листа элира и хаттар. Шо даьлча студенташна дихкира хиджабаш лелор. Меттигерчу Бусулбачу нехан урхаллехь дIахьедира, лоьрийн доьшийлан форма тоъал дIакъевлина йу, исламан низамашца йогIуш йу аьлла.
  • 2021-чу шарахь Кубанан пачхьалкхан лоьрийн университет скандалана йукъахь нисйелира, ша цигара хьехархо йу бохуш къамел дина йолчу цергийн лоьро инстаграмехь динчу дIахьедаршна тIехула. "ТIаьххьарчу хенахь дукха баьржина дIахьерчийна Нохчийчуьра бусулба зударий", бохура цо, билгалдоккхура, ша оцу тайпа нах "урокашка ца буьту".

Коьрта теманаш

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG