ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Нохчийчохь кхеле озийна Шемарчу тIамах догдаьлла цIавирзина стаг


Грацерчу кхелехь юха а дIайолийна нохчийн, боснихой къаьмнех болчу Шемарчу тIамца боьзначу джихадхошна тIехь кхел.

11 баттахь Шемахь тIамехь а хилла, цул тIаьхьа Нохчийчу цIехьа вирзина лору Соьлжа-гIаларчу кхело Товсултанов Рустам цIе йолу жимстаг. Iедалхоша чIагIдарехь, 2015-чу шеран чиллан баттахь шен зуда а, кегий бераш а эцна, Шема вахана хилла иза, цигахь ДжебхIатул Нусра, я Толаман Фронт цIе йолчу тобанан могIаршлахь тIом бан. Кавказский Узел цIе йолчу хаамийн гIирсо шен Талламан Комитетерчу цIе ца яьккхинчу хьостанна тIе тевжаш чIагIдо, Шема и кIант шен хьалхехьуо дIаваханчу воккхахчу вешин тIеIаткъамца вахана хилла.

Цигахь шо герга хан яьккхинчул тIаьхьа, цуо ша дийцарехь, Шемарчу хьолах догмовла а ваьлла, ведда, шен доьзалца юха даханчу Iай Нохчийчу вирзина хилла иза. ХIинца Товсултанов бехке веш ву, террорхойн тобанехь дакъалацарна. Кхечу пачхьалкхехь тIеман тобанахь дакъалацарна а, террорхойх дIакхетарна а цу жимчу стагана Оьрсийчоьнан низамашца 10 шаре кхаччалца набахтехь яккха хан тоха йиш ю.

Ала догIу, ДжабхIат ал Нусра цIе йолу тоба Шемахь а, Иракъехь, ДаIиш дIаяккхича, уггаре а йоккха а, нуьцкъал а тоба ларалуш ю. Абу Мухьаммад Джавлани цIе йолчу баьччано куьйгалла деш йолу иза Ал Къаидин дакъа ларалуш ду, цкъа хьалха ша Ал Кхаидан декъахь хилар Нусра тобано къайлахьош дара, амма тIаьхьарчу хенахь иза цуьнан куьйгалхоша шаьш официала мукIарло деш ду. Шемахь а, Иракъехь а цхьана агIор Башар Асадца а, вукху агIор ДаIиш тобанца а тIемаш беш ю, къизаллийца башха цу шинна а агIонах къаьсташ йоцу ДжабхIат ал Нусра. Ткъа цуьнан могIаршлахь дуккха а нохчийн къомах тIемлой хилар а къайле яц.

Бакъду иштта, шаьш ДаIиш тобанехь хилларш а тIемлой, нагахь санна шаьш я Нохчийчу я Европе юхабирзинчул тIаьхьа Iедало лацахь, шаьш ДаIишехь дацара, я Нусрехь дара я дукхахболчара «Джейш-аль-Мухаджирин валь-Ансар» тобанехь хилла бохуш чIагIдо, шайн тухун гIуда кIезгох хилийтархьама. Доккхачу декъехь оьрсийн мотт буьйцучу тIемлойх лаьтташ йолчу цу тобан цIе гочдича „МухIажарийн, гIодархойн эскар“ аьлла ю. Масех бIе тIемло шен герз кIелахь йолчу тобанехь ах сов нохчий, гIалгIай ларалуш бу, Европера а, Нохчийчуьра а дIаихна.

Ша а цу тобанехь вара бохуш чIагIдора кху кIирнахь Австрерчу Грацехь шен дов хоттуш волчу Махьарбек цIе йолчу жимчу стаго, кхело ша бакъдолчехь ДаIиш тобанехь хилар гойтуш долу тоьшаллашца ша къарваллалца. ТIаккха цуо мукIарло дира, ша хилла ДаIишехь, амма цунах йигахь Давла олура, цундела шена уьш муьлш бу ца хаара, аьлла.

Мухьарбекца цхьаьна лаьцначийн гIента тIехь ву Австрехь джихадхойн баьчча, масех бIе жимстаг шен даIваташца радикале верзорна а, иттанаш Шема хьажорна а бехке веш волу боснихойн къомах волу имам Мирсад.

Ша даIваташ дечу видеошна тIехь бакъволчу риторикин говзанчано санна, эмоционале, майра, тIагIут емалдеш, джихад хестош, Австри пачхьалкхах кхаьрдаш, кафирийн логах арсаш хьекха деза, амма цкъа хьалха урс дикка ирдиний бен хьакха мегар дац, бохуш, къамелаш дина волу Мирсад кхелехь шен хьалхалерачу сонталлех цхьа а хьаса а ца бисича санна, эсала миска хилла Iаш ву, ша цхьанна а хIуманна бехке а вац, цхьанге а ша Шема гIо а ца аьлла, шена бусулба дин хьоьхучара Iамийнарг кхечаьрга дIадийцар бен ша дина хIумма а дац, бохуш.

Бакъдолчехь, и Мирсад цIе йолу боснихойн имам доккхачу декъехь нохчийн кегирхой, къаьстина кхиазхой галбахарехь гIарваьлла ву, царна хьалха ша башха телеседа санна кеп а лелош, цара боккъал а телеседа санна ваз а веш. ХьастагIа Венехь вехачу цхьана 17 шо долчу нохчийн жимчу стаго Маршо радиоца къамел деш элира, Мирсад шена дика вевза, иза бакъволу Iелим ву, кхин дIа болу Iелимаш стешха нах бу, аьлла. Ткъа Мирсадан бехк ма баций, бусулба динехь джихад фарда ал Iайн ду аьлла хилча бохуш гIо дохура цуо набахтехь воллучу имамехь.

Мирсадан радикале даIваташ а, цунах нохчийн кегирхошна долу зулам дуьйцуш дукха хезна ву Австрерчу нохчийн-гIалгIайн кхеташонан куьйгалхо Мусалатов Шайхи. Ур-аталла цу стагах лаьцна хеттамаш бан шайн кхеташоне Iедал а деънера бохуш дийцира цуо, ткъа ша, ванах, иза иштта зуламе вуйла шайна хуушехь, цуьнга и хIума хIунда леладойту аьлла хаьттича, тхан къузахь демократи ю, аьлла жоп делира шега, бохуш дуьйцу Шайхис Маршо радионе.

Мусалатов Шайхи: „И боснихойн имам кхузахь дукхахенахь дуьйна массара вуйцуш хезнера тхуна, цуо бераш галдоху бохуш. Тхо маьждигехь долуш цига Iедалхой баьхкинера и стаг бахьана долуш, цуо лелош дерг дуьйцуш, тIаккха ас хаьттира, вай, иза иштта кхераме вуйла шайна хууш хилча, и маьждиг дIа стенна ца къовлу аш, аьлла. Тхан маьждигашкахь и саннарш дуьйцуш а дац, тхо, мелхо а, кегирхошка кхузахь маьрша даха гIорта деза вай, бохуш хьехамаш бо элира ас.

Цара жоп делира, иштта атта далуш хIума дац иза, кхузахь демократи ю, аьлла. Цуо лелийнарг а, дийцинарш а хIинца кхелехь гойтуш ду. Иштта и Мухьарбек боху кIант ву, цуо левина, Шема вахийтина бохуш кхело. Вайна вуно чIогIа ца оьшуш хIума ду-кх цуо лелийнарг“.

Мусалатов Шайхис ма-аллара, радикале хьехамаш беш болу имамаш хийла тайп-тайпанчу Европерчу пачхьалкхашкахь еххачу хенахь маьрша буьсу Iедалшкара цхьа а новкъарло а йоцуш. Иштта, масала, масийта шарахь хьул луш а воцуш, кегирхошна радикале хьежамаш Iамош вара Берлинерчу цхьана маьждигехь Атаев Мурад цIе йолу суьлийн къомах имам, ша ца вевзачарна ша нохчи ву а моттуьйтуш лелаш хилла волу.

ДаIишан векал ву ша бохуш социалан машанашкахь цу тобан реклама еш хилла волу иза немцойн Iедалша ца лоцуш дукха хан елира, цуьнан маьждиге оьхуш болчех масех жимстаг лаьцначул тIаьхьа а. Нах ца кхетара, я и стаг Iедална болх беш ву я иза Iедална ца хууш лелаш ву бохучух.

XS
SM
MD
LG