ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Нохчийчуьра "оксюморон"


Оьрсийчоь -- Нохчийн къам махках даьккхина а, Оьрсийчоьнан эскархочун а де ду Чиллан-беттан 23-ниг
Оьрсийчоь -- Нохчийн къам махках даьккхина а, Оьрсийчоьнан эскархочун а де ду Чиллан-беттан 23-ниг

Чулацам цхьаъ боцу ши хилам цхьаьна а тоьхна хьехош ду Нохчийчохь Чиллан-беттан 23 де.

Цхьаъ хууш ма хиллара,депортацехь хIаллак хилларш даагалецаман де ду, ткъа важа - Совета пачхьалкхан заманера дуьйна божарийн деза де лоруш ду. Шуьйра даздеш Iедал ду иза.

ХIора шарахь и де тIекхочучу хенахь, харжаман хьалха хIуьтту нохчий: дазде шаьш, я белларш дага а лоцуш сагIа а доккхуш, царна мел а кхайкхош хIума де?

ХIоразза а царна тIедожийна хуьлу, ши а де цхьаьна дийнахь билгалдаккхар. Цундела, школашкахь а, берийн бошмашкахь а цхьамогIа концерташ а, театралан кийсакаш а хIиттайо. Берашна дуьйцу депортацех лаьцна а.

Соьлж-ГIалара берийн бешера кхиорхочо Дагаева Раисас даре до, шаьш хIора шарахь депортацех берашна дуьйцуш хилар. Царна кхето хала делахь а, шаьш цара дIалоцучу кепехь довзуьйту хиллар, элира цо.

Дагаева: «Ас дIаолу берашка, иштта бохаман де ду хIара. 1944 шарахь шу бабийн наной Сталино махкахь баьхна олий.

Шу а, шун наной а ца хилла оцу хенахь. Казахстане вайн къам дIадигина. Амма вайн къам къера ца хилла, вай, цIа а даьхкина, денделла, даха а хевшина. Цхьаболчара олу, шайна хезна мамин баба, яла а елла цIерпоштан тIера чукхоьссина хилар».

Науран кIоштара хьалхарчу классашкара хьехархочо Халкаева Дагмарас а даре до, шаьш дешархошна къоман уггаре а бохаме хиламех лаьцна дуьйцуш хилар.

Халкаева: «Дуьйцу дера оха. Сурташ а гойту, видео а гойту. БIахочун де а дуьйцу, амма цхьадолчу бераша иза вайн деза де ма дац, вайн къам арадаьккхина де ма ду олу. Шайн цIахь дуьйцург олу цара».

Чиллан-бутт тIекхача масех де диссинчу хенахь цхьайолчу школашкахь жигара даьккхина депортацехь лаьцна къамелаш дар. Уьш а, цхьа тIехула долчух тера ду. 5 классера дешархочун Гериханова Хедин цуьнах хаарш кхиин дIоггара дац.

Гериханова: «Тахана школехь дийцира тхоьга вайн нохчийн къам оьрсаша махках даьккхина хилла аьлла. Иза 1944 шарахь хилла. Вайн хIаллакх хилийта деш хилла цара иза. Ткъа хIунда хилла уьш вай хIаллак дан гIерташ, тхоьга ца дийцина».

Оксюморон наггахь бен лелош доцу дуьненаюкъара дош ду. Цо билгалдоккху цхьа бух а, маьIна а доцург цхьана а тоьхна, цуьнах цхьаъ дан гIортар. Изза сурт ду нохчийн къоман луьрачу бохаман дагалецаран а, Оьрсийчоьнан бIахойн де даздар а цхьаьнатоха гIортар.

XS
SM
MD
LG