ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Официалехь доцу гIо. Ичкерин агIончаш


Ичкерин хьалхара президент Дудаев Джовхар. Соьлжа-ГIала. "СССР йухчу йукъанна йолу экономика, политика, йозушйоцу пачхьалкхаш меттахIиттар а" бохучу дуьненайукъарчу кхеташонехь. 2004-чу шеран гезгмашин-беттан 5-хь
Ичкерин хьалхара президент Дудаев Джовхар. Соьлжа-ГIала. "СССР йухчу йукъанна йолу экономика, политика, йозушйоцу пачхьалкхаш меттахIиттар а" бохучу дуьненайукъарчу кхеташонехь. 2004-чу шеран гезгмашин-беттан 5-хь

2022-чу шеран гIадужу-беттан 18-хь Украинан Лаккхарчу Радо Нохчийчоь Оьрсийчоьно оккупаци йина латта хилар тIелецира. Ичкерин йозуш цахиларан агIончашна и тема керлачу ницкъаца дуьненайукъарчу майданехь йийцаре йан бахьана хилира цунах. Республика кхечу пачхьалкхехь къобалйайта йиш йуй церан?

1990-чу шеран лахьан-беттан 23-26 деношкахь Вайнехан демократин партино вовшахтоьхна болчу Соьлжа-ГIларчу хьалхарчу гуламо Къоман йукъара конгресс кхоьллира (ОКЧН). Керла вовшахтохарна куьйгалле хIотта кхайкхира хIетахь Эстонехь вехаш хилла волу Дудаев Джовхар – советийн эскарехь цхьаъ бен воцу нохчех волу инарла.

Шо даьлча РСФСР-н кхеташоно Нохчийн-ГIалгIайн республика шина декъе йийкъира, дозанаш къаьсттина билгал ца дохуш. 1991-чу шеран гIадужу-беттан 27-хь Дудаев Джовхар Нохчийчоьнан президент хаьржира, кхин а масех де даьлча шен хьалхарчу декретаца Нохчийн республика Ичкери (ЧРИ) Оьрсийн Федерацих йозуш цахилар дIакхайкхийра цо.

ООН-н декъехь йолчу пачхьалкхех цхьамма къобалйина йацара керла республика, дагадоуьйту Ичкерин Оьрсийчуьрчу коьртачу векало Вачагаев Майрбека. Амма кхечу пачхьалкхашкахь цхьамогIа векалташ йара цуьнан, тIаккха республикан хьаькамаш пачхьалкхийн хьалханчашца цхьанакхетара, билгалдоккху эксперта.

Цо бахарехь, Ичкерина официалехь доцуш гIо лоцура Советан Союзан цхьамогIа пачхьалкхашкахь – Литвахь, Эстонехь, Гуьржийчохь, иштта цуьнан арахьа а: Туркойчохь, Къатарехь, Кувейтехь, Афганистанехь.

Ичкерин дуьненара йукъаметтигаш

Нохчийчоь Оьрсийчоьно оккупаци йина латта хилар Украино тIелацар нохчашна а, "Кремло хьийзош долчу къаьмнашна" а исторехь боккха хилам бу элира Ичкерин арахьарчу премьер-министро Закаев Ахьмада. Кавказ.Реалиина йеллачу комментарехь цо билгалдаьккхира, республикан йозуш цахилар тIелацийта кхечу пачхьалкхашца беш болх бу аьлла, амма уьш муьлха пачхьалкхаш йу цо ца дийцира.

СССР йухучу заманахь нохчий рогIера гIоьртира Оьрсийчоьнах дIакъаста, 1991-чу шеран мангал-баттахь Соьлжа-ГIалахь ОКЧН-н гуламехь Нохчий-Чоь республика дIакхайкхийначул тIаьхьа, тIаьххьаре а Нохчийчоь йозуш цахиларе дирзира гIуллакх.

ХIетахь уьш бен бацара Къилбаседа Кавказехь Москваца дуьхьало лелоран новкъабевлла, дуьйцу Вачагаевс. 1990-чу шерашкахь Ичкерин официалехь йоцу агIонча хилира Туркойчоьнах, амма цо Нохчийн республика Оьрсийчоьнах йозуш цахилар тIелаьцна дацара, делахь а цара президентан тIегIанехь официалехь доцуш йуххера йукъаметтигаш лелайора ичкерихошца.

"90-чу шерийн йуьххьехь со Оьрсийчуьрчу Туркойчоьнан векалца цхьанакхийтира, Анкара оцу регионехь хилийтаран а, Къилбаседа Кавказехь тюркийн цхьа пачхьалкхан политика дIакхехьаран проекташ йийцаре йира оха", - дагадоуьйту Вачагаевс.

Йахначу хенашкахь а – 19 а, 20 а бIешерашкахь – нохчий коьртачу декъанна Османийн империга хьоьжура, хета экспертна. Цо бахарехь, и харжам дин цхьаъ хиларца боьзна бара. 1917-чу шарахь Оьрсийн импери йоьхначул тIаьхьа, Чермоев Iабдул-Межида куьйгалла деш хиллачу Ломанан республикан чоьтехь хилла йолу Нохчийчоь къобалйира оцу Османийн империно, Германино, Гуьржийчоьно, Азербайджано. 1920-чу шарахь Ломанан республика большевикаша хIаллакйира.

Тамашена хIума дац, рогIера шайна маршо йаккха гIерташ болчу нохчаша йуха а Туркойчоьне орца дехар, билгалдоккху Вачагаевс.

Йозуш йойцчу Ичкерин хьалхара президент Дудаев Джовхар Туркойчу шозза веара. 1993-чу шарахь веара иза цо ша лелош долчу кеманахь, официалехь цхьанакхетарш дан ойла йара цуьнан, амма цунах гIуллакх ца хилира: Туркойчоьнан премьер-министро Демирель Сулейман дуьхьал хилира Дудаев тIелаца.

ТIаккха Къилбаседа Кипре (дуьненан йукъаралло статус къобалйанза республика йу и. – Ред. билг.) ваха сацамбира Дудаевс. Йуьхьанца Анкарано пурба ца лора цуьнан кема хьалагIаттийта, амма Туркойчоьнан президент Озал Тургут йукъагIоьртича пурба делира цунна.

Туркойчоьнан Iедалца дуьстича, Къилбаседа Кипран президент Денкташ Рауф цхьанакхийтира Дудаевца. Вовшийш пачхьалкхаш къобалйаран кехатна куьйгйаздан дагахь хиллера уьш, амма тIаккха а кхочуш ца йира шайн планаш, дагадоуьйту Вачагаевс.

Дуьххьара ша хиллачул тIаьхь кхо бутт баьлча йуха а вахара Дудаев Туркойчу, 1993-чу шеран охан-баттахь, Озал Туртгутан тезетахь хилархьама, билгалдоккху историко. ХIетахь официалехь цхьанакхетарш а ца хилира, амма Дудаев тIелецира къоман гIуллакхийн Партин куьйгалхочо Тюркеш Альпарслано.

Кхин а кхо шо даьлча, Дудаев Джовхаран иэсана леринчу Анкарахь хиллачу тезетан барамехь Тюркешо шен официалерчу къамелехь хьахийра шега Дудаевгара кхаьчначу кехатех лаьцна, цо цигахь доьхура Туркойчоьне а, Американ Цхьанатоьхначу Штаташка а Оьрсийн Федерацица машар дIахIотторехь накъосталла дар.

1992-чу шарахь Дудаев Джовхар СаIудийн Iаьрбийчу а, Кувейте а вахара. Ичкерин МИД-н векало Уманский Артура дIахьедира, СаIудийн Iаьрбойчоьнан элано Фахд бен Абдель Азизо а, Кувейтан эмиро Джабар аль-Ахмед ас-Сабахо а кхайкхинера Дудаев Ичкерин президент санна шайн пачхьалкхашка.

Уггар лакхарчу тIегIанехь цхьанакхетарш дара уьш

" Уггар лакхарчу тIегIанехь цхьанакхетарш дара уьш – СаIудин элано Дудаевца хьаж дира, Кувейтан эмиро цунна лерина суьйренан кхача хIоттийра, пачхьалкхехь аккредитаци йина берриг векалш кхойкхуш. Амма Ичкери къобарйаран хаттар дийцаредан долийча, хьалхарчо, шолгIачо Москваца а, Вашингтонаца а и хаттар листа дезаш хилар хоуьйтура", - кхетадо Вачагаевс.

Дудаев иштта хилира Польшехь, Францехь, цигахь официалехь пачхьалкхан хьаькамашца цхьанакхетарш ца хиллехь а, амма, Вачагаевна хетарехь, Iедало гуттара хоуьйтура, инарла хиллачуьнгхьа шайн боккха безам боцийла, Оьрсийчоь цунна дуьхьал хиларна.

Гуьрчийчохь Iедал карчийча, ца ваьллачу денна Нохчийчу эмиграци йина волчу оцу пачхьалкхан президента Гамсахурдияс 1992-чу шеран зазадоккху-баттахь тIелецира Ичкерин йозуш цахилар. Цуьнан сацам Гуьржийчоьнан парламенто къобалбира, цуьнан декъашхой оцу муьрехь Соьлжа-ГIалахь бара. Амма хIетахь Гуьржийчоьнан президент дуьненахь Шеварнадзе Эдуард лорура.

Дудаев вийначул тIаьхьа республикан керла куьйгалхой а гIертара регионан арахьа зIенаш дIатийса а, дуьненан йукъараллехь пачхьалкх къобалйайта а. 2000-чу шеран дечкен-баттахь Ичкерин президентан Йуххерчу Малбелерчу официалерчу векало Яндарбиев Зеламхас (Ичкерин хилла шолгIа президент) Удугов Мовладица ЧРИ-н керла векалт схьайиллира Афганистанан Исламан Эмиратехь – пачхьалкхан кхоллар йу и, масех бусулбачу пачхьалкхаша бен тIелаьцна йоцуш, Афганистанан дерриг латтанашна тIехь Iуналла ца дора цо.

Иштта 2000-чу шарахь Нохчийн республика Ичкери Оьрсийчоьнах йозуш йоцу пачхьалкх санна тIелецира афганхойн талибийн куьйгалхочо (цхьамогIа пачхьалкхашкахь оцу цхьанатохараллин гIуллакхаш террорхойн хета. – Ред. билг.) Мухаммед Омар Моллас.

Балтикера гIо

Европехь прибалтин пачхьалкхаша официалехь доцуш гIо дора Ичкерин векалшна, шайн дозанехь гIуллакхаш лело а пурба лора, амма низамехь статус йацара церан, церан цхьанакхетарш формалехь доцучу кепехь хуьлура.

Нохчийчоьно дIахьочу къийсамна тIехь тидам латтош йара Эстони 90-чу шерашкахь дуьйна, билгалдаьккхира Кавказ.Реалиица хиллачу къамелехь политикан гIуллакххочо, журналиста Михкельсон Маркос, 1994-чу шарера 1997-чу шаре кхачалц эстохойн "Постимеэс" газетан Москвара долара корреспондент болх бина цо. Нохчийчуьра хьалхарчу тIамах лаьцна дийцина цо, масехазза республикехь хилла, Дудаев Джовхарера интервью эцна, иштта цхьамогIа оппозицин жигархошкара а.

Официалехь Эстонино Ичкерин йозуш цахилар тIелаьцна дацахь а, 1995-чу шеран чиллан-баттахь и тема йийцаре йира парламентехь, амма жамIаш дацара цуьнан, билгалдоккху Михкельсоно.

2005-чу, 2006-чу шерашкахь Михкельсон йуха а хилира Нохчийчохь, Кадыров Рамзанаца цхьана а кхийтира – ПАСЕ-н делегацин декъехь. Цо бахарехь, Нохчийчохь дерриг оьрсаша кечдина дара, арахьарчу пачхьалкхийн векалшна республикерчу хьолан цхьа агIо бен ца гайтархьама. Оьрсийчоьнан куьйгкIелахь йара регион буьззинчу барамехь.

"ХIетахь оьрсийн тIеман ницкъаша охьатаIийна дIабаьккхинера Ичкерин йозуш цахилар къуьйсуш болу берриг болам, "чеченизация" олуш йолу процесс йолайелира тIаккха, тайп-тайпанчу Iедалан полюсашна йукъахь цабезамаш кхолла а, регионна тIехь буьззинчу барамехь контроль латтон а Iалашонца", - боху Михкельсоно.

Цо билгалдоккху, карарчу хенахь Нохчийчохь хуьлучух лаьцна бакъйолу информаци йац ала мегар ду.

Республикехь хIинца меттигера бахархой охьатеIош агрессиве раж дIахIоьттина хилар дерриг дуьненна дIахаийтар коьрта ду

"Дагахь латто деза, Нохчийчохь дукха нах бу, меттигерчу хьолана реза боцуш, "оьрсашна кIелахь" хила ца лууш. Республикехь хIинца меттигера бахархой охьатеIош агрессиве раж дIахIоьттина хилар дерриг дуьненна дIахаийтар коьрта ду. Нохчийчоь оккупаци йина латта хилар Украино тIелаьцна хиларо, шеко йоцуш цунна [тIе тидам бахийтарна] гIо до", - билгалдоккху Михкельсоно, амма и тема Эстонерчу зорбанашкахь, политикийн дIахьедаршкахь хьехош цахиларна тIе тидам бохуьйтуш.

Ичкерин йозуш цахилар тIелацарехула болу агIончаш Кавказера пачхьалкхаш хила йеза, аьлла хета нохчийн политологна Кутаев Русланна. Амма, цо бахарехь, Гуьржийчоь тахана Кремлехьа болчу наха лелош йу, цуьнгара гIо хиларе сатийса ца оьшу, иштта хьал ду Эрмлойчохь а, Оьрсийчоьнах йозуш йу и хIинца а.

"ХIинца Нохчийчоь йозуш цахиларехьа болу агIончаш хета йиш йу Украина, Балтин пачхьалкхаш, хила тарло, Польша а, - ойла йо эксперта. – Iарбойн пачхьалкхаша мелла гIодийр ду бохучуьнга догдаха ца оьшу, хIунда аьлча, церан куьйгалхошна ца кхета, нохчийн къам Оьрсийчоьнах дIа а хаьдда, къаьсттина статус къуьйсуш хIунда ду".

Дудаевх турпалхо вар

Нохчийчоь оккупаци йина латта хилар Киево тIечIагIдарх лаьцначу хаамашна башха боккха тидам ца хилира туркойн медиа аренехь. Доккхачу декъанна зорбанаша кIезга йевзаш йолчу меттигерчу националистийн хьостан артикл арахоьцура "Нохчийчоьнца Оьрсийчоьнан дог этIадо Украино" аьлла цIарца арахецна йолу, дуьйцу аналитико, Стамбулерчу гуманитаран, социалан талламийн Центран белхахочо Ахиядов Мохьмада.

Москваца йолчу йукъаметтигашка хьаьжжина хуьлу Анкаран дIакъаьстинчу республикашка болу хьежамаш: иштта хилира 90-чу шерашкахь а, иштта хуьлу хIинца а, чIагIдо социолого. Туркойчоьнна цхьана агIор Кремлана тIе Iаткъам бан лиъча, Кавказан тема йуьхьаралоцу цо, амма таханалерчу дийнахь Туркойчоьнан Украинерчу хьолах пайдаэца аьтто бу, цундела Кавказера проблемаш Анкарана ца оьшу, ойла йо эксперта.

РогIерчу къамелехь туркочо гуттара а хоттур ду нохчочуьнга тIамах лаьцна, пачхьалкх йозуш цахиларх, Дудаевх а

"Амма туркойн йукъараллина Нохчийчоьнан йозуш цахиларан тема бен йац бахар а нийса дац. Пачхьалкхо и тема йийца мега, ца йийца мега, амма рогIерчу къамелехь туркочо гуттара а хоттур ду нохчочуьнга тIамах лаьцна, пачхьалкх йозуш цахиларх, Дудаевх а", - билгалдоккху Ахиядовс.

Эксперта бахарехь, Кадыровгхьа интерес йац туркойн и Дудаевца вуьстича, тIаьххьарниг турпалхочун васте ваьккхина ву, - и Шемалца вустура.

"Таханалерчу дийнахь Малхбузенна бен дац Туркойчоьно Нохчийчоьнан йозуш цахилар тIелацар, цул а коьрта ду и Украино дина хилар. Цуьнан аз тахана зевне ду, и дIахезар ду", - билгалдоккху Ахиядовс.

Украина тахана – йозуш йоцу Нохчийчоьнан уггар коьрта агIонча йу, реза ву цуьнца "Единая сила" бохучу нохчийн диаспоран политикан боламан куьйгалхо Сулейманов Джамбулат.

"Украинехь дерриг дуьненан политикан формат хийцар ду дIахьош. Тхуна 90-чу шерашкахь дуьйна дашца гIо дора прибалтин пачхьалкхаша а -Литвас, Эстонино. Украинан масала цара схьаоьцург хиларе догдоху. Амма и хилахь, йиссинчу пачхьалкхаша а нохчийн шайн йозуш йоцу пачхьалкх кхолларан бакъо къобалйан мега", - боху Сулеймановс.

***

Къобалйанзачу Ичкерин Украинерчу векална Шулипа Юрийна хетарехь, Украинан Лаккхарчу Радо тIеэцна долу Ичкерина оккупаци йина хилар тIечIагIдечу кехато юридикан хийцамашца тIелоцур йу Нохчийн республика Ичкерин цхьана ханна йайно йолу суверенитет.

1997-чу шеран Стигалкъекъа-беттан 12-хь Кремлехь президенташа Ельцин Бориса а, Масхадов Аслана а Оьрсийн Федерацин а, Нохчийн Республика Ичкерин а йуккъехь машаран а, йукъаметтиг лелоран а Бертана кIел куьйг йаздира. Вуьшта аьлча, Оьрсийчоьно де-юре тIелецира регионан йозуш цахилар. АгIонаша "муьлхха а хеттарш луьстучу йукъанна ницкъбар а, ницкъбарца кхерамаш тийсар а лелор дац" аьлла бина барт бохийра ши шо даьлча, оьрсийн эскархоша йуха а чу а гIоьртина, республикан дерриг латтанаш шайн дола дехира.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG