ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Нохчийчура ша-тайпа бизнес


Нохчийчоьнан Iедалша юкъа-кара дIахьедарш до республикехь кхиаме бизнес лело оьшуш долу хьелаш кхоьллина шаьш бохуш. Цаьрга ладоьгIча, баккъалла а цхьа жимма шай-кай хьажийча дика хила мегара олий ойла кхоллало вайн махкахойн, къаьсттина махкал арахьа бехачу нехан.

please wait

No media source currently available

0:00 0:10:31 0:00
Линкана тIе

Успанов Юни юккъера бизнес лелочу вайн нахана юкъахь уггаре а вевзаш волу бизнесхо ву ала мегар ду. Масех шо хьалха Нохчийчура Iедалша цхьацца проекташ кхочуш еш юкъаозийна вара иза. Тахана Успанов Юни шен бизнес шорйеш ву луларчу регионашкахь.

Успанов Юнис "Кунаки" олучу шен кхачанан хIусамаш кечъян гулйина хIара кIудалш.
Успанов Юнис "Кунаки" олучу шен кхачанан хIусамаш кечъян гулйина хIара кIудалш.

Цхьа итт-ткъа эзар доллар хилча шен гIуллакх доло а, иза кхиаме хилийта а аьтто хир барий Нохчийчохь аьлла хаьттира ас Успанов Юнига.

Успанов Юни: «Аьтто хир бу. 10 эзар доллар дукха ахча дац. Цунна тIе бIаьрг буьллур болуш а, и бизнес схьаяккха гIерташ а нах хир бац. Вайн цIахь эцар а, йохкар а, туька схьа а эцна, туьканахь болх бар а майрра дан мегар долуш хIума ду.

Нагuахь Iедал тIедогIур ду цхьацца хаттар эцна, амма уьш дийцалур долу хIуманаш ду. Кхераме хIумма а дац. Даккхийн хIуманаш дан воьлча, тIаккха кхин проблемаш хуьлу. Уггаре а жима бизнес лелалур ю цигахь».

Ахь Нохчийчохь а лелийна бизнес, хIинца луларчу республикашкахь а ю хьан цхьацца бизнесан проекташ. ГIуллакх лело атта мичахь ду?

Успанов Юни: «ХIинца со Мазлакехь Iаш ву, ХIирийчохь. Соьга хаьттича, кхузахь чIогIа паргIат ду-кх. 15 километр бен яц кхузахь Нохчийчоьнан дозанера схьа. Кхузахь атта ду-кх».

ХIун бахьанаш ду цуьнан?

Успанов Юни: «Дерриг а Iедалца дерг а, кхечуьнца дерг а схьаэцча, цхьа цIеххьана хIума нислур доцуш хьал ду кхузахь».

Ахь лакхохьа элира цIахь, Нохчийчохь, проблемаш хир яц аьлла. Делахь а, шайга цу хьокъехь хаттар дича, Iедалан белхахой кхаба лаахь болх бан мегар ду кхузахь олуш хуьлу муьлхха а. Иза муха хуьлу тIаккха?

Успанов Юни: «Делахь, бакъдерг дийцича, хIинца ойла еш ву-кх со, нийса аьллий-те ас иза бохуш... Ас Соьлж-ГIала йийцара. Амма ярташкахь хало ду. Суна хаьа, адамаш латкъамаш хуьлу Iедал тIе а догIий, ларек елахь бакъо схьагайта, я латтан кехаташ гайта, дIайоккхур ю и ларек бохуш... и проблемаш хуьлуш ю вайн цIахь".

Бизнес лелош волу стаг цхьа ша-тайпа хьуьнар долуш хила веза олуш ду. Иза кхин а мехала ду Нохчийчохь лело бизнес ша-тайпа хилар тидаме эцча муххале. Иза бакъ дуй, Успанов Юни?

Успанов Юни: «Цу юкъа хIун догIу? Хьайн бизнес а лело еза ахьа, Iедалан гIуллакх а, политика а, хьайна хетарг а дIалачкъо а деза ахьа. Амма бакъду, хьо хьайн цхьа адамалла дIалело гIерташ велахь, я цхьана кепара гражданийн позици хьан ялахь, кхин хIума делахь тIаккха новкъарло йийр ю хьуна. Иза, бакъдерг дийцича, Оьрсийчохь миччанхьа а йир ю, вайн цIахь муххале а".

Къоьзан Iам комплекс меттахIоттош а, цуьнан керла сибат кхуллуш а къахьегна Успанов Юнис
Къоьзан Iам комплекс меттахIоттош а, цуьнан керла сибат кхуллуш а къахьегна Успанов Юнис

Тахана Нохчийчохь бизнес яц Успановн. ТIейогIучу хенахь гIуллакх доло дагахь ву иза цигахь. Шена хаьа шега и болх балур хилар. Ша аренца кхиина нохчо ву. Иштта дича нохчийн махкана гIоле хир дара олий, ойла кхоллало шен бохуш вара бизнесхо. Шена ахча а ца оьшу. Шен аьтто хилча ша даггах болх бийр бара боху Успановс.

Успанов Юнин дахаран философи
please wait

No media source currently available

0:00 0:15:37 0:00

Нохчийчохь болх бан хьожур ву ша, шена гуш ду цигахь цхьадолу цхьадерг цхьа тIалам боцуш сихонца деш хилар. Жимма вовшашца къовса а кховсуш, махкана а, нахана гIоле дерг а лохуш, болх бича дика хир дара аьлла хета Успановна.

Цо дийцарехь, карарчу хенахь Нохчийчоьнан Iедалша юьхьарлаьцнарш коьртачу декъана яккхийн инвестицеш ю, амма уьш санна оьшуш ду махкахь жима а, юккъера а олуш йолу бизнес кхиор.

Нохчийчохь, кхечу меттигашкахь а санна дуккха а хIума дозуш ду Iедалех. Цундела бизнес лело луучу стага маслаIатан некъ лахабеза аьлла хета цунна республикан куьйгалхошца. Критика ян еза, цуьнца цхьана гIуллкх гIоле дIадахийта некъаш а гайта беза бохучух тешна ву бизнесхо Успанов.

XS
SM
MD
LG