ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Тбилисера ПIаьнказа кхача 140 чакхарма ю. Дукха сих а ца луш  машенца вахча, ши сахьт хан еза цига дIакхача. Биллина шерра некъ бу. Вуно хазчу дукъ тIехула Iуьллуш бу иза, ша текхарг санна лаьмнийн баххьашкахула гонаш богIуш.

please wait

No media source currently available

0:00 0:05:55 0:00
Линкана тIе

Телави-ГIалана улле кхочучу хенахь, дуьхьал кхетачу машенаш чохь а, гIаш боьлхуш а нохчий го.Къаьстина зударий билгала хуьлу. Нохчийн кепехь йовлакхаш тихкина. Бу царна юккъахь фарз кхочуш деш къовлабелларш а.

Ша ПIаьнказа чIож, шийса, шерачу меттехь ю, гобаьккхина лаьмнаш а, хьаннаш а йолуш. Йохалла-25, шоралла-5 чакхарма бен яц цуьнан. Дуиси а, Джокол-юрт а, ша ерриг 10 юьрт ю кистой беха.

Нохчийчохь шолгIа тIом дIабоьдучу хенахь «ПIаьнказан кризис» аьлла керла дош юккъадаькхинера и меттиг йохьарлаьцначу журналисташа а, цхьацца политологаша а. Депрессехь йолчу оцу гуьржийн регионо тIамах бевда дуккха а нах тIеэцнера. 2002 шарахь цигахь бехачу нехан терахь 7 эзар сов дара. ХIинца, цхьацца лараршца 10 эзар сов вахархо ву.

Болчу хаамашца кхиъ оццула мухIажар дIатарвинера шаьш долчохь кистоша. ХIета дуьйна и меттиг а, цигара бахархой а бухарчу Iедалан а, Оьрсийчоьнан а леринчу сервисийн тидаме яьллера. Оцу ша долчо, цхьа боккха бала кхуллу адамаш санна дIагайтина шаьш дуьненна, бохуш Маршо радиога дуьйцу цигара вахархочо, къанойн кхеташонан декъашхочо Хангошвили Хасус.

Хангошвили: «10-20 шо хьалха дуьйна, геннара схьадогIуш хIума ду хIара. Я хиллачу гуьржийн паччахьан цабезаман далахь , я кхечу бахьаншца далахь а. Дуьхьала болх беш дуккха а пачхьалкхаш ма ю. Вай Нохчийчу оьрсий тIамца чубаьхкинчу дуьйна схьадогIуш ду иза. Кху чу а деъна иза. ДогIура а дара.

Цадеъча дера а дацара. Оха хьехамаш беш а, дIадуьйцуш ду массанхьа иза. Варийлаш, вайн дайша лелийначу некъа тIера ма довлалаш. Цхьаболу кегий нах ла ца дугIуш а бу. ХIун дийра ду тIаккха».

ПIаьнказехь бехачу нохчаша лечкъош бац шайна хьалхахь хIуьттуш болу баланаш. Дерриге а дуьненна хууш ду, оцу чIожера дуккха а кегий нах Шема тIом бан дIаихнийла. Мелла а оьгIазло а ю бахархойн Iедалшна, цу хIуманна шай хенахь дуьхьало ца йина аьлла.

Цхьана юкъана, оцу чIожехь митинге ара а бевлера бахархой и проблема юьйцуш. Шай бераш лардан лаам бара церан. ХIинца кхелан кIелахь ву кхузахь, Шема баха кегий нах иркархIиттина аьлла бехке веш волу меттигера вахархо. Тахана-кхана кхело сацам бийра болуш бу цуьнан хьокъехь.

Дахаран токхо йолу кхане хира ю аьлла тешам ца хилча, атта ду кегирхой цхьацца харца некъа тIебаха, аьлла хета Хангошвили Хасуна. Шаьш, къаной дIагIерта кхетош-кхиоран болх кегийчарна юккъахь дIабахь, аьлла билгаладаьккхира цо

Хангошвили: «Кхузахь чIогIа хало ю. Латта дац. Ерриге а Гуьржийчохь латта додькъучу хенахь хIоттийна тхов бара цхьа гектар ах гектар. Тхуна ах гектар бен ца елира. Латта кIезга ду кхузахь. Млкха кIезга бут хан. Бан болх бац. ЧIогIа хало ю цуьнца. Кху Гуьржийчохь массанхьа ду иштта хала. Вай кегий нах тIах аьлла хилар бахьнехь, рицкъ чудахьаш ду кхуза. Цуьнах беха нах».

ПIаьнказ-чIожехь белхан меттигаш ца хилар сов, тахана газ а яц ялийна. Наха гонахь йолу хьун хьокхуш ю. Кху шарахь Iедало сацам бина, иза ялора ю аьлла. Амма, боккха кхаъ саннна тIе ца эцна иза кистоша. ХIора харжамашна йоьххьехь и дIахьедарш до Iедалша.

XS
SM
MD
LG