ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Нурмагомедов Хьабибан шича Москвахь лацарх хаамбина зорбанашкахь


Гайтаман сурт

UFC-н Дагестанерчу экс-чемпионан шича, Bellator-н латархо Нурмагомедов Iусман лаьцна ХIинжа-гIалара Москварчу Шереметьево аэропорте ма кхеччи. Дагестанерчу Каспийск гIалахь контролан пунктехь полисхочунна машен тIехахкар бахьана ду, иза сацоран, хаамбина Baza телеграм-канало. Нурмагомедов Iусманца машенахь хилла цуьнан доттагI, яздо хаамийн гIирсашкахь.

Mash телеграм-каналан зерашца, цо лазийнарг ву 39 шо долу полицин капитан Назаров Алексей. Цуьнан коьртан чкъуран бухахь гематома а, тIехула лазийна меттигаш а ю аьлла, диагноз хIоттийна. Машен тIетоьхначул тIаьхьа дарбан цIийне вигинера иза, хIинца цIа вахийтина.

Инстаграмехь спортзалера сториз хIоттийна Нурмагомедов Iусмана, дуьйцург бакъ дац бохуш санна. Телеграм-каналаша билгалдоккху, суьрташ шира а ду, ХIинжа-ГIалахь даьхна а ду бохуш.

Оьрсийчоьнан Юккъерчу федералан гонашкахула йолчу чоьхьарчу гIуллакхийн министраллан пресс-гIуллакххоша тIечIагIдина, Шереметьево аэропортехь ХIинжа-гIалара деанчу кемана тIера 1998-чу шарера ши стаг лацар, хаамбо ТАСС агенталло.

ТIаьхьо Дагестанерчу Талламан комитетан урхаллин пресс-гIуллакххоша хаийтира, "Шен белхан декхарш кхочушдарца доьзна Iедалан векална дуьхьал ницкъбаккхар" аьллачу артиклехь бехкзуламан гIуллакх схьаделларх.

Хьалхо ирландхойн шозза чемпион лаьттинчу UFC-н латархочун Макгрегор Коноран сурт шен инстаграме хIоттийнера Нурмагомедов Хьабиба: "Бастрыкинера сан мидал стенгахь ю? Дагестанхойн жIугано ма йиттинера суна а" аьлла, яздина.

Нурмагомедовс дагадаийтинера цуьнца, 2018-чу шарахь Макгрегорца UFC-н чемпионан титул къовсуш летарш хиллачул тIаьхьа нисделла тасадаларш. ХIетахь дагестанхойн спортхо, хаамийн гIирсашкахь яздарца, Макгергоран командан декъашхошна тIелеттера рингал а арахьа.

Хьажа комменташка

Коьрта теманаш

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG