ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Оьрсийчохь дина хIора пхоьалгIа экономикан зулам Кавказехь хилла ду


Оьрсийчохь динчу экономикан хьажам болчу хIора пхоьлгIачу зуламах - 1379-х 270 - Къилбаседа Кавказехь дина ду. Цунах лаьцна хаам бина Оьрсийчоьнан инарла прокуроран гIовс волчу Кикоть Андрейс ХIинжа-гIалахь дIаяьхьначу националан проекташ кхочушъян хьежийна ахчанаш лечкъорна дуьхьалояран хеттарш дийцаредечу кхеташонехь.

Иштта цо билгалдаьккхина, Къилбаседа Кавказан Федералан Гонашкарчу бакъоларъяран органаша 245 бехкзуламан гIуллакх дуьхьал даьккхина хиларх, националан пректаш кхочушъяран сферехь бинчу талламашна тIехула.

"Стохкалера шо доладелчхьана 1,5 эзар талламбина къоман проекташ кхочуш муха йо хьожуш. 5 эзар низам талхийна меттиг Iорабаьлла. 245 бехктакхаман гIуллакх долийна бакъоларъяран органашца юкъахь бинчу белхан жамIашца", - аьллачу Кикоть Андрейн дешнаш далийна ТАСС агенталло.

Карладоккху, шинарин дийнахь кхеле дIакховдийна Дагестанерчу Цунтинскан кIоштан куьйгалхочунна дуьхьал даьккхина гIуллакх. Иза бехкево миллионашкахь кхаьънаш эцарна.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG