ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Нурмагомедов реза вацахь а, Емельяненко Федорна новкъа дац ринга тIедуьйлу зудабераш


Емельяненко Федор
Емельяненко Федор

ММА-н ийначу кепехь латаран доьазза чемпион ваьллачу Емельяненко Федора комментари йитина, къовсамашкахь ринг-герлз хиларх лаьцна. Цунна хетарехь, цара цхьана а агIор новкъарло ца йо цунна, йа цаьрца гIуллакх а ца догIу цуьнан, яздо NewsMMA гIирсо.

"Бакъду, цхьа хIума хийца мегар дара – оьздачу кепехь духар цаьрга дохийтича", - дIахьедо Емельяненкос.

  • UFC-н хилла чемпионо Нурмагомедов Хьабиба, цхьайолчу спортехь ринга тIе буьйлучу мехкаршна (ринг-герлз) дуьхьал аьллачунна тIехула дина ду Емельяненкос шен дIахьедар. Раундийн номерш тIехь йолу уьнан коржамаш йохьуш ринге дуьйлу зудабераш - уггар а оьшуш доцург ду ММА-хь аьлла, дIахьединера Нурмагомедовс байначу беттан 23-чохь. Ийначу кепехь долчу латаршкахь цхьана а кепара функци кхочушъеш бац ринг-герлз олу мехкарий аьлла, билгалдаьккхира латархочо.
  • Оьрсийчоьнан боксехь латархо йолчу Семенова Ангелинас бехкевира UFC-н хилла чемпион Нурмагомедов Хьабиб, цхьайолчу спортехь ринга тIе буьйлучу мехкаршна дуьхьал валарна. "Дагестанан лаьмнашкахь хиллачу сексизмех воьллачу Хьабиба и йита еза дукха хан ю, нагахь санна, дуккха а хIума хийцаделлачу юкъараллехь ваха ша дагахь велахь. Йа ша схьаваьллачу меттигехь хIиттаде шен низамаш, мацца хийцаделла а, цигара хьелаш а кхуьур ду цкъа мацца а", - дIахьедина Семеновас. Цуьнан дешнаш далийра MetaRatings сайто.
  • Хьалхо хаамашкахь яздира, Оьрсийчоьнан журналисто Собчак Ксенияс а бехкбаьккхина хиларх спортхочуьнгара, цо динчу дIахьедарана тIехула.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG