ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Нохчийн васт кхолла атта дац кино чохь


 "Tangerines" (Мандаринаш), кирхьан тIера даьккхина сурт.
"Tangerines" (Мандаринаш), кирхьан тIера даьккхина сурт.

Гуьржийн режиссеро Урушадзе Зазас яьккхина «Мандаринаш» кинофильм Италехь кинотеатршкахь гайта йолийна. Кинематографин уггаре а лаккхара меттигаш яьхначу оцу фильмехь гойту мостагIий хиллачарах доттагIий муха хуьлу.

«Мандаринаш» цIе йолу фильм, кхо шо хьалха яьккхинера гуьржийн вевзачу режиссеро Урушадзе Зазас. Иза стохка «Оскар» совгIат дала хьакъ ю аьлла къобал а йина хьалхатеттинера. Цуьнца къийсалуш яра оьрсийн режиссеро Звягинцев Андрейс яьккхина «Левиафан».

«Оскар» ца кхаьчнехь а, кхийолу дуьненахь мехала хетачу кинофестивалашкахь а, гайтамашкахь а лаккхара мах хадабо цуьнан. ТIеххьара оцу фильмо яьккхина Испанехь Гауди Антонион цIарах приз. 15-гIа совгIат ду цуьнан иза.

Ша фильм Абхазехь 1992 шарахь хиллачу тIеман зама юьйцуш ю. Эстонхой беха жима юьрт. Гобаьккхина мандаринийн бошмаш. Верриг а дIавахна цигара. Висина 2 эстонхо - Маркус а, Иво а.

Цхьаъ мандаринаш схьайогIуш ву, важа ву уьш чуяхка дечкан яьшканаш еш. Стоьмаш гулдина ваьлча, Эстоне дIаваха Iалашо ю цушинан Амма боьдучу тIамо шен хийцамаш бохьу церан дахаре.

Цхьана дийнахь абхазойн а, гуьржийн а тIематасадалар а хуьлу юьрта йистехь. Дийна вуьсу абхазойн агIор тIом беш волу цхьа нохчо а, гуьржийн салти а. Ши а лазийна хуьлу. Ивос и шиъ шен чу а вохьий, царна деххачу деношкахь дарба до. Шаьшшиъ кога хьалахоьттича, вовшех вен ойла йолуш хуьлу Ахьмад а, Ника а.

Амма къеначу эстонхочо шен тховкIелахь цхьанна а цIий Iенара дац аьлла низам хIоттадо. Оцу низам тIехь и шиъ чекх а волу. Дуьххьара цергаш а хьекхош, юха дегнаш кIадлой, доттагIалла хила мега уьйранаш тасало.

Зачистка ян баьхкинчу абхазойх кIелхьарвоккху Ахьмадас Ника. Режиссера Урушадзе Зазина, ца лаьа и фильм тIамах ю ала. Иза адамаллех ю элира цо Маршо Радиога.

Урушадзе: «И фильм дика яьккхина хилар сов, суна хеттарехь, цигахь адамалла гойттуш йоккха агIо ю. Иза кхета адамийн дегнех. ТIамах лаьцна фильм ю иза эра дацара ас. Иза, адамех ю, халчу хенахь а, халчу меттехь а цхьана нисбеллачу. Мел хала далахь а, уьш адамаллех цхьа ца хаьдда.

Адамийн йохь ца йойу цара. И тема ю суна хетарехь цигахь коьрта. Кхин цхьа хIума а ду цигахь доккха маьIан долуш. Вовшашна гечдар. Суна хетарехь, къинтIера валар-адаманна делла доккха совгIат ду».

Абхазашна тIаьххье оцу эвла кхочу оьрсийн машаран эскархой. Царна уьтIахь дечиг доккхуш вала Ахьмад го. Ша ноххчо ву, ша шун агIора ву аьлча а, ца вуьтуш эспаро омар ло салташка тоьпаш тоха олий.

Цунна иза тохале, корех оьрсашна тIе масатоп етта волало Ника. ТIаьхьо, иза а воь оьрсийчоь тапча а тухий. Иштта дIаделира нохчочуьнна а, гуьржийчуьнна а тасаделла долу и гергарло.

Абхазашца а, хIиришца а шайн деххачу шерашна телхина юкъаметтигех сагаттадо режиссера Урушадзе Зазас. Муха нисделла ца кхета иза, селхана лулахой, гергар нах хилларш тахана мостагIий.

Урушадзе: «Иза суна а, мел волчу гуьржичунна а дагах кхеташ тема ю. Тхан пачхьалкх жима ю. Гуьржичоьнан уггаре а хаза меттиг яра Абхази а, СамачIабло-Къилба ХIирийчоь. Абхазашца хилла тIом дагах кхетта бу тхуна. 300 эзар мухIажар ваьлла цигара.

Иза тхуна боккха бохам бу. Суна лазаме ду иза. Цигахь дуккха а къона а, дика а, коьртачу декъана похIма долу кегий нах белла оцу тIамехь. Суна цкъа а ца моьттура ас цуьнах лаьцна кино йоккхура ю аьлла. Цхьацца хIума ма хуьлий, хьуна иза яьккха ца лууш йолу».

«Мандаринаш» яьккхина уьш боккъула а йолучу бошмашкахь Гуьржийн махкахь. Дуьхьара эстонера Iедалша кховдинера цуьнга и ойла. Абхазехь 150 шарахь баьхначу эстонхойх аьлла дара дуьххьара. Йоккхачу фильман сценари, дукха кIезгачу хенахь язйина Урушадзе Зазас.

Актер Никашидзе Гиоргий
Актер Никашидзе Гиоргий

Урушадзе: «Иштта хилира-кх иза. Эстонхоша соьга аьллера, цуьнах яьккхи вай кино аьлла. Дуьххьара суна моьттура, хIанах-стенах йоккхура ю ас иза, аьлла. Жимма ойла йича, суна ойла еара, мостагIий цхьана цIа чохь а нисбина, уьш цхьана шуьне а ховшуш гайта.

МостагIаша цхьана стоьла тIехь хIума ма ца юу. Иза тамашийна а ма ду. Суна иза дагадеъча, ас дукха сиха-шина кIирнахь сценарий язйира цунна. Иза чIогIа кIеззиг хан ю, йоккха фильман».

«Мандаринаш» кино чохь коьрта турпалхочуьннна Ахьмада васт ловзочу гуьржийн актеран Накашидзе Георгина, цо ша бахарехь хала дацара цуьнан амал гайта.Уггаре а халаниг дара боху цо, нохчочо буьйцу оьрсийн маттан акцент гайта. Нохчашна а, ша шайниг ву моьттинера, боху цо.

Накашидзе: «Зазас соьга ахь ловзаехь нохчочун вас аьллера. Хьажахь хьайн хIун хуьлу, элира цо. Сан доьзалехь дуккха а бу музыканташ. Цундела суна аз дика девза. Ас дуккха а хенахь эшарш а лекхна. Со Ютюб чухула хьежа волавелира нохчийн тIемалошка а, церан баьччашка а. Дуккха а ма ю цигахь и материал.

Суна дага ца догIу, амма ас тIемалойн цхьа баьччан къамел дира. Ас схьалецира цуьнан къамелан амал. Кхиъ цхьа хIума а дагадеара суна. 1994 шарахь, Нохчийчохь хьалхара тIом болабеллачу шарахь, сан дас театралан институтехь Iамош бара нохчийн кегий нах. ТIом а болалелла, уьш ахча доцуш бисира.

Сан да волчохь Iийра и кхо кIант. Суна билгала хаьа, царах шиъ цIа а вахана оцу тIамехь веллийла. Сан доттагIалла тасаделлера цаьрца. Шозза цхьана Керла Шо а даздира оха. Суна уьш а дагабаьхкира. Церан амалш а, белар а. Актеро иштта схьа ма лоцу шена гинарг. Иштта и амалш юьхьар а лаьцна, кхоьллира ас и васт».

Накашидзе Георгий воккхаве, шена и нохчочуна васт кхачарна а, иза шега дика ловзаяларна а. Вай, динца а, дахарца а башхалла йолуш далахь а, дуьнене хьежамо а, амало а, уггаре а коьртаниг-кавказхойн кхетамо цхьаъ до вайх, элира цо.

Накашидзе: «Вай вовшех чIогIа дика кхета. Вай кхетам цхьаъ бу. Бен дац ахь лелош долу дин.Ахь деш дерг, ахь лелош дерг ду гайтаме. Ломан кавказхойн къаьмнаш вовшех дика кхета. Суна герга ду иза. Нохчашна дош дош дуйла хаьа. Нана-нана юьйла хаьа.

ДоттагIалла а лаккхарчу тIегIанехь ду. Къонахийн низамаш а ду, дохо йиш йоцу. Кхечу къаьмнийн иза ца хуьлу бохург дац. Вай цхьа кхетам бу. Цуьнах ма ю и фильм. Ю, цуьнах ю».

Никашидзе - Ахьмад
Никашидзе - Ахьмад

«Мандаринаш» фильм чекхайолучу хенахь, вийна волу Ника дIа а вуллий, шен цIа воьду Ахьмад. Шен тIом чекхбаьлла,олу цо, эстонхочунга Маркусе. Цуьнан кхетамехь дукха хIума хиййцаделча санна хета шена, боху режиссера Урушадзе Зазас.

Урушадзе: «Суна нохчийн доьналлийн амал евза. Иза нохчочуьнах ю, ша мел долу хIума ган а гина а, лайна а, шен цIа ворзучу. Иза цу тIаме кхин гIура воцийла гуш ду. Иза гIелвелла,хийцавелла. И фильм, ма дарра дийцича нохчочуьнах ю».

«Мандаринаш» цIе йолу фильм дуьненахь дукхачу пачхьалкхашкахь гайтина а, гойтуш ю. Амма цуьнан уггаре а боккха толам, режиссеран Урушадзе Зазина хетарехь бу, шаьш гуьржаша а, цуьнга хьажинчу нохчаша а къобал а йина тIеэцар.

XS
SM
MD
LG