Кхарачой-Чергазийчуьра Урупскан кIоштара къаноша видеокхайкхам бина мехкан муфтияте, нускал дерзочохь дайша барамалла лелийна хилар меттигерчу бахархошна дагадаийтар доьхуш. Кхайкхмбинчара бахарехь, зуда йалийначохь карарчу хенахь йен харжаша доьзалашна ницкъ бо.
И кхайкхам зорбане баьккхина Кхарачой-Чергазийчуьра бусалбачу нехан Динан урхаллин аппаратан куьйгалхочо Баширов Нюрислама. Къаноша дехар дина муфтийга, "бахархошлахь уьш кхетош къамел а дахьара, зуда йалийначохь, дайша лелийначу ламасташца а, гIиллакхашца а, динца а догIург лелор хьехахьара", тIех харжаш а ца йойтуш аьлла.
Цкъачунна мехкан муфтиято оцу кхайкхамна жоп делла дац.
Нохчийчоьнан Ӏедалш а гIерта, тойнехь йеш йолу харжаш цхьана низаме йерзон. 2023-чу шарахь республикерчу муфтиято билгалъйаьхна регионна "той дӀадахьаран кепаш". Дихкина нохчийн Iадаташца догIуш доцу муьлхха а совнаха дерг лелор а, керла шайггара хIуманаш йукъадахар а. Цу кехата тIехь къаьстинчу декъехь дихкина дара деза совгӀаташ дар, "масала, бриллиантан мухIарш, кетарш, хIусамехь лелон техника, петарш, машенаш".
Делахь а шаьш кадыровхоша и низамаш лардеш дац. Уггар а гIугI динчех дара-мехкан куьйгалхочун воIа Кадыров Адама 2025-чу шарахь зудайалор. Шуьйрачу кепехь дерзийра нускал: дашон тапча а кхуьйсуш, Iаламат фейерверкаш хIиттош. Зуда йалийнраг вара цу дийнахь ахмиллиард сом мах болу деза сахьт пхьаьрсах дихкина.
- Хьалхо Кхарачой-Чергазийчохь нускал дерзочохь масийта сингаттам нисбелира. Марсхьокху-баттахь Хабезан кӀоштахь лецнера нускал далош богIу нах. Социалан машанашкахь йаржийна роликаш бахьана долуш схьакарийнера и низам дохийнарш. Цхьана видео тIехь машенийн коврана йукъара цхьаммо кIегара йуьгуш йу шен машен, вукху машенахь волчо травматикан тапча хьалайоккхий, корехула хIаваэхь кхуьйсу и. ТӀаьхьо оццу стага, цуьнан юьхь къайлайаьккхина йара, шена гечдар дийхира, адамашна йукъахь ларйан йеза къепе йохорна. Видео хьаьжча, гуш ду, оцу зуламхочуьнга дIайоьшуьйтуш йу хьалхо цунна кечйина хилла текст. Машенлелорхочунна 40 эзар сом гӀуда туьйхира, цуьнгара герз а схьадаьккхира. Кхин а кхаа стеган хьокъехь протокол хIоттийра, машенан корашна тIехь Iаьржа пардо хиларна, цхьаъ бехкеозийра машен кхерамечу хьолехь лелорна.
- Марсхьокху-беттан 2-чохь 10 стагана чевнаш йира Усть-Джугетехь цIа чохь газ иккхина. Хаамбора, и газ оьккхучу заманчохь цу хIусамехь нускал дало беш кечамаш бара аьлла.
- Iедалхоша дихкина доллушехь, Къилбаседа Кавказан бахархоша дуьтуш дац и ламаст. Цхьаболчара олу ловзаршкахь герз кхийсар ламаст ду, вукхара олу, ламасташца а, гIилалкхашца а аьттехьа а доьзна дац, и адамашна кхераме долу хIума йукъара дIадаккха деза бохуш. Мила ву бакъ, ткъа нускал далийначу меттигехь герз кхийсар дитар массарах а хьакхалуш а хIунда дац- дуьйцу тхан редакцин материалехь.