ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Нурмагомедов цхьаьнакхетта Кириенкоца


Нурмагомедов Хьабиб
Нурмагомедов Хьабиб

UFC-н яйчу йозаллехь латарехь чемпион хилла Нурмагомедов Хьабиб цхьаьнакхетта Москвахь Оьрсийчоьнан президентан администрацин куьйгалхочун хьалхарчу когаметтаца Кириенко Сергейца.

Цуьнца даьккхина шен сурт зорбане даьккхина цо шен инстаграмехь, "хазахета вевзина, Сергей Владиленович", - аьлла кIеллахь йоза а дуьтуш.

2021-чу шарахь Зазадоккху-баттахь Нурмагомедов Хьабиб UFC-н ерриг а рейтингашна юкъара дIаваьккхира, карьера дIаярзор бахьана долуш. Цуьнах лаьцна спортхочо дуьххьара дIахьединера 2020-чу шарахь ГIадужу-беттан 24-хь, амеркахочунна Гэтжи Джастинна тIехь толам баьккхинчул тIаьхьа. Нурмагомедовс йитира спорт, 29 латарехь цкъа а ца оьшуш.

  • Forbes-ан Оьрсийчоьнан версино хьалхарчу метте хIоттийра Нурмагомедов Хьабиб Оьрсийчуьрчу 50 уггар кхиамечу седарчашна юкъахь. Журнало бинчу талламца, Нурмагомедовна хилла пайда бу 12 миллион доллар.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG