ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Оьрсийчохь адамаш даларо рекорд хIоттийна 1945-чу шарахь дуьйна дуьххьара


Гайтаман сурт
Гайтаман сурт

Стохка ГIура-баттахь дуьйна кхушара Лахьан-батте кхаччалц лаьрша адамаш даларан терахь алсамдаьлла даьлла Оьрсийчохь 2 миллион 400 эзарал а, хаам бо Свобода Радионо, "Ведомости" газетана тIе а тевжаш.

Демографаша дуьйцург а далош, газето билгалдоккху, цу кепара гайтамаш талхар хилла дацара Сийлахь-боккха Даймехкан тIом боьдуш а бен бохуш: 1941-чу шарахь дуьйна 1945-чу шаре кхаччалц адамаш далар 2-3 лакхара дара. Цул тIаьхьа адамаш даларан уггар лакхара терахь дара 2003-чу шарахь, оцу шарахь дахар дитира 2 миллион 370 эзар Оьрсийчоьнан вахархочо.

Билгалдоккхуш ду, кху тIаьхьарчу 12 баттахь бахархойн терахь лахдалар герга гIоьртина хилар 1 миллионнна, ткъа иза уггар лакхара гайтам бу кху тIаьхьарчу 20 шарахь.

Алсам адамаш даларан бахьана ду COVID-19 ун даржар. Коронавирусца къийсам латторан оперативан штабо дийцарехь, цхьана Лахьан-баттахь коронавирусан ун даларх а, цуьнан тIаьхьалонаш а бахьана долуш хIора дийнахь леш вара юккъерчу барамехь 1 222 стаг.

Делахь а, демографаш билгалдоккхуш ма хиллара, бахьана цхьана коронавирусах доьзна хилла ца Iан: 200 эзар сов стаг алсам валаран бахьана оцу цамгарца доьзна дац. ЦхьамогIа эксперташна хета, махкара могушалла ларйон система ницкъ хилар ловш ю аьлла.

Иштта тIех сов адамаш даларна Iаткъам бина бахархой къанлуш хиларо а: 2020 шо долалуш нагахь 60-къа шарал тIехбевлла Оьрсийчуьра бахархой 32,8 миллион хиллехь, хIара шо долулуш церан терахь дара - 33,5 млн. Цул сов, масех эзар стаг алсам валаран бахьана ду наркотикаш лелор а, корта бахо маларш мелар а.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG