ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Европан Кхерамзаллин, Цхьаьнаболхбаран Кхеташонехь


Европан Кхерамзаллин а, Цхьаьнаболхбаран а Кхеташоно (ОБСЕ) Венехь тахана схьадиллина мехкийн-декъашхойн арахьарчу гIуллакхийн министрийн 24-гIа цхьаьнакхетар. Еарийндийнан хьалхара дакъа лерина дара делегацеш тIеэцарна а, Европехь тIекхуьучу чкъоранна лерина дIахьочу кегийрхойн форумна гIортор ярна. ПIераскана Францин, Германин векалша а, ОБСЕ-н куьйгалло а йийцаре юьллур ю дайн герзаш кхиор лахдарх йолу программа. Цул тIаьхьа дипломаташа къевлинчу ражехь дIахьор бу шайн болх. Оьрсийчоьнан арахьарчу гIуллакхийн министр Лавров Сергей барамехь цхьаьнакхета везаш вара Iамеркан Цхьанатоьхначу Штатийн инарла секретарца Тиллерсон Рексца. Дийцаредиллина дара Украинехь машарбарх а, Къилбаседа Кореярчу хьолах а лаьцна къамел. Барам тергалбо Маршо Радион корреспонденто.

XS
SM
MD
LG