ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

"Оха а лайна Оьрсийчоьнан агресси". Ичкерин агIончаша – Украинерчу тIамах


Чиллан-бутт бовш Украинана тIелетира Оьрсийчоьнан эскарш, гIаланашна а, ярташна а тIе йетташ ю. ТIамехь дакъалоцуш бу Къилбаседа Кавказера бахархой а, тIехь йоккха терго ю латтош Нохчийчуьрчу тIемалошна. Шайн махкахь оьрсийн эскаршна дуьхьал лаьттина, тахана, шаьш эмиграци йинчу Малхбузен пачхьалкхашкара хуьлучунна тIехь терго латтош болчу нохчашца къамел дира Кавказ.Реалиино Украинерчу тIамах лаьцна.

Эльдин Микаил, тIеман репортер, яздархо, Норвеги

Шеко йоцуш, со даггара Украинехьа ву. Даггара лаьа суна цара шайн маршо а, суверенитет а ларъян. Цхьана хIуманца хьулйина а йоцуш, тесна питана а доцуш [Оьрсийчоьно] дуьхьала яьккхина агресси ю иза.

Оьрсийн агрессорш, пачхьалкхан куьйгалла а  бехкзуламан гIуллакхе озор ду дуьненан юкъараллина хьалха

Вайна хIара тIом оьшуш бацара, амма хIора нохчо шен сица дуьхьалоечаьргахьа хила везаш ву. Вай тIемаш кхул а дикка къаьсташ бара. Уггар хьалха, вай ваьш дара оцу империна дуьхьал. Вай тоьлар ду аьлла, догдохийла йоцчу вайн дуьхьалонан терго еш, тапъаьлла Iаш дара доллу дуьне. Цхьацца долу адамаш а, юкъараллаш а бен яцара вайгахьа дош олуш. Тахана Украинана хуьлуш долу оццул доккха орца вайна хир ду аьлла, дага а ца догIура. Дешнашца латтийна ца Iа – и гIоьналла.

Нохчий Украинехь хила безаш хиларан цхьа а бахьана ца го суна. Амма цигахь хила церан бакъо хиларан доккха цхьа бахьана ду – Оьрсийчоьнна дуьхьала тасавалар.

Арсаев Асланбек, къобал ца йинчу Ичкерин пачхьалкхан кхерамзаллин хилла министр, дивизин инарла

Тахана Украинан дозана тIехь вайна гуш дерг… Со тешна ву, дуьненан юкъаралла гIоттур ю аьлла, украинахойн суверенитет а, маршо а Iалашъян, вайн массеран а ницкъ кхочур бу хIара кхерам, хIара Оьрсийчоьнан зуламе агресси сацон.

Украинаца хилла ца Iа хIара тIом, хIара тIом доллу дуьненна кхерам бу, агрессор соцур вац цхьана Украини тIехь. Цхьа а шеко йоцуш, оьрсийн агрессорш, пачхьалкхан куьйгалхой дуьненан юкъараллина хьалха бехкзуламан жоьпалле озор бу тIеман трибуналехь, шайна догIуш долу таIзар а дийр ду цара динчу тIеман зудамашна.

1994-I996-чу шерашкахь Нохчийчохь хилла историн хиламаш, - вайна массарна а дагайогIу и хан. Нохчийн къоман, цхьана а кхетта, Делах теша а тешаш, ницкъ кхечира агрессоршна тIехь сийлахь толам баккха, уьш хIаллакбен тохар а деш. Вай тешна ду, украинхойн къам а тахана иштта дуьхьал лаьттар ду, цо толам а боккхур бу аьлла. Украинхойн къоме дIахазон лаьа суна: тхо, нохчий, Нохчийн Ичкерия Республика а, шуьгахьа ду, шуьга толам баккхийтархьама тхайга мел далург дийр долуш ду тхо.

Муслим К., Ичкерин политикан гIуллакхдархо, Австри

Уггар хьалха, суна дагатосу, 1994-чу шеран ГIуран-беттан 11-чохь - сайн къомана, сайн махкана дуьхьал йолийна агресси. Со дика кхета, Украинана а, украинхойн къомана а мел боккха кхерам бохьу Оьрсийчоьно, йоллу и эрчо. Суна хетарехь, хIара боккха кхерам бу украинхойн дахарна а, кхерамзаллина а. ХIара агресси емал йийр ю, кхелан къепехь таIзар дийр ду аьлла, дог тешна ву со.

Путинан шех бIобоьлла хилла, билггал долчо дуьхьал ден долчух уьйр хаьдда цуьнан, цундела йолийна цо хIара авантюра

Йа со а, йа сан бераш а Украине баха, цигарчу тIамехь дакъалаца кийча бац. ХIунда аьлча, вайн къомана ишта а даккхий зенаш, эшамаш бина Нохчийчохь хиллачу шина тIамехь, эзарнашкахь, эзарнашкахь байъина кегийнах. Ишта вайна хууш ду, бIеннашкахь, Iехийна, Шема дIабигина, цигахь а кхелхина. Цундела аьттехьа а реза вац со, сан бераша а, нохчийн кегийрхоша а Украинан дозанаш тIехь боьлхучу тIемашкахь дакъа лоцийла.

Кхиндолчу массо а хIуманна тIехь украинхошкахьа ду вай, кеп-кепарчу гуманитаран барамашкахь, акцешкахь дакъалаца а кийча ду. Дуккха а зенаш хилла жима къам ду вай, цундела со реза вац хIокху тIамехь дакъалаца.

Ибрагимов Висита, Австрерчу нохчийн диаспоран векал

Оьрсийчоь Украине гIортар ас емалдо, хIунда аьлча, демократин пачхьалкх ю иза, Оьрсийчоьнан цуьнан кочаяхар бух боцуш ду.

Ткъа Закаевн, шайн лаамехь тIаме баха луучех тобанаш кхолларх дIахьедарх[Ичкерин арахьарчу Iедалан куьйгалхо Ахьмад] дерг аьлча… Вай бакъонан пачхьалкхехь дехаш ду, хIокху мехкан низамаш лардан дезаш а ду. Сан а, сан доьзалан а кху мехкан бахархой бу аьлла, кехаташ дац, цундела тхан бакъо яц украинхойн агIор герзашца тIемаш бан. Низам низам ду-кх.

Со суо митингашкахь хуьлу, иза декхар а хета суна. Оха тхаьш а лайна Оьрсийчоьнан агресси, хIетахь гIад дайначу хьелашкахь дара тхо, цхьана а пачхьалкхо деш гIо а доцуш. Тахана вай емалйо Оьрсийчоьнан агресси, дакъа ца лоцу дуьхьало ярехь, амма тIамна дуьхьал митингашкахь лаьттар ду.

Сулейманов Джамбулат, историк, юкъаралхо, "Барт Маршо" юкъараллин куьйгалхо, Франци

Малхбузенан [Оьрсийчоьнан президентца Владимирца] Путинца Iоттаялар - ца хилча йиш йоцург дара. Малхбузенан мехаллашца цхьатерра болх бойла доцу механизмаш ю Путинан Iедалан бухе ехкина. Амма йоллу Малхбузено кхин геостратегин хеттарш дара луьстуш, шен ма-хуьллу цхьана агIор маслаIат дан гIерташ, Путинан Iедал дIатедан гIерташ, лазаме доцуш и хаттар листархьама, ницкъ ца беш. Оцу доллучо а моттийтира Путинна, Малхбузен цергаш яц, иза массо а хIуманна тIехь юхаер ю, дуьххьара малхбузено буй а бина, Афганистанера а, конфликташ йолчу дуьнена кхечу регионашкара а шен эскарш схьа а даьхна, малхбалерчу Европана тIетаьIира.

Нохчийн догдохийла ю,шайн хьал а юха луьстур ду, кхечу агIор хийцадала а мега, реван эца а тарло, бохуш

ТIом болабалале хьалха ас прогноз еллера, хIинца Малхбузе Оьрсийчоьнна юхаер яц аьлла. Путинан шех бIобоьллера, билггал долчо дуьхьал ден долчух уьйр хаьддера цуьнан, цундела йолийна цо хIара авантюра. ХIинца дуьненан кхозлагIа тIом бала кхерам де дийне къаьсташ а, гуш бу.

Шайн цхьацца пайданаш лоьхуш нохчаша хIокху тIамехь. ХIунда аьлча, и дIахIоьттина къепе, Оьрсийчоьно шен пачхьалкхана чохь Нохчийчоь сецош, адамаллина дуьхьал зуламаш дечу хенахь, - дерриг а тесна дитина дара, хIунда аьлча, доллу малхбузенан дуьненна хьалха кхин а коьрта геостратегин Iалашонаш яра. Ткъа нохчий, йоккхачу дуьненан политикехь, шаьш къаьстина бисира.

Тахана, Украинана юхаяла йиш йоцуш ю Малхбузе, глобалан малхбален Европан юхаяла йиш яц, цундела нохчийн догдохийла ю, шайн хьал а юха листа, юха ловзо, дIадекха мага куц ду аьлла – хьалхарчу тIамехь эшча, Оьрсийчоь реванше ма-гIорттара.

Нохчашна неIарш еллалуш ю яккхийчу таронашка, бIешерашкара шайн лаам, йозуш йоцу пачхьалкх дIахIоттон, кхочушбан. Иштта интерес ю хIокху тIамца нохчийн. ТIаккха йоллу пачхьалкхаш, Оьрсийчоьнца дикка хьакхалуш йолу, цхьана агIор цуьнан сийлахьалла йохон аьтто баккха гIерташ ерш, Путинан Iедал билггал меттахдаккха таро ерш – уьш массо а нохчийн агIончаш хуьлу.

Руслан В., Ичкерин политикан гIуллакхдархо, Норвеги

Со тIамна дуьхьал ву. Путинан рожан рогIера зулам ду аьлла, хета суна хIара! Чиллан-беттан 24-чу дийнахь Оьрсийчоьнан империн политика йоха йолаелла.

Вайна дуьхьал (Нохчийчохь тIемаш боьлхуш - ред) къаьсттина къизалла лелийра, бен-башха а доцуш, тIейиттира, адамаллин мостагIий санна довзийтира вай Оьрсийчоьно. Церан Iалашо яра нохчий хIаллакбар, хьаьшна дIабахар! Украинехь лелош йолу тактика а, стратеги а – курс хийцийта, Iедал шайчуьнца хийца. Нохчийчохь а санна.

Суна хезна Закаев Ахьмадан дIахьедарх, шайн лаамехь болчу, Европехь бехачу нахах тобанаш юзур ю, украинхошкахьа тIемаш бан бахийта, бохуш. ХIа дика ду. Ткъа социалан хIун страховкаш лур ю Закаевс, оцу тIамехь байъинарш даймахка дIабохка муха дIакхехьийта воллу иза? ШахIидаш уьш хир бац, цуьнан шеко а яц! Паччахьо шен пехотинцийн миллион сом аьлла, мах хадийна, ткъа хIун ахчанаш лур ду, тIера да кхелхинчу, Европерчу доьзалашна? Оцу доллучух а Закаевн жоп дала дезар ду, хайпан дуьхьа кхайкхамбарх тоьаш дац. Дуккха а хеттарш ду цкъа хьалха кхузахь листа дезаш.

Бакаева Хазман, Францера йоллу бакъонаш йолу Ичкерин векал

Оьрсийчохь кIезиг бу тIамна дуьхьал берш, вуьшта халкъо йоккхачу тулгIенца дIахьаькхна хир вара Кремлера воккха стаг.

Cуна Оьрсийчоьнан рогIера "толаме блицкриг" ю иза, хIинца Украине, юха а дуьххьарлера бомбанаш лар, танкан зIенийн гIовгIа, Соьлжа-ГIалана штурм яр.

ХIаъ, дуккха а нохчий бу Украинана орцах бовла гIерташ, амма иза официалан структураш йолуш бен дойла яц, конфликт йирзинчул тIаьхьа Европан пачхьалкхаш царна тIаьхьаевлла ца лелийта. Нохчий кIадбелла, шайн даймахкахь лелочу харцонах. Украинана гIодар - массо а маршо езачу къаьмнашна агрессорх хьалхадовларан историкан шанс ю.

Исханов Хьусейн, Венерчу Kulturverein Ichkeria ("Культуран центр "Ичкерия") вовшахтохараллан куьйгалхо, къобал ца йинчу Ичкерин парламентан депутат

Оьрсийчоь Украине гIортарца кхерам го суна тIом Европехь, доллу дуьненахь баржаран, кхозлагIа дуьненан тIом баларе ладоьгIуш ву со. Суна хетарехь, Советан зама юхаденъян гIерташ ву Путин, нехан латтанаш дIа а дохуш.

Украине дIа а дахана, цигахь тIом бар гIоле ду, оьрсий кхуза чу а баьхкина, цаьрца тIом бечул а

Вайна дагайогIу и "зачисткаш", йоллу нах беха эвланашна го а бой, кегийрхойх ка еттара, дIа а буьгий, тоьпаш еттара царна, доьза бовра, адамийн дан хIуммаъ а ца хуьлура.

Оцу нахана къола дора, оцу зударийн лергара, кочара дашон хIуманаш схьайохура, шайн хьаштдерг леладора. Баккхийчарна дагадогIу, амма стенна хаац, кегийрхошна и иэс дIа ца кхачийна цара, цундела шайн берашна цхьана [пачхьалкхан, оьрсийн] структурашкахь белхаш бан магийна цара.

ХIаъ, шайн халкъана пачхьалкх кхолла, нийсонан, демократин, бакъонан пачхьалкх кхолла гIиртина нохчий Iадийна бу тахана оккупаци йинчу Нохчийчохь лелочух, цхьа а бакъонаш яц цхьаьнна а, нах бойъу цигахь, садукъадо, камерашна хьалха а хIиттош, къурд олуьйту, юьртах боху…

Йоллу Европа а, малхбале а хIинца кхета йолалуш ю, нагахь санна, Дала тIе ма догIийла иза, Оьрсийчоьно Украинана тIехь толам баккхахь – доллу дуьненна цунах бала хирг хиларх. Кхузахь карти тIе диллина ду дуккха а хIума, йоьхначу Советан союзан халкъийн кхоллам бу оцу карти тIехь. Цундела хIора лартIахь волчу стеган декхар ду – украинхойн халкъана гIо дар. ТIом бан хуучу – герз карахь, ахча долчо –ахчанца; тIеюхучу бедарца, дашца – массо а хIуманца, шайн ницкъ кхочучу барамехь. Со тешна ву, царна гIо дан дезаш хиларх.

***

Зазадокху-беттан 10-чохь пхийттолгIа де ду Украинана тIелетта. Кремло "леррина операци" ю иза боху, боьдуш берг тIом бу аьллачунна дуьхьал бехктакхаман гIуллакхаш а дохуш. Оьрсийчоьнан куьйгаллина а, пачхьалкхан экономикана а дуьхьала цкъа а ца хиллачу кепара санкцеш яьхна Малхбузен пачхьалкхаша.

Конфликтан шина а агIор тIемаш беш нохчий бу. Оьрсийчоьнан эскара юкъахь болу кадыровхой олурш а, украинхойн эскархошца цхьаьна дуьхьало латтош болу, Ичкерин агIончех шайн лаамехь вовшахкхетта батальонаш а.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG