Одессехь вехачу нохчочо, Украинан вахархочо Закариев Мохьмада зуда ялийначохь хIаваэ герз диттина меттигера вахархо Крамаренко Кирилл 200 эзар украинхойн гривнашкахь закъалт делча маьршаваьккхина. И хилам бахьана долуш иттаннашкахь нах сецийра, эххар а Крамаренко чохь сацийнера, ткъа нохчийн диаспоран векалша латкъамаш бира шайца харцо лелорна.
Крамаренко маьршаваккхарх яздо "Думская" хаамийн гIирсо, кIоштан прокуратурана тIетевжина. Юьйцу инцидент хилла карарчу беттан 14-чохь.
Таллархойн топ хIаваэ Крамаренкос йиттинчул тIаьхьа "Перехват" план дIакхайкхийра, ткъа той доьдучу меттиге чулилхира полисхойн спецназ. 47 стаг дIалецира – Украинан дозана тIехь хан яккха бакъо йолуш буй хьовса миграцин хьукмате дIабигира уьш.
Оццу дийнахь интернетехь видео яржийра, Крамаренкос шена гечдар доьхуш "харцахьа леларна". Цуьнан футболки тIехь яздина дара Iарбойн маттахь "маршо".
Нохчийн диаспоран векалшна шайца бакъоларъяран органаша лелийнарг цхьа бух болуш хийтира. Одессан кIоштан юкъараллан куьйгалхочун Келоев Мусан информацица, иттаннашкахь цуьнан махкай Украинера арабаха хьийза.
"25 нохчочун цIе тIехь а йолуш хIоттийна цхьа тептар ду – ловзаргахь хилла хьеший бу уьш, цара шайн пачхьалкхера арабаха хьийзош болу", - дийцина цо "Думская" гIирсе.
Зуда ялийна, 24 шо долу Закариев Мохьмад – маьршачу латарехь Украинан 4-зза ваьлла чемпион ву. Одессехь кхиъна ву иза: Нохчийчохь шолгIа тIом боьдучу хенахь Украине дIабахана бу церан доьзал. 2000-чу шеран Дечкен-беттан 31-чу буса Соьлжа-ГIалина гергахь кхелхина ву цуьнан да Закариев Ахьмад.
ЦIеххьашха ойла хилира хьешан Крамаренко Кириллан герз кхийса, дийцина Закариевс: "Кавказехь ловзаргахь герз детташ гина цунна видеошкахь" аьлла. Ловзаргахь болчу баккхийчара дехар дина а хиллера цуьнга, низам ма дохаде бохуш.
"Хьеший лаьтта охьа а бехкина, бераш а, зударий кхерийнера, - дагалоьцу Закариевс "Думская" хьостана еллачу интервьюхь. – 80 гергга хьеший, со а, сан доттагIий а цхьаьна дIабигира миграцин хьукмате гIуллакх къасто, цара герзаш ца кхисинашехь. Тхан пачхьалкхехь баха бакъо йолу цхьаберш махкара арабаха тарло, Украинан низамаш цара цкъа а хьешна доцушшехь. Цхьа таIзар дар санна хIума ду хIара дерриг а. Тхуна хетарехь, Украинан чоьхьарчу гIуллакхийн министраллан урхалле керла хьаькам хIотторца, Одессан кIоштан Къоман полици Киевна шогалла дIагайта хьийза, шаьш муьлхха а бакъо хьашар могуьйтур дац аьлла".
Уггар а Закариев кхоьрург ду, нохчех Украинан мостагIий бан гIертар: инцидент хиллачул тIаьхьа зорбанашкахь "Одессерчу дерачу нохчех-террорхойх", "Украинехь маьрша дац: урамашкахь герзаш кхуьйсу нохчаша" бохуш, даржорна.
Хаамийн зорбано билгалдаккхарехь, оцу позицина тIетайнера Iедалхой а: Одессерчу депутата Дмитрук Артема парламентан кхеташонехь карарчу беттан 15-чохь дIахьедира, ловзарга баьхкинарш "зуламан тобанан декъашхой бара, вайн ламасташ а, низамаш а, гIиллакхаш а сийсаздина болу" аьлла.
- Доьдучу шеран Мангал-баттахь Киевехь набахтехь даккха диъ шо хан кхайкхийра Нохчийчуьрчу 30 шо долчу С-А. Юсупна, бакъо йоцуш герз лелош хилар гучу а даьлла.
- 20I9-чу ушарахь Украинерчу бакъоларъяран органаша шайн пачхьалкхера араваьккхира Нохчийчоьнан вахархо Альбердов Iумар. Урамехь саца а вина, цуьнга аьлла хиллера, Украине кхайкхина ахь "ца оьшу цхьаъ" аьлла. Оцу юкъанна Альбердов Украинехь ваха бакъо йолуш вара, Киевехь шен доьзалца дIатарвелла вара иза.