ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Оьрийчоьнан а, Абхазин а авторитетан къуьйшна юкъахь къовсам баьлла


Калашов Захари
Калашов Захари

Абхазерчу зуламхойн кланан куьйгалхочунна Джангвеладзе Мерабна а, Оьрисйчуьрчу зуламхойн гонийн лидерна Калашов Захарийна (Шакро Молодой цIарца гоьваьлла) а юкъахь дов гIаьттина, зуламхойн тIегIанашкахь лаккхара меттиг къевсина.

Джангвеладзен кланера масех къуьйн эла Калашовгахьа дехьаваьлла, оцу тIехула хьалха хилла "куьйгалхо" оьгIазвохуьйтуш. Шайн хьасташна тIетевжина бина цунах лаьцна хаам "Прайм Крайм" портало. Ресурсан информацица, Усть-Лабинскерчу колонехь хан токхучу Молодой Шакрогахьа уьш дехьабовларна декъах ву 57 шо долу Когуашвили Бадри.

Хьалхо хаамашкахь дуьйцура, Охан-баттахь Гуьржийчохь бекхам беш стаг вер бахьана долуш, юха а интересаш тӀеттӀакхетера Калашовн а, Джангвеладзен а бохуш

Журналистийн хаамашца, юкъаметтигаш иръелла "тутмакхийн элийн" герггарчу шинна юкъахь иккхина конфликт бахьана долуш: Кинцурашвили Джейран (Молодой Шакрон агIонча), Квижинадзе Мамука (Сухумский Мерабан агIонча).

Elements рестоаран долахочуьнгара 8 миллион сов даьккхина аьлла, бехкевинчу Калашов Захарийна колонехь даккха 9 шой, итт буттий хан туьйхира 2018-чу шарахь.

Стохка ГIадужа-баттахь зуламхойн иерархехь лаккхара дарж дIалацарх дуьххьара сацам бира. Оцу тIехь кхело бехк тIечIагIбира Молодой Шакронан цхьахволчу накъостна Озманов Шалванна.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG