ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Обама Барак –Путинах лаьцна: "Шу теш ду цо Нохчийчохь динчун"


Обама Барак
Обама Барак

Американ Цхьаьнатоьхначу Штатийн хиллачу президенто Обама Барака "къиза" ву аьлла Оьрсийчоьнан президент Путин Владимир, оьрсийн эскаро Нохчийчохь лелийначуьнца масала а далош. Кхаарин дийнахь, Украинехь карарчу хенахь долчу хьолах дуьйцучу заманчохь, аьлла цо иштта.

"Иза даим вара къинхетамза. Шу тешаш ду, цо Нохчийчохь динчун. Эхь-бехко хьийзош вацара иза, шена кхераме бу аьлла хетарш хIаллакбечу хенахь. ХIара керла хIума дац", - зорбане даьккхина CNN канало экс-президентан вистхилар.

Обамас бахарехь, Украинехь хуьлучун хьокъехь "дукха хьалхе ду хIинца муха хир ю ловзаран чакхе дийца". Оцу юкъанна Оьрсийчоь а, Путин Владимира а тамаша бора "тIеман хатI хийцаделлачу кепах", аьлла хета цунна.

  • Москвано официалехь "Контртерроран операци (КТО) леринчу шолгIачу оьрсийн-нохчийн тIеман жигара фаза лаьттира 1999-чу шеран Марсхьокху-баттера 2000-чу шеран Чиллан-батте кхаччалц. Делахь а, официалехь КТО-н раж юхаяьккхира 2009-чу шеран Охан-баттахь.
  • Оцу тIамехь билггал хиллачу зенех хIинца а хаамаш бац. Оьрсийчоьнан тIеман министраллан 2010-чу шарахь йовзийтинчу официалан статистикаца, 1999 шарера 2008-чу шаре кхаччалц Къилбаседа Кавказехь кхелхина 3684 эскархо, Оьрсийчоьнан чоьхьарчу министраллан лараршца чоьхьарчу эскарийн белхахойх вийна 2 эзар стаг. Оьрсийчуьрчу салтийн нанойн комитетан Союзан зерашца, официалан терахьаш мел кIезин а шозза лахара ду.
  • 2001-чу шеран офицаиалан информацица, маьршачу бахархошлахь беллачийн терахь эзар ду, амма бакъоларъяран Amnesty International организацин хаамашца, тIамехь велла 25 эзаре гергга маьрша вахархо. ТIеман муьрехь Нохчийчуьрчу маьршачу бахархошна тIехь тIеман зуламаш а, къизаллаш а лелийра, дуьйцу бакъоларъярхоша.
  • Охан-беттан 7-гIа – 43-гIа де ду Украина тIамца Украине гIоьртина. Американ Цхьаьнатоьхначу Штаташа а, Британино а керла санкцеш дуьхьалъяхна Оьрсийчоьнна – тептаршлахь бу Оьрсийчоьнан куьйгаллин гергарнаш, Сбербанк, инвестицеш, энергоимпорт. Украинхойн Iедалхоша кхайкхамбо пачхьалкхан къилберчу бахархошка, Оьрсийчоьнан эскарша тIелатар доладалале цигара дIадовла бохуш. Украинан дуьхьал Оьрсийчоьно тIом болийчхьана 11 миллион 276 эзар стага дIатийсира шайн хIусамаш.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG