ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Цхьаберш синтем байна, вуьйсуш сатийсарца хьоьжу Дагестанехь хуьлучуьнга


Дагестан -- Дешаран министр хилла волу Шахов Шахабас ву Москох Басманан кхеле вуьгуш. Чилл. 6, 2018

please wait

No media source currently available

0:00 0:03:08 0:00
Линкана тIе

Дагестанера Iедалан дайх цхьамогIа даржхой лецар тахана уггаре а чIогIа дуьйцучух ду Оьрсийчоьнан хаамийн гIирсашкахь. Оцу хаамо шена тIаьхье битина ала мегар ду Путин Владимиран хинболчу президентан харжамашка ваха пурба делла аьлларг. Оцу харжамех толам боккхург мила хир ву шеко яцахь а нехан, Дагестанехь долийначу «литтарийн» доза мичахь ду хууш дац. Цундела саготта а бу, сатийсаме а бу нах, оцу цхьана махкахь соцура дац иза аьлла.

Кхиберш санна лерг диллина ладугIуш бу хуьлчуьнга Дагестанера нохчий а.

Меттигерачу вахархочо Абубакаров Мохьмада иштта элира нехан ойланех лаьцна: «Нехан дог-ойла Iаламат дика ю. Дала мукъалахь, кхин дIа а гIур бу и болх. Шортта царна иза бан а бу. ХIора кIошташкахь а, хьукматашкахь а, цара иза бича шортта болуш бу. Ткъа вуьшта аьлча, адам чIогIа самукъадаьлла ду.

Кхузахь къестамаш бац, суьйлий, гIумкий, нохчий аьлла. Шайна цкъа а тIекхочур дац бохуш, шерашкахь цара бина болх а, зулам а, ахчанаш лечкъор а ду иза. Дала мукъалахь хIокху Дагестанехь къепе хIуттург хир ю».

Iедалехь и «литтарш» дола делча Дагестанан куьйгалхочун декхарш кхочуш дечу Васильев Владимиран тIекхача гIоьртина хилла Хасав-юьртан а, Новолакан а кIоштийн куьйгалхой. Амма т1е ца эцна. Сигналаш чIогIа онда ю. Цундела и болх кхин дIа а хьур бу аьлла шеко яц нехан.

Делахь а Дагестанан дозаналла ара и болх бер бу аьлла ца хета цхьаболчарна. Царах ву нохчийн политтехнолог Эльсункаев Надирсолта. Шена хетаргиштта элира цо: «Тахана дIадоладелларг оццу Дагестанехь чекхдера ду аьлла хета суна. Харжамашна болийна рекламан болх бу аьлла а ца хета суна. ХIунда аьлча, тахана оцу Iедалехь болчара Путинна оьшуш йолу процент хуьлуьйтур йолуш яра».

Дагестанехь шен, ондда бахьанаш дара оцу тайпа хийцамаш бан, аьлла хета политтехнологан Эльсункаевна.

ХIара болх геннара кечам а бина болийна бу, элира цо: «И литтарш дан бахьанш шортта долуш дара. И советан Iедал доьхначухьана оцу Оьрсийчоьнан бюджетан ша чубдарг санна тIелетта яра Дагестан. ХIокху вайн Нохчийчохь хиллачу тIемашкахь а цара шайна яьккхина са а, пайда а гуш дара. Суна дагадогIу хьалхара тIом болчу хенанхь, церан Iедало Москоха дIакхоьхьуйту кехаташ шайна оцу бахьанехь миллиардашкахь, миллиардашкахь зе хилла, компенсацеш еза бохуш».

Дагестанера нохчийн дай баьхна латтанан хаттар юха а айдар дуьйцуш дац цкъачунна. Иза, юха а схьагарехь тIаьхьа татта мега генна ханна. Цуьнах а цкъачунна тоам бо наха, шайн «цIий моьлу» коррупционераш дIабаьхчхьана.​

Шуна хетарг

Гайта комментареш

XS
SM
MD
LG